[1] Тхан Итали даха деза аьлла, сацам хиллачул тӀаьхьа ПахӀал а, кхин цхьацца болу тутмакхаш а Юлай цӀе йолчу тӀеман хьаькаме дӀабелира. Иза Рим-мехкан паччахьан цӀарахчу эскаран декъан эпсар вара.
[2] Асиа-махка доьдучу Адрамитти-гӀалин хӀордкеманна тӀе а хевшина, новкъадевлира тхо. Тхоьца Арестах цӀе йолу Тассалник-гӀалара македонхо а вара.
[3] ШолгӀачу дийнахь тхо ЦӀадан-гӀалахь охьадевлира кеманна тӀера. Юлай ПахӀале ларам болуш хилира. Цо цунна бакъо елира оьшучунна тӀехь гӀо дийр долу накъостий болчу ваха.
[4] Цигара хӀорда тӀе арадевлла, мох кӀезиг болчу агӀор, Кипр-гӀайре йолчухьа дахара тхо, дуьхьал хьоькхуш мох хиларна.
[5] Киликана а, Пампилна а дуьхьал болчу хӀордал дехьа а девлла, Ликин-махкарчу Мир-гӀала кхечира тхо.
[6] Цигахь Искандар-гӀалара Итале-махка догӀу хӀордкема а карийна, цу тӀе ховшийра тхо тӀеман хьаькамо Юлайс.
[7] Масех дийнахь меллаша дӀадоьлхуш дара тхо. Мох дуьхьал хьоькхуш хиларна, Кинад-гӀалина дуьхьал нисделча, цу агӀор кхидӀа даха а ца делла, Крит-гӀайренна улло дахара тхо, Салмон цӀе йолчу берда юххе а теӀаш, цигахь мох кӀезиг болу дела.
[8] Халла цунна уллохула тӀех а девлла, Ласи-гӀалина гена йоцучу, шех Дика дӀахӀуттийла олучу метте кхечира тхо.
[9] Дуккха а хан яьллера тхо новкъа девлла. КхидӀа даха кхераме дара, хӀунда аьлча гуьйренан чаккхе яра, жуьгтийн халкъ къинойх цӀиндаларан деза де а чекхдаьллера. ПахӀала, хьехар деш, бохура:
[10] «ЛадогӀийша! Со гуш ву хӀара некъ кхераме хирг хилар, кеманна а, цу тӀерачу кирана а хилла ца Ӏаш, вайн дахарна а».
[11] Амма хӀорш эцна воьду тӀеман хьаькам хӀордкема долахь долчух а, и дӀадохуьйтуш куьйгалла деш волчух а алсам тийшира, ПахӀала дуьйцучул а.
[12] Кхеран кема дӀахӀоьттина меттиг Ӏа даккха пайденна яцара, цундела дукхахберш Крит-гӀайре тӀехь йолчу Пиника-гӀала хӀордахула дӀабаха лууш бара. Къилба-малхбузера а, къилбаседа-малхбузера а мехашна дуьхьал йолчу цу меттехь Ӏанера бовла лаьара царна.
[13] Къилбера байн мох хьаькхча, царна моьттира иза шайна оьшург ду. Кема сацориг хьала а яьккхина, Крит-гӀайре йистехула дӀабахара уьш.
[14] Амма дукха хан ялале гӀайре йолчу агӀорхьара шех къилбаседа-малхбалера олу чӀогӀа мох хьаькхира.
[15] ХӀорд ловзабаьллачу юккъе а нисделла, мохана дуьхьал ца дахалора хӀордкема. Мохо шена луъучу агӀор дӀасакхуьссура тхо.
[16] Кавда цӀе йолчу жимачу гӀайре тӀе, мох кӀезиг болчу агӀорхьа, даьхьира тхан кема, цигахь дукха хала дӀатесира оха пийсакаш хьокху жима кема.
[17] Иза, хьала а даьккхина, стаммий машшашца дӀа а доьхкуш, хӀордкема чӀагӀдира оха. Хинан кӀоргалла жима йолчохь, Суьрти цӀе йолчу меттигехь бохам хиларна кхоьруш, кеманан гата охьа а дахийтина, хӀорда тӀехула дӀахецаделира тхо.
[18] ШолгӀачу дийнахь хӀорд чӀогӀа ловзабаларна, кеманна тӀера кира хи чу кхосса долийра.
[19] Ткъа кхозлагӀчу дийнахь хӀордкеманан цхьа боккха гӀирс чукхоьссира кеманхоша шайн куьйгашца.
[20] Масийтта дийнахь я малх, я седарчий гучу ца довлура, ткъа хӀордан ловзабалар дӀатуьйш дацара. Тхо кӀелхьардевр ду аьлла йолу муьлхха а сатуьйсийла дӀаяьллера.
[21] Дукха хан яра цхьаммо а хӀума яаза. ТӀаккха ПахӀала, хьала а гӀаьттина, элира: «Нах, шу соьга ла а доьгӀна, Крит-гӀайре тӀехь севцнехь, хӀара зенаш а лан дезар дацара, хӀумма а дӀакхосса езар яцара вайн.
[22] ХӀинца собаре хиларе кхойкху ас шуьга, хӀунда аьлча шух цхьа а лийр вац, кема бен хӀаллакьхир дац.
[23] Сийсара буса со Шен волу а, ас Шена гӀуллакх дечу а Делан малик деара суна тӀе.
[24] Цо элира: „Кхера ма лолахь, ПахӀал! Хьо Рим-мехкан паччахьна хьалха хӀотта дезаш ву, Дала хьан доӀанна жоп делла, цундела хьо а, хьоьца кеманна тӀехь берш а дийна буьсур бу“.
[25] Цундела доха ма дохалаш, доттагӀий, со теша, Дала сайга ма-аллара, вайца дерг хирг хиларх.
[26] Амма вай билггала цхьаьна гӀайре тӀе охьакхуьссур ду».
[27] ЕйтталгӀа буьйса тӀекхаьчча, тхо Адира цӀе йолчу хӀорда тӀехула хьош дара. Буьйса юккъе яхача, хӀордкеманхошна уллохь латта хааделира.
[28] Хин кӀоргалла юьстича, ткъа сажа юьйла хиира. Юха жимма дехьадевлла юьстича, пхийтта сажа карийра.
[29] Хин бухулара тӀулгаш тӀе кхетарна кхоьруш, кема сацош, тӀехьара йиъ кема сацориг хи чу а кхоьссина, де тӀекхачаре сатуьйсуш Ӏара уьш.
[30] Ткъа кеманхой, жима кема хи чу охьа а хецна, кеманан буьххьера кема сацориг чукхуссучуха, бовда гӀоьртира.
[31] Амма ПахӀала элира тӀеман хьаькаме а, тӀемалошка а: «Нагахь уьш кеманна тӀехь ца совцахь, шу а кӀелхьардевр дац».
[32] ТӀаккха тӀемалоша, жима кема дӀатесна долу машшаш а хедийна, иза чудожийра.
[33] Сахуьлучу хенахь ПахӀала дехар дира массаьрга а, хӀума яахьара аьлла: «Тахана дейтталгӀа де ду вай сатийсамехь долу, аша цу ерриге а хенахь хӀума ца йиъна.
[34] Цундела доьху шуьга хӀума яа, хӀунда аьлча иза шуна дахар лардан оьшу. Шу цхьаннен а коьрта тӀера чо а бужур бац».
[35] Иза а аьлла, бепиг, схьа а эцна, массарна а хьалха Далла хастам а бина, декъа а декъна, даа хӀоьттира ПахӀал.
[36] ТӀаккха массара а, дог иракарахӀоьттина, хӀума йиира.
[37] Верриг а хӀордкеманна тӀехь ши бӀе кхузткъе ялхитта стаг вара.
[38] Тоъал хӀума а йиъна, кема дисина долчу киранах паргӀатдаккха хӀиттира уьш, кӀа хӀорда чу а кхуьссуш.
[39] Ӏуьйре тӀекхаьчча, царна латта ца девзира, амма гӀамаран легӀана берд гира. Аьтто балахь берда тӀедовла барт хилира церан.
[40] Кема сацорех, уьш хӀорда чу дӀа а хецна, паргӀат а девлла, кеманан тӀам бихкина машшаш а хедийна, буьххьера жима гата махаца а нисдина, бердехьа бахара уьш.
[41] Амма гӀамарла а дахана, меттах а ца далалуш дисира хӀордкема, ткъа цуьнан тӀехье ондачу тулгӀенаша йохош яра.
[42] Тутмакхаш неканца ца бовдийта байа дог хилира тӀемалойн.
[43] Амма ПахӀал ца вейтархьама тӀеман хьаькамо совцийра уьш. Цо омра дира, нека хууш берш, чу а лелхий, лаьтта тӀе кхача аьлла.
[44] Ткъа вукхаьрга, карадеана у я кхин йолу хӀума схьа а лоцуш, берда тӀе гӀо элира. Иштта, цхьанна а зе ца хуьлуш, массо а берда тӀе хьалавелира.