Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 4:02

[1] ТӀаккха АгӀарипа-паччахьо элира ПахӀале: «Къамел дан мегар ду хьуна», – аьлла. ПахӀала, куьг хьала а айина, ша бехказавоккхуш къамел дира:

[2] «Паччахь АгӀарипа! Жуьгташа сайна дуьхьал дуьйцучунна тахана хьуна хьалха сайн бехказавала аьтто хиларна со ирс долуш хета суна,

[3] хьо жуьгтийн гӀиллакхаш а, къовсаме долу хӀуманаш а девзаш хиларна муххале а. Цундела доьху хьоьга собарца сайга ладогӀар.

[4] Массо а жуьгташна хаьа, со жима волуш дуьйна а сайн халкъана юкъахь а, юха Ярушалаймехь а муха ваьхна.

[5] Царна со вевза дуккха а хан ю, цундела церан тоьшалла дан йиш ю, шайна лиъча, со парушхо а хилла, вайн динаца догӀуш долу уггар къовламе хьехамца вехаш Ӏаш хилар.

[6] ХӀинца со кхелана хьалха лаьтташ ву, Дала вайн дайшна делла дош кхочушхиларе сатесна хиларна.

[7] Цунна сатесна ду тхан халкъан шийтта тайпа, дийнахь а, буса а Далла даггара гӀуллакх а деш. Оцу сатийсамна бехкево со жуьгташа, ва паччахь.

[8] Хила йиш йоцуш хӀунда хета шуна Дала беллачуьра нах денбар?

[9] Со а вара тешна, Назартарчу Ӏийсах лаьцна долчунна дуьхьал дуккха а хӀума дан деза аьлла.

[10] И дерриг а дора ас Ярушалаймехь: Ӏийсах тешна беза нах набахти чу кхуьйсура, динан дайшкара бакъо а яьккхина, и нах байар къобал а дора.

[11] Ас таӀзар дора царна массо а жуьгтийн гуламан цӀеношкахь, уьш шайн дина тӀера юхабовлийта гӀерташ. Сайн царна дуьхьал йолу оьгӀазалла сел чӀогӀа хиларна, кхечу гӀаланашка а воьдура со уьш схьалеца».

[12] «Оцу гӀуллакхна цкъа Дамасакхе воьдуш вара со, динан коьртачу дайшкара бакъонаш а яьхна, цара тӀедехкина декхарш а эцна.

[13] Делкъахан хуьлучу хенахь, ва паччахь, тхо новкъа схьадогӀуш, стигалара цӀеххьана малхачул а чӀогӀа серло кхийтира. И серло тхуна гонах хӀоьттира.

[14] Тхо массо а лаьтта охьаийгира. Юха сайга лерина долу аз хезира суна, арамхойн маттахь къамел деш: „Маржа Шаул яӀ! Соьга бала хӀунда хьоьгуьйту ахь? Туьран дитт а хилла дуьхьалваьлла, хьайна зе хӀунда до ахь?“

[15] Ас хаьттира: „Хьо мила ву, Веза Эла?“ Везачу Эло жоп делира: „Со ахь хьийзош волу Ӏийса ву.

[16] ХьалагӀатта когаш тӀе. Со веана, хьуна гиначун а, гун долчун а хьо теш а, гӀуллакх кхочушдархо а вина, дӀахӀотто.

[17] Ас кхечу къаьмнийн нах болчу вохуьйту хьо. Хьайн халкъах а, кхечу къаьмнийн нахах а Ас кӀелхьарвоккхур ву хьо.

[18] Церан бӀаьргаш схьадиллина, боданера серлоне а баьхна, иблисан олаллина тӀера Далла тӀеберзор бу ахь уьш, царна гечдар хилийтархьама а, Сох болу тешам бахьана долуш, Делан базбинчу нахана юкъахь церан меттиг хилархьама а“».

[19] «Цундела, АгӀарипа-паччахь, ас дуьхьало ца йира стигалара сайна хӀоьттинчу бӀарлагӀина.

[20] Со кхайкхам бан волавелира цкъа хьалха Дамасакхехь а, Ярушалаймехь а, берриг а ЯхӀуд-махкахь а, юха кхечу къаьмнийн нахана юкъахь, уьш дохко а бевлла, Далла тӀе берзийтархьама, шайн гӀуллакхашца дохкобовлар цаьрга гайтийтархьама.

[21] Цу бахьаненна, Делан цӀа чохь волуш, схьа а лаьцна, со вен гӀоьртира жуьгтий.

[22] Амма Дала гӀо дира суна, таханалера де кхачале а. Цуьнан гӀоьнца лаьтташ ву со тахана кхузахь хьалдолчу а, къечу а нахе тоьшалла деш, кхин хӀумма а ца дуьйцуш, пайхамарша а, Мусас а хир ду аьлларг бен:

[23] Дала леррина Къобалвинарг, баланаш а хьегна, кхелхинчул тӀаьхьа, беллачех гӀаьттина хьалхарниг хир ву. Цо яхьар ю серло жуьгтийн халкъана а, кхечу къаьмнийн нахана а».

[24] ПахӀалан къамел чекхдалале Виситас чӀоггӀа элира: «ПахӀал, хьо хьераваьлла! Дукха дешаро талхийна хьо!»

[25] «Со хьераваьлла вац, лоруш волу Висита, – аьлла, жоп делира ПахӀала. – Ас дуьйцург нийса а, хьекъале а ду.

[26] АгӀарипа-паччахьна дика девза хӀара санна гӀуллакхаш, цундела ас паргӀат дуьйцу цуьнца. Со тешна ву, цуьнан тидамера хӀумма а даьлла дац, хӀунда аьлча хӀара дерриг а ломал дехьа хилла дац, массеран а бӀаьргашна хьалха хилла ду.

[27] Паччахь АгӀарипа, пайхамарех теший хьо? Хаьа суна, хьо теший».

[28] ТӀаккха АгӀарипас элира ПахӀале: «Иштта атта со Ӏийсах тешначех дӀакхетар ву моьтту хьуна?»

[29] «Хьесапе дац, атта я хала ду иза, – жоп делира ПахӀала, – амма ас Деле доьху, хьо хилла ца Ӏаш, массо а тахана соьга ладугӀушверг, со санна, хилийта бохуш, амма гӀоьмаш тоьхна тутмакхаш ца хуьлуш».

[30] ТӀаккха паччахь хьалагӀаьттира, цуьнца цхьаьна хьалагӀевттира мехкан куьйгалхо а, Беруника а, берриш а цаьрца Ӏийнарш а.

[31] Цара, ара а бевлла, бохура вовшашка: «Цу стага иза вен я чуволла цхьа а бахьана ца далийтина».

[32] АгӀарипас элира Висите: «И стаг хӀинцца дӀахеца мегар дара, цо Рим-мехкан паччахьна хьалха хӀотта лаьа шена ца аьллехь».

Ӏийсан векалийн гӀуллакхаш — Chapters