Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 6:37

[1] ЯхӀуд-махкара Антиохе баьхкинчу наха бохура динан вежаршка: «Аша Муса-пайхамаран Ӏедалехь шаьш сунт ца дайтахь, шу кӀелхьардевр дац».

[2] Цу тӀехула цхьана агӀор оцу нехан а, вукху агӀор ПахӀалан а, Бар-Наабан а чӀогӀа къовсам белира. ПахӀал а, Бар-Нааб а, шайца кхин накъостий а болуш, Ярушалайме вахийтира, и гӀуллакх векалшца а, Ӏийсах тешачийн тобанийн тхьамданашца а къасто.

[3] Ӏийсах тешачийн тобано и гӀуллакх тӀе а диллина, дӀабоьлху уьш новкъахь, Пиникехь а, Шамран-махкахь а, севцира. Цигахь цара кхечу къаьмнех нах Далла тӀеберзарх лаьцна дуьйцура. Оцу хаамо массо а Ӏийсах тешачунна хазахетар дахьара.

[4] Ярушалайме кхаьчча, Ӏийсах тешачийн тобанашкарчу наха а, векалша а, тхьамданаша а тӀеийцира уьш. ПахӀала а, Бар-Нааба а дийцира царна Дала шайгахула динчух дерригенах а лаьцна.

[5] Парушхошна юкъахь болчу Ӏийсах тешачу наха, хьала а гӀевттина, элира: «Кхечу къаьмнийн нах хедийна хила а беза, цаьрга Муса-пайхамаро тӀедиллина декхарш кхочушде ала а деза».

[6] Цу хьокъехь векалш а, тхьамданаш а кхеташоне гулбелира.

[7] Дуккха а дийцинчул тӀаьхьа Кипас, хьала а гӀаьттина, элира: «Вежарий, шуна хаьа, хьалха цкъа Дала хаьржинера со вайна юкъара кхечу къаьмнийн нахана хаза кхаъ кхайкхо, уьш Ӏийсах тешийтархьама.

[8] Далла девза адамийн дегнаш. Цо гайтира, Ша кхечу къаьмнийн нах тӀеоьцуш хилар, Шен Са а делла, царна а, вайна санна.

[9] Дала цхьа а тайпа башхо ца йо царна а, вайна а юкъахь, хӀунда аьлча Цо, Шех тешар а делла, хьаналдина церан дегнаш.

[10] Ткъа хӀинца хӀунда зоь Дела, вайн дайшка а, вайга а бахьа ца белла мохь мурдийн яьӀнаш тӀе а биллина?

[11] Амма вай теша, кхечу къаьмнийн нах санна, Везачу Эло Ӏийсас къинхетам бар бахьанехь вай кӀелхьардевр хиларх».

[12] ТӀаккха массо а, дӀа а тийна, Дала кхечу къаьмнийн нахана юкъахь ПахӀалехула а, Бар-Наабехула а дайтинчу тамашийначу хӀуманех а, билгалонех а долчу цу шиннан дийцаре ладугӀуш вара.

[13] Уьш бевлча, Якъуба элира: «Вежарий, ладогӀалаш соьга.

[14] ШамӀа-Кипас дийцина вайна Дала юьхьанца кхечу къаьмнийн нехан гӀайгӀа барх а, царна юкъара Шена нах харжарх а лаьцна.

[15] Цунах лаьцна пайхамарша а аьлла хӀокху дешнашца:

[16] „Цул тӀаьхьа Аса, юха а веана, дохийна долу Даудан четар тодийр ду. Цуьнан саьлнаш метта а хӀиттийна, ирахӀоттор ду иза,

[17] кхечу нахе Веза Эла каравайтархьама а, Сан дола даьллачу халкъашка Иза лахийтархьама а. Иштта боху и дерриге а хӀуманаш абадехь дуьйна дӀахоуьйтуш волчу Везачу Эло“.

[19] Цундела суна хета, Далла тӀе бахка луучу кхечу къаьмнийн нахана вай дуьхьало ян ца оьшу аьлла.

[20] Мелхо а, цаьрга кехат яздан деза вай, цӀуша бехйина хӀума ма яа аьлла а, нахаца леларх а, садукъдина дайинчу бежанийн жижигах а, цӀийх а ларло аьлла а.

[21] Муса-пайхамаро тӀедиллинарг массо а гӀалахь хӀора Далла леринчу шоьтан дийнахь дукха хенахь дуьйна а хӀора гуламан цӀийнахь хьоьхуш ма ду».

[22] Векалийн а, тхьамданийн а Ӏийсах тешачу тобанера массаьрца а барт хилира шайна юкъара ПахӀалца а, Бар-Наабаца а Антиохе масех стаг вахийта. Цара хаьржира Сали а, Бар-Сабба аьлла кхин цӀе йоккху ЯхӀуд а. И ши стаг вежаршна юкъахь куьйгалхо вара.

[23] Цаьргахула хӀара чулацам болу кехат дахьийтира цара: «Векалшкара а, тхьамданашкара а, массо а шун вежаршкара а. Антиохера а, Сирера а, Киликера Ӏийсах тешачу кхечу къаьмнийн нахе. Маршалла ду шуьга!

[24] Тхоьга хаам кхаьчна, шу долчу тхох дӀакъаьстина болу нах баьхкина аьлла, оха цига хьовсийна боццушехь. Цара шуна юкъахь шайн хьехамашца сингаттамаш баьхна боху.

[25] Цундела оха сацам бина, тхайна юкъара масех стаг а хаьржина, уьш тхан хьомечу Бар-Наабаца а, ПахӀалца а шу долчу дӀабахкийта.

[26] Вайн Дала леррина къобалвинчу Ӏийса-Элан дуьхьа шайн дахар кхерамечу хьоле хӀиттийна нах бу уьш.

[27] Хаьржина волу ЯхӀуд а, Сали а воуьйту оха, тхаьш яздинарг цаьрга барта тӀечӀагӀдайта.

[28] Делан Синан а, тхан а лаам бу шуна кхин хало ца ян, хӀара тӀедиллинарг доцург:

[29] ЦӀушна сагӀина еана хӀума ца яар, цӀийх а, садукъдина дайинчу бежанийн жижигах а, нахаца леларх а лардалар. И дерриге а кхочушдахь, аша дика гӀуллакх дийр ду. Марша Ӏойла шу!»

[30] Бахийтинарш Антиохе кхечира. Цигахь, Ӏийсах тешачийн тоба гул а йина, цаьрга кехат дӀаделира цара.

[31] И дешча, дегнаш иракарахӀитточу цу хаамах самукъадаьлла бара нах.

[32] ЯхӀуд а, Сали а ши пайхамар вара. Шайн дешнашца динан вежарийн дегнаш чӀагӀдеш, иракарахӀиттош бара уьш.

[33] Цара жимма хан яьккхира цигахь. Цул тӀаьхьа динан вежарша, декъал а бина, диканиг хилар лаарца векалш болчу дӀахьовсийра уьш.

[35] ПахӀал а, Бар-Нааб а Антиохехь сецира. Цигахь цара а, цаьрца болчу дуккха а кхечара а Везачу Элах долу дош хьоьхура.

[36] Цул тӀаьхьа жимма хан яьлча, ПахӀала элира Бар-Наабе: «Вай Везачу Элах долу дош кхайкхийначу массо а гӀала а гӀой, динан вежарий муха Ӏаш бу хьовсий», – аьлла.

[37] Бар-Наабана шеца, Марк олий, кхин цӀе йоккхуш волу Яхьъя схьаэца лиира.

[38] Амма ПахӀал реза вацара, шаьш Пампилехь Ӏадда а дитина, болх чекхбаккхалц ца Ӏийна волу стаг шайца схьаэца.

[39] Цу тӀехула царна юкъахь баьлла къовсам бахьанехь дӀасакъаьстира и шиъ. Бар-Нааб, шеца Марк а эцна, хӀордкеманца Кипре вахара.

[40] Ткъа ПахӀала Сали хаьржира. Динан вежарша декъал а вина, новкъа велира иза.

[41] Сири-махка а, Килик-махка а вахара иза. Цигахь цо Ӏийсах тешачийн тобанаш чӀагӀйора.

Ӏийсан векалийн гӀуллакхаш — Chapters