[1] Апа-Леса Коринтехь волчу хенахь, ломан некъашкахула чекх а ваьлла, Эпас-гӀала веара ПахӀал. Цигахь масех мурд а карийна,
[2] цо хаьттира: «Шаьш Ӏийсах тешначу хенахь Делан Са тӀеийцирий аша?» – аьлла. Цара элира цуьнга: «Тхуна-м ца хезна Делан Са адамашна тӀедуссу бохуш».
[3] «ТӀаккха хих чекхдовлар муьлхачу тайпана хилла шун?» – аьлла, хаьттира цо. «Яхьъяс Ӏама ма-дарра хилла-кх», – аьлла, жоп делира цара.
[4] Юха ПахӀала элира: «Яхьъяс хих чекхдахар, стаг, дохко а ваьлла, Далла тӀевирзина аьлла, дара. Цо кхойкхура шена ТӀаьхьавогӀучух тешаре, ма-дарра аьлча, Ӏийсах тешаре».
[5] И шайна хезча, цара шаьш Везачу Элан Ӏийсан дола довлуш, хих чекхдахийтира.
[6] ПахӀала тӀе куьйгаш а дехкина, царна тӀе Делан Са доьссича, уьш тайп-тайпана тамашийна меттанаш дийца а, Делера болу хаам бан а хӀиттира.
[7] Уьш верриг а шийтта гергга стаг вара.
[8] ПахӀала жуьгтийн гуламан цӀийне а веана, кхаа баттахь, ца кхоьрруш, хьеха а хьийхира, къийса а къийсира, жуьгтий ша Делан Олаллех лаьцна дуьйцург бакъ хиларх тешо гӀерташ.
[9] Амма царах цхьаберш, дар а белла, Ӏийсах ца тешна юхабевлира, нахана хьалха Везачу Элан некъах лаьцна харцдерг а дуьйцуш. ПахӀал уьш болчуьра дӀавахара, шеца Ӏийсан мурдаш а эцна. Цо хӀора дийнахь къуьйсура Тиранан долахь долчу, нах гуллучу цӀийнехь.
[10] Иштта шина шарахь хилира, цундела Асиа-махкахь бехачу берриг а жуьгташна а, грекашна а Везачу Элах долу дош хезнера.
[11] Дала ПахӀалан куьйгашца инзаре хӀуманаш дора.
[12] Цо куьг тоьхна йовлакхаш а, хьалха ухкурш а дӀа а кхоьхьуш, цомгуш болчу нахана тӀейохкура. Цу нахана дарба хуьлура, ткъа жинаш долчарна чуьра уьш арадовлура.
[13] ГӀалара гӀала а боьлхуш, нахана чуьра жинаш арадохуш лелаш болу цхьаболу жуьгтий, цомгушчу нахана тӀехӀиттича, Везачу Элан Ӏийсан цӀе йоккхуш хуьлура: «ПахӀала Шех лаьцна дуьйцучу Ӏийсан дуьхьа арадала цу стагана чуьра», – олий.
[14] Изза дора жуьгтийн динан коьртачу ден Сакхавин ворхӀ кӀанта а.
[15] Амма цкъа жино элира цаьрга: «Ас Ӏийса а къобалво, ПахӀал а вевза суна, ткъа шу муьлш ду?» – аьлла.
[16] И жин шена чохь долу стаг вежарех летира. Етта а йиттина, церан хӀуманаш, этӀош, дӀа а кхийсина, царна тӀехь толам баьккхира цо. Берзина, чевнаш йина а болуш, цу цӀа чуьра аралилхира вежарий.
[17] И хилларг Эпас-гӀалахь бехачу массо а жуьгташна а, грекашна а хиира. Уьш чӀогӀа кхерабеллера. Везачу Элан Ӏийсан цӀе кхин а сов лорура цара.
[18] Дуккха а Ӏийсах тешнарш богӀура шайгара девллачу къинойх лаьцна дийца а, даре дан а.
[19] Ткъа бозбунчалла лелийначу дуккха а наха, шайн тептарш гул а дина, массарна а хьалха дагийра. Церан мах лерича, иза бара шовзткъе итт эзар драхма цӀе йолу дато ахча.
[20] И тамашийна хиламаш бахьана долуш Везачу Элах долу дош шуьйра даьржаш а, нуьцкъала хуьлуш а дара.
[21] И хӀума хиллачул тӀаьхьа Македонехула а, Ахаехула а Ярушалайме ваха сацам бира ПахӀала. Цо элира: «Цигахь хилча, со Рим ган а декхарийлахь ву», – аьлла.
[22] Цо шен накъостех шиъ, Тимапи а, Арсати а, Македоне вахийтира, ткъа ша Асиахь сецира.
[23] Оцу муьрехь Везачу Элан некъана дуьхьал дуккха а адамийн карзахдовлар хилира.
[24] Дамарти цӀе а йолуш, цхьа дато пхьар вара Ӏаш. Цо детих Артеми цӀе йолчу цӀунна лерина кегийра цӀенош дора. Цо а, цуьнан накъосташа а бечу балхо царна дуккха а пайда хуьлуьйтура.
[25] Дамартис, шен накъостий а, кхин пхьераш а гулбина, элира: «Вежарий, шуна хаьа, вайн белхах вайна дика пайда хуьлийла.
[26] Шуна гуш а, хезаш а ду оцу ПахӀала хӀокху Эпас-гӀалахь хилла ца Ӏаш, ерриг а Асиа-махкахь адам тешийна хилар, адамийн куьйгашца кхоьллина деланаш, деланаш бац бохуш.
[27] Вайна хӀоьттина болу кхерам, хӀара вай беш болу болх нахана дош ца хетар хилла ца Ӏа. Вайн сийлахьчу зуда-делан Артемин цӀа хӀумма а доцург хир ду, ткъа цуьнан шен а, ерриг а Асиа-махко а, дуьнено а лоруш йолчу, сийлалла довр ду».
[28] И къамел а хезна, оьгӀазбахана уьш маьхьарий хьекха хӀиттира: «Сийлахь ю Эпасера Артеми!» – бохуш.
[29] Ерриг а гӀала карзахъелира. Адамаш гӀалахь нах гуллучу метте – театре дӀахьаьлхира, шайца ши македонхо, ПахӀалан накъостий, Гаяс а, Арестах а, такхийна.
[30] ПахӀал нах гулбеллачу метте ваха лууш вара, амма мурдаша ца вахийтира иза.
[31] Цу хенахь Эпас-гӀалахь Ӏаш болчу кхуьнан доттагӀаша, Асиин маьӀ-маьӀӀерачу меттигашкара куьйгалхоша шайн хьадалчаш бахкийтира нах гулбеллачу ма гӀахьара аьлла.
[32] Цу хенахь вовшахкхетта нах боьхна бара. Цхьаболчара, цхьаъ бохуш, маьхьарий деттара, вукхара – важа, ткъа дукхахболчарна шаьш хӀунда гулделла а ца хаьара.
[33] Жуьгташа аларца нахана юкъара Искандар цӀе йолу цхьа стаг схьаваьккхира. Иза, куьг а айина, адамийн гӀовгӀа сацо гӀоьртира, дерг дийцархьама.
[34] Амма иза жуьгти вуй хиъча, наха цхьабосса маьхьарий хьаькхира. Шина сахьтехь гергга диттира цара маьхьарий: «Сийлахь ю Эпасера Артеми!» – бохуш.
[35] ГӀалара йозанчас дӀатедира адам: «Эпасера нах! Дуьнен чохь хьанна ца хаьа, Эпас-гӀала сийлахьчу Артемин цӀа а, стигалара охьабоьжна, беза лоруш болу тӀулг а ларбеш юйла?
[36] Цуьнан шеко йоцу дела шу синтеме а, сих ца луш а хила деза.
[37] Аша кхуза хӀара ши стаг валийна, амма кхара вайн Артемин цӀа чуьра хӀумма а ца лачкъийна, я цунна лен а ца лийна хӀорш.
[38] Нагахь санна Дамарти а, цуьнца болу кхин пхьераш а цхьаъ бехке хеташ белахь, царна кхел а ю, кхелахой а бу: вовшашка кхеле кхайкха, шайна лаахь.
[39] Нагахь санна шун кхин ала а, хатта а хӀума делахь, иза вай чӀагӀбинчу гуламехь къастор ду.
[40] Тахана хиллачу хӀокху гӀовгӀанашна вай бехке дарна кхерам бу. Цхьа а бахьана дац хӀара хилларг нийса дара ала». Иза а аьлла, цо адам дӀадахийтира.