Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 6:48

[1] Кхесрин-гӀалахь Ӏаш вара Корнил цӀе йолу цхьа стаг. Иза Италера полкан эпсар вара.

[2] Иза ша а, цуьнан доьзал а суьпа а, Делах кхоьруш а нах бара. Цо мискачу нахана сагӀа а лора, гуттар а Деле доӀанаш а дора.

[3] Цкъа цхьана дийнахь делкъал тӀаьхьа кхо сахьт долуш Корнилна сурт хӀоьттира. Цунна дика къаьсташ Делан малик гира. ХӀара волчу а деана, малико элира: «Корнил!»

[4] Кхеравелла, цуьнга дӀахьаьжира Корнил. «ХӀун боху ахьа, Эла?» – хаьттира цо. Малико жоп делира: «Хьан доӀанашна а, сагӀанашна а Дала жоп делла.

[5] Яппи-гӀала нах а бахийтий, шех Кипа олучу ШамӀе схьакхайкха.

[6] ЦӀокарчашна дабагӀа дечу ШамӀин цӀа чохь, хӀорда йистехь сецна хьуна иза».

[7] Шеца къамел дина малик дӀадахча, Корнила шина ялхочуьнга а, ша куьйгалла дечу, Делах кхоьручу цхьана тӀемалочуьнга а схьакхайкхира.

[8] Дерриге а хилларг а дийцина, уьш Яппи-гӀала бахийтира цо.

[9] ШолгӀачу дийнахь бахийтинарш гӀалин йисте кхочуш, Кипа доӀа дан цӀийнан нийсачу тхов тӀе хьалавелира.

[10] Мац а велла, яа хӀумане сатесира цо. Чохь болчара кхача кечбечу муьрехь шовкъ еара цунна.

[11] Еллаелла стигал а, еа маьӀӀера дӀалаьцна, лаьтта охьайоуьйтуш йоккхачу шаршух тера йолу цхьа хӀума а гира цунна.

[12] Цу шаршу юкъахь биъ ког болу тайп-тайпана дийнаташ а, текхаргаш а, олхазарш а дара.

[13] Юха цхьана озо элира цуьнга: «Кипа, хьала а гӀаттий, яйа а яйий, яа уьш», – аьлла.

[14] Амма Кипас элира: «Ма ала иза соьга, Веза Эла! Ас цкъа а ца йиъна хьарам йолу хӀума».

[15] ТӀаккха озо кхин цкъа а элира: «Дала магийтина хӀума хьарам ма хета».

[16] Иштта кхузза хилира, тӀаккха цу сохьта шаршу юха а стигала хьалаяьхьира.

[17] Кипа ойла еш лаьттара, шена хӀоьттина сурт хӀун маьӀна долуш ду те бохуш. Цу хенахь Корнила бахкийтина нах, ШамӀин цӀенош а карийна, кевнна хьалха севцира.

[18] Мохь а тоьхна, хаьттира цара: «Шех Кипа олу хьаша ШамӀа вуй кхузахь?» – аьлла.

[19] Кипа, дӀа а хӀоьттина, шена гиначу суьртах ойла еш вара. ТӀаккха Делан Сино элира цуьнга: «ШамӀа, хьо лоьхуш кхо стаг ву.

[20] Хьала а гӀаттий, лаха чувосса. Шек а ца волуш, цаьрца дӀагӀо, хӀунда аьлча уьш Ас бахкийтина бу».

[21] Кипас, чу а воьссина, элира цу нахе: «Аша лоьхург со ву. ХӀунда даьхкина шу?» – аьлла.

[22] Цара жоп делира: «Тхо дахкийтинарг эпсар Корнил ву. Иза цӀена а, Делах кхоьруш а стаг ву, массо а жуьгташа лара а лоруш. Делан малико аьлла цуьнга, хьо шен цӀа чу кхайкха аьлла, ахьа дуьйцучуьнга ладогӀархьама».

[23] ТӀаккха Кипас, уьш чу а кхайкхина, хьошалла дира царна. ШолгӀачу дийнахь Кипа а, Яппи-гӀалара кхин масех динан ваша а цу нахаца дӀавахара.

[24] Кхин цхьа де даьлча, уьш Кхесрин-гӀала кхечира. Корнил цаьрга хьоьжуш Ӏаш вара, шен гергарчу нахе а, уллорачу доттагӀашка а кхайкхина.

[25] Кипа чоьхьа ваьлча, Корнил, цунна дуьхьал а веана, цуьнан когашка гора вуьйжира.

[26] «ХьалагӀатта, – элира цуьнга Кипас, – со хьо санна адам ма ду».

[27] Корнилаца къамел а деш, Кипа цӀа чу вахара. Чохь гулделла дуккха а адам дара.

[28] Кипас элира цаьрга: «Шуна дика хаьа, жуьгтичунна кхечу къомах болчу нахаца къамел дан а, церан чу ваха а дихкина дуйла. Амма Дала элира соьга, ас цхьа а хьарам лара ца веза аьлла.

[29] Цундела сайна тӀаьхьа нах бахкийтича, со, дуьхьало ца еш, схьавеана. ХӀинца пурба лойша шайга хатта: хӀунда кхайкхина аша соьга?»

[30] Корнила жоп делира: «Кхо де хьалха хӀокху хенахь сайн чохь ламаз деш вара со, делкъал тӀаьхьа кхо сахьт даьллера. ЦӀеххьана суна хьалха къегаш духар а дуьйхина стаг хӀоьттира.

[31] „Корнил, – элира цо, – Дала хьан доӀанашна а, мискачарна деллачу сагӀанашна а жоп делла.

[32] Кипа олучу ШамӀе кхайкха нах бахийта. Иза хӀорда йистехь Ӏаш волчу цӀоканашна дабагӀа дечу ШамӀин цӀа чохь ву хьуна“.

[33] Ас цу сохьта хьуна тӀаьхьа нах бахкийтира. Дика ду хьо веана. ХӀинца вай массо а Далла уллохь ду, хьоьга дерриге а Цо тхоьга схьаала тӀедиллинчуьнга ладогӀархьама».

[34] Кипа дийца волавелира: «ХӀинца хаьа суна Дела билггала озабезам ца беш вуйла.

[35] Цо массо а къомах болу нах тӀеоьцу, нагахь уьш Иза лара а лоруш, нийсо лелош белахь!

[36] Шуна хаьа хир ду Дала Исраилан халкъана бахьийтинчу кхоах лаьцна. Массеран а Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Делаца бинчу бартах лаьцна бу и хаза кхаъ.

[37] Яхьъяс нах хих чекхбаха кхайкхинчул тӀаьхьа Назартара Ӏийса Дала къобалвира, Шен Са а, ницкъ а луш. И шуна хаьа. ТӀаккха Ӏийса Галилайра дӀаволавелла, берриге а ЯхӀуд-махкахь массанхьахула лелара, диканиг деш а, иблисан олалла шайна тӀехь долу нах тобеш а, хӀунда аьлча Цуьнца Дела вара.

[39] Ӏийсас жуьгтийн махкахь а, Ярушалаймехь а динарг ган а гина, цуьнан тешаш ду тхо. Иза вийра, дечигах хьала а оьллина,

[40] амма Дала веллачуьра кхозлагӀчу дийнахь денвира. Ӏийса Делан лаамца нахана гучувелира.

[41] Иза хӀоранна а гуш вацара, амма Дала къастийначу тхуна, тешашна, гира Иза. Оха Цуьнца даа а диира, мала а мелира Иза веллачуьра денвеллачул тӀаьхьа.

[42] Цо тхуна тӀедиллира нахе кхайкхам бар а, тоьшалла дар а, Ша Дала дийначарна а, беллачарна а тӀехь кхел ян хӀоттийна ву аьлла.

[43] Цунах лаьцна массо а пайхамарша тоьшалла до Цунах тешачунна Цуьнан цӀарах къиношна гечдийриг хилар».

[44] Кипас къамел дечу хенахь цо дуьйцучуьнга ладугӀучарна массарна а тӀе Делан Са доьссира.

[45] Кипица баьхкина сунтбина болу Делах тешаш берш инзарабевлла бара Делан Са кхечу къаьмнийн нахана тӀедоссарх,

[46] хӀунда аьлча царна хезнера цу наха тамашийна меттанаш дуьйцуш а, Дела хестош а. ТӀаккха Кипас элира:

[47] «Муха мегар ду царна хих чекхбахар дехка? Делан Са, вайна санна, царна тӀе а ма доьссина!»

[48] Цо Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дуьхьа хих чекхдахийта аьлла, тӀедожийра царна. Цул тӀаьхьа хӀусамдайша дийхира Кипига, шайца кхин а масех де даккха аьлла.

Ӏийсан векалийн гӀуллакхаш — Chapters