[1] Царах дӀа а къаьстина, тхо нийсса Кос-гӀайре тӀе дахара. ШолгӀачу дийнахь Родос-гӀайре тӀе кхечира, ткъа цигара Патару-гӀала дахара.
[2] Тхуна Пиника-махка доьдуш долу хӀордкема карийра. Цу тӀе а девлла, дӀадахара тхо.
[3] Къилбаседехула Кипр-гӀайрена тӀех а девлла, тхо Сири-махка дахара. Цигахь Цора-гӀалахь севцира, хӀунда аьлча хӀордкема дассо дезаш дара.
[4] Цу гӀалахь Ӏийсан мурдаш а карийна, цаьрца цхьа кӀира даьккхира оха. Делан Сино хьехарна цара элира ПахӀале, Ярушалайме ма гӀахьара аьлла.
[5] Тхан цигара хан чекхъяьлча, тхо кхин дӀа а дахара. Цара массара а шайн зударшца а, берашца а тхо гӀалара новкъа дехира. ХӀордан йистехь, гора а хӀиттина, доӀа дира оха.
[6] Церан хӀораннан Ӏодика а йина, тхо хӀордкеманна тӀе девлира. Ткъа уьш шайн цӀа бирзира.
[7] Цора-гӀалара кхидӀа а тхайн некъ бира оха. Ӏаккхо-гӀалахь севцина, динан вежаршка маршалла а хаьттина, цаьрца цхьа де даьккхира оха.
[8] ШолгӀачу дийнахь новкъа девлла Кхесрин-гӀала кхечира тхо. Ярушалаймехь хаьржинчу ворхӀ гӀоьнчех цхьаннан, хаза кхаъ нахана юкъахь баржош болчу Пилапан хӀусамехь севцира тхо.
[9] Цуьнан маре яхаза йиъ йоӀ яра. Уьш Делера болу хаам бовзуьйтуш бара.
[10] ЯхӀуд-махкара Агав цӀе йолу пайхамар вале, оха масех де даьккхира цигахь.
[11] Тхо долчу а веана, ПахӀалан доьхка схьа а эцна, шен когаш а, куьйгаш а дихкина, элира цо: «Делан Сино боху: „ХӀара доьхка долу стаг, иштта дӀа а вихкина, кхечу къаьмнийн нахе дӀалур ву Ярушалаймера жуьгташа“».
[12] Иза а хезна, тхо а, цигахь болу нах а, ПахӀале Ярушалайме ма гӀахьара бохуш, дехарш дан хӀиттира.
[13] ТӀаккха ПахӀала элира: «ХӀун до аша, хӀунда доьлху шу, сан дог а дохош? ДӀавехкарна хьовха, Везачу Элан Ӏийсан дуьхьа Ярушалаймехь вала а кийча ву со».
[14] Цуьнан ойла хийца ницкъ а ца кхаьчна, оха, совца а севцина, элира: «Везачу Элан лаам кхочушхуьлда».
[15] Юха, кечам а бина, Ярушалайме дахара тхо.
[16] Кхесрин-гӀалара цхьаболу мурдаш баьхкира тхоьца. Цара тхо дуьххьарлерчу мурдех волчу Кипрерачу Мансонна тӀе дигира. Цуьнан хӀусамехь севцира тхо.
[17] Ярушалайме дӀакхаьчча, динан вежарша дика тӀеийцира тхо.
[18] ШолгӀачу дийнахь ПахӀал тхоьца Якъуб волчу веара. Иза волчохь берриге а тхьамданаш гулбеллера.
[19] Цаьрга маршалла а хаьттина, ПахӀала дийцира шегахула кхечу къаьмнийн нахана юкъахь Дала динчух лаьцна.
[20] Дийцинарг а хезна, Далла хастам а бина, цара элира ПахӀале: «Ваша, хьуна дуккха а эзарнаш Ӏийсах тешна жуьгтий хилар гуш ду. Уьш массо а товратан хьехамаш ларбеш а бу.
[21] Хьох лаьцна цаьрга олура, кхечу къаьмнийн нахана юкъахь Ӏаш болу жуьгтий ахь Ӏамабо, Муса-пайхамарах дӀакъаста бохуш, шайн бераш сунт ма де бохуш, вайн гӀиллакхаш ма леладе бохуш.
[22] ТӀаккха хӀун дан деза оха? Царна хуур ма ду хьо веанийла.
[23] Оха ма-аллара де: тхуна юкъахь нигат дина виъ стаг ву.
[24] Уьш схьа а эций, цӀинваларан Ӏадатах чекхвала. Кортош дошуш церан хиллачу харжах ахча дӀа а ло. ТӀаккха хӀоранна а хуур ду, хьох лаьцна дуьйцург цхьа а бакъ доций, хьо товратан хьехамаш кхочушбеш вуйла.
[25] Ткъа Ӏийсах тешна болчу кхечу къаьмнийн нахе оха кехат яздина, цӀушна сагӀина деана жижиг а ма даа, цӀийх а ларло, садукъдина дайинчу бежанийн жижиг а ма даа, нахаца а ма лела аьлла».
[26] ПахӀала, билгалбаьхна нах схьа а эцна, шолгӀачу дийнахь цаьрца цӀинваларан Ӏадат кхочушдира. Юха, Делан цӀийнан керта а веана, цо хаам бира, шайн цӀиндаларан денош чекх маца девр ду а, шайх хӀораннах а сагӀа маца доккхур ду а аьлла.
[27] ВорхӀалгӀа де чекхдолуш Асиа-махкарчу жуьгташна Делан цӀийнан кертахь гира иза. Дерриг а адам карзах а даьккхина, цара ПахӀал схьалецира,
[28] маьхьарий а детташ: «Исраилхой! ГӀо дейша! ХӀара массанхьа а нах товратан хьехамашна а, вайн халкъана а, Делан цӀенна а дуьхьалбохуш ву. Ткъа хӀинца, Делан цӀийне кхечу къомах болу нах – грекаш – а балийна, сийлахьа меттиг бехйина кхо».
[29] (Хьалха, Ярушалаймехь, Эпас-гӀалара ТрахӀим гинера нахана, цундела моьттура царна цо иза Делан цӀийне валийна.)
[30] ГӀала карзахъяьллера, массо а агӀора адамаш дара схьауьдуш. Цара, схьа а лаьцна, ПахӀал Делан цӀийнан кертара аратакхийра. НеӀарш цу сохьта тӀекъевлира.
[31] Иза вен гӀертара уьш. ТӀеман коьрта хьаькамна тӀе хаам кхечира, ерриг а Ярушалайм карзахъяьлла ю аьлла.
[32] Цу сохьта тӀемалой а, эпсарш а схьа а эцна, нахана тӀевахара иза. ТӀеман коьрта хьаькам а, тӀемалой а гина, ПахӀална еттачуьра севцира уьш.
[33] ТӀаккха тӀеман коьрта хьаькам цунна тӀевахара. ПахӀал схьа а лацийтина, иза шина зӀенаца дӀавехка аьлла, омра дира цо. ПахӀале иза мила ву, цуьнгара хӀун даьлла аьлла, хаьттира цо.
[34] Нахана юкъахь, цхьаболчара цхьаъ, вукхара важа дуьйцуш, маьхьарий девлира. ГӀовгӀа хиларна бакъдерг къаста а ца делла, ПахӀал гӀопе дӀавигийтира тӀеман коьртачу хьаькамо.
[35] Лами улло иза вигича, тӀемалойн иза айина вига дийзира, нах дукха оьгӀазбахана, цунах лата гӀерташ хиларна.
[36] Цунна тӀаьхьабогӀучу наха маьхьарий хьоькхура: «Ве иза!» – бохуш.
[37] ГӀопана улло кхочуш, ПахӀал тӀеман коьртачу хьаькаме вистхилира: «Хьоьга хатта мегар дуй ас?» Вукхо элира: «Хьуна грекийн мотт хаьа?
[38] ХӀета, хьо виъ эзар талорхо яьссачу ара а ваьккхина, гӀаттам айина мисархо вац-кх?»
[39] ПахӀала жоп делира: «Со Килик-махкара Тарс-гӀалара жуьгти ву, евзаш йолчу гӀалин вахархо. Ас доьху хьоьга, бакъо лохьа суна нахаца къамел дан».
[40] Вукхо бакъо елча, ПахӀала, ламин тӀегӀанаш тӀе а хӀоьттина, нах совцо куьг айира. Массо а дӀатийначу хенахь иза Ӏебархойн маттахь къамел дан хӀоьттира.