Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 6:06

[1] Шаула къобалдора Тапин вер. Цу дийнахь Ярушалаймехь Ӏийсах тешаш болчийн тобане бала хӀоттийра. ЯхӀуд-махкахула а, Шамран-махкахула а дӀасалаьхкира массо а, цхьа векалш боцурш.

[2] Тапа суьпачу наха дӀавоьллира, цунах доккха белхар а хӀоттош.

[3] Ткъа Шаул Ӏийсах тешаш болу нах хӀаллакбан волавелира. Цхьана цӀа чуьра вукху чу а воьдуш, божарий а, зударий а дӀа а лоьцуш, набахти чу бухкуьйтура цо.

[4] Ткъа шайн меттера дӀалаьхкина болчу мурдаша Везачу Элан Дашах лаьцна хаза кхаъ кхайкхабора шаьш лелачохь.

[5] Пилап, Шамран-махкарчу коьртачу гӀала чу а воьссина, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна кхайкхам беш вара.

[6] Массара а цуьнга дика ладугӀура. Цо деш долу тамашийна хӀуманаш а гора царна.

[7] Телхинчу дуккха а нахана чуьра жинаш маьхьарца арадуьйлура, меттахь биснарш а, заьӀапнаш а толора.

[8] Цу гӀалахь болу нах чӀогӀа самукъадаьлла бара.

[9] Цу гӀалахь Ӏаш, ШамӀа цӀе а йолуш, бозбунчалла лелош, цхьа стаг вара. Цо лелочух Шамран-махкахь болу нах цецбуьйлура. Иза ша сийлахь-воккха ву бохуш вара.

[10] Леррина цуьнга хьоьжуш болчу хьалдолчу а, къечу а наха олура: «И стаг шех „Сийлахь ницкъ“ олучу Делан ницкъах лаьтташ ву».

[11] Халкъо къаьсттина тидам тӀебахийтира цунна, хӀунда аьлча цо дуккха а йолчу хенахь цецбохура уьш шен бозбунчаллашца.

[12] Амма Делан олаллех а, Ӏийса Дала къобалвина хиларх а хаза кхаъ кхайкхочу Пилапа шаьш тешийча, оцу гӀалара божарша а, зударша а шаьш хих чекхбохуьйтура.

[13] ШамӀас, теша а тешна, ша а хих чекхваккхийтира. Массанхьахула а Пилапана тӀаьхьа а хӀоьттина лелара иза, цо лелочу инзаречу хӀуманех а, тамашийна гӀуллакхех а цецвуьйлуш.

[14] Ярушалаймехь болчу векалша, Шамран-махкарчу наха Делан дош тӀеэцна аьлла шайна хезча, цига Кипий, Яхьъяй вахийтира.

[15] Цу шиммо, схьа а веана, доӀа дира, и дош тӀеэцначарна Делан Са тӀелацар доьхуш.

[16] ХӀунда аьлча царна тӀе цхьанна а Делан Са доьссина дацара. Уьш Ӏийса-Элан дуьхьа хих чекхбаьхна бен бацара.

[17] Кипас а, Яхьъяс а царна тӀехула куьйгаш лецира, тӀаккха Ӏийсах тешначарна Делан Са тӀеийцира.

[18] Делан Са, векалша куьйгаш лаьцча, дуссуш хилар шена гича, ШамӀас цаьрга ахча кховдийра:

[19] «Суна а лойша и бакъо, – бохура цо, – Ас куьйгаш тӀехула лаьцначунна Делан Са лур долуш».

[20] Кипас элира: «Хьоьца цхьаьна хӀаллакьхуьлийла хьан ахча, хӀунда аьлча хьуна моьтту, Дала делла хьуьнар ахчанах эцалур ду.

[21] Оха дечу кху гӀуллакхехь ахьа дакъалаца йиш яц, хӀунда аьлча хьан дог Далла хьалха цӀена дац.

[22] Хьайн къинна дохко а валий, Деле деха, Цо хьан дагахь хиллачунна гечдан а мега хьуна.

[23] ХӀунда аьлча суна го, хьо дераллех вуьзна а, къинойн йийсарехь а хилар».

[24] ШамӀас дийхира тӀаккха: «Везачу Эле сох доӀа дейша, аша аьлларг цхьа а суна ца хилийтархьама».

[25] Векалша, тоьшалла а деш, Везачу Элан дош кхайкхадора цигахь. Цул тӀаьхьа уьш Ярушалайме юхабаьхкира, новкъахь Шамран-махкарчу дуккха а ярташкахь хаза кхаъ а кхайкхош.

[26] Везачу Элан малико элира Пилапе: «Хьала а гӀаттий, къилбехь болчу, Ярушалаймера яьссачу арахула Ӏази-гӀала боьдучу новкъа вала», – аьлла.

[27] ТӀаккха Пилап дӀавахара. Цунна дуьхьалкхийтира ваьӀна волу эфиопхо. Эфиопин-пачхьалкхан Кхандакх цӀе йолчу зуда-паччахьан цӀийнехь лаккхарчу даржехь а волуш, цу паччахьан дерриг а жовхӀарех жоп а луш, уьш лардеш вара иза. Ярушалайме Далла Ӏибадат дан а веана,

[28] хӀинца цӀа воьдуш вара и эфиопхо. Шен гӀудалкха а хиъна, ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаран жайна а доьшуш, вогӀура иза.

[29] Делан Сино элира Пилапе: «Цу гӀудалкха тӀе а гӀой, улло а хӀоттий, дӀагӀо», – аьлла.

[30] ГӀудалкхана тӀеваханчу Пилапна хезира цхьаммо ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамарехула Делера болу хаам боьшуш. «Айхьа доьшучух кхетий хьо?» – хаьттира Пилапа.

[31] «Цхьаммо кхетош ца хилча, со муха кхетар ву?» – элира эфиопхочо. ТӀаккха Пилапе, хьала а валий, шена юххе охьахаа аьлла, дийхира цо.

[32] Жайни тӀехь цо доьшу дешнаш хӀорш дара: «Урс хьакха буьгу уьстагӀ санна, дӀавуьгуш вара Иза, ша лоргучунна хьалха, Ӏахар санна, шена чуьра Ӏаь ца йолуьйтуш, тийна Ӏара Иза.

[33] Сийсазваьккхина вара Иза, ткъа нийса кхел Шена яйта Цуьнан бакъо яцара. Хьан дуьйцур дара Цуьнан тӀаьхьенах лаьцна, хӀинца Цуьнан дахар лаьттара дӀахьош хилча?»

[34] ВаьӀначо хаьттира Пилапе: «Алахьа соьга, хьанах лаьцна дуьйцу пайхамаро кхузахь, шех я кхечух?»

[35] ТӀаккха Пилапа Делан Йозанан оццу декъа тӀера вола а велла, ваьӀначунна Ӏийсах лаьцна хаза кхаъ бовзийтира.

[36] Уьш схьабогӀуш хи тӀе кхечира. «Хьажахьа, хӀара хи ду, – элира ваьӀначо, – стен новкъарло йо суна хих со чекхваккхийта?»

[38] ВаьӀначо омра дира, гӀудалкх сацае аьлла. И ший а хи чу велира. Пилапа хих чекхваьккхира иза.

[39] Уьш хи чуьра хьалабевлча, Везачу Элан Сино Пилап цигара цӀеххьана дӀаийцира, ваьӀначунна иза кхин ца гира. Самукъа а долуш, шен некъ кхин дӀа а бира эфиопхочо.

[40] Пилап цул тӀаьхьа Ашдод-гӀала нисвелира. Массо а гӀаланашкахь хаза кхаъ кхайкхабора цо, ша Кхесрине дӀакхаччалц.

Ӏийсан векалийн гӀуллакхаш — Chapters