[1] Делан а, Цо леррина къобалвинчу Ӏийса-Элан а лай волчу Якъубера дуьнен чухула дӀасадаьржинчу шийтта тайпане маршалла ду.
[2] Сан вежарий, доккха хазахетар санна ларалаш тайп-тайпана зераш шайна тӀе мосазза хӀуьтту.
[3] Шуна-м хаьа шайн тешар зерах чекхдаларо собар кхиош дуйла.
[4] И собар кхачаме хилла дӀахӀотта деза, шу, цхьа а дерт а доцуш, дуьззина кхачамалла долуш хилийта.
[5] Амма шуна юкъахь цхьанна хьекъалалла ца тоахь, цо иза Деле деха деза. Ша луш дерг атта а, бехкаш ца дохуш а луш волчу Цо иза массарна а лур ду.
[6] Амма иза тешарца а, шеко йоцуш а деха деза, хӀунда аьлча шеко йолуш верг мохо ловзочу тулгӀенах тера ву.
[7] Иштта волчу стага, Везачу Элера цхьаъ тӀеоьцур ду алий, дог а ма даха.
[8] Шалха ойланаш йолу стаг ма ву иза, ша дечу хӀуманна тӀехь чӀагӀо а йоцуш.
[9] Таро йоцу динан ваша синан лакхарчу хьолах воккхавеван веза,
[10] ткъа таро йолуш верг синан лахарчу хьолах воккхавеван веза, хӀунда аьлча иза дӀавер ву дуьнен чуьра, бецан зезаг санна.
[11] Малх хьала а гӀоттий, йовхо йогӀу. Йовхоно буц якъайо, бецан зезаг дужу, хазалла а дӀайолу. Иштта хьалдолу стаг а, шен гӀуллакхаш а деш, дӀаволу.
[12] Декъалвина ву зенашна садеттарг, хӀунда аьлча иза зийначул тӀаьхьа, ял санна, хедар доцучу дахаран таж лур ду цунна Ша везачарна иза лур ду аьллачу Везачу Эло.
[13] Ша зуьйш волчу хенахь стага ма баха: «Дала со зуьйш ву». Вочу хӀуманца Дела зелур вац, ткъа Цо Ша цхьа а ца зоь.
[14] Амма хӀора а шен харц лаамаша зуьйш ву, цара иза, Ӏеха а вой, дӀалоцу.
[15] Стаг харц лаамца цхьаьнакхеттачул тӀаьхьа, цу харц лаамо къа кхуллу, ткъа къино, кхачаме схьа а кхаьчна, Ӏожалла кхуллу.
[16] Шаьш Ӏеха ма дайта, сан хьомсара вежарий.
[17] Муьлхха а дика а, кхачаме а совгӀат лакхара, стигалан серлонаш кхоьллинчу Дегара догӀу. Иза, уьду мархаш санна, хийцалуш вац.
[18] Шен лаамца, бакъдолчу кхоаца кхоьллина Цо вай, Ша кхоьллинчарна юкъахь вай лараме хилийта.
[19] Сан хьомсара вежарий, муьлхха а стаг ладогӀарна сихвала веза, ткъа шен хабарна а, оьгӀазаллина а собаре хила веза,
[20] хӀунда аьлча адаман оьгӀазалло стаг Далла хьалха бакъ ца хуьлуьйту.
[21] Цундела муьлхха а хьарам хӀума а, вон мел лелар а дӀадаккха. Далла муьтӀахь а хуьлуш, шайга кховдийна а, шаьш кӀелхьардаха тарлуш долу а Делан дош тӀеэца.
[22] Делан дош кхочушдеш болчарах хилалаш, цуьнга ладугӀурш бен а ца хилла, шаьш Ӏехочарах тар а ца луш.
[23] ХӀунда аьлча, Делан даше ла а дугӀуш, иза кхочуш ца деш волу стаг шен билггал йолчу юьхье куьзгана чу хьоьжучух тера ву.
[24] Шега а хьаьжна, иза юьстахволу, ткъа цу сохьта шен юьхьсибат цунна дицло.
[25] Амма Делан кхачаме болчу а, паргӀато лучу а хьехаме леррина а хьожуш, цуьнан кхидӀа а тидам а беш, вицлуш волу ладогӀархо а воцуш, и хьехам кхочушбийриг ша мел дечу гӀуллакхашна тӀехь декъалвина хир ву.
[26] Нагахь цхьаммо, ша суьпа а хеташ, шен маттана дуьрста ца йоллахь, цо ша-шен Ӏехаво, цуьнан суьпа хилар а даьсса ду.
[27] Да волчу Далла хьалха цӀена а, бехдалаза а суьпалла иштта ду: байшна а, бисина Ӏачу зударшна а гӀо дар а, дуьнен чохь долчу вочуьнга ша бех ца вайтар а.