[1] Пхи де даьлча, динан коьрта да Хьанас а, масех воккха стаг а, кхелан гӀуллакх лелош волу Туртал а веара цига. Цара мехкан куьйгалхочуьнга ПахӀална дуьхьал шаьш даьккхинарг дийцира.
[2] ПахӀал схьакхайкхича, Туртала, иза бехкевеш, бохура: «Массо а хенахь а, массо а меттехь а баркаллица тӀечӀагӀдо оха, лоруш волу Пелакъ, хьо бахьана долуш тхо долчохь машар хилар а, ахь Ӏуналла дарца хӀокху халкъан дахар толуш хилар а.
[4] Амма, хьуна тӀех новкъарло ца ярхьама, доьху хьоьга тхан доццачу къамеле ладогӀар, хьайгахь гуттар а болчу къинхетамца.
[5] Оха къастийна: хӀара стаг нахана зуламе хилар, дуьнен чохь массо а меттехь жуьгташна юкъахь питана туьйсуш а, назартхойн тобанан куьйгалхойх цхьаъ хилар а.
[6] ТӀехула тӀе Делан цӀа сийсаздан а воьллера хӀара, амма оха сацийра.
[8] Барт хаьттича, хьуна хьайна а хуур ду, оха хӀара стаг бехкевар нийса дуйла».
[9] Оцу бехкана тӀетайра важа жуьгтий а, цо аьлларг дерриг а бакъ ду аьлла.
[10] Мехкан куьйгалхочо пурба делча, ПахӀала жоп делира: «Дуккха а шерашкахь кху халкъана тӀехь хьо кхелахо вуй а хууш, со хазахетарца бехказавала хьожур ву.
[11] Хьуна хаа хала хир дац, со шийтта де ца кхоччуш хьалха Ярушалайме Далла Ӏибадат дан веанийла.
[12] Я Делан цӀийнехь а, я жуьгтийн гуламан цӀеношкахь а, я гӀали юккъехь а со бехке вечу нахана цхьаьнцца а къуьйсуш я нах карзахбохуш а со ца гина.
[13] Церан ницкъ бац, со бехке ву аьлла, цхьа а тешо.
[14] Амма цхьана хӀуманна тӀехь къера ву со: сайн дайн Далла гӀуллакх деш вогӀу со кхарна тоба бен ца хетачу новкъахула. Товратан хьехамех а, пайхамарша яздинчух а – дерригенах а теша со.
[15] Делан лаамехь болчарна а, боцучарна а беллачуьра денлур бу аьлла болу, хӀорш а шех тешаш болу, Делах болу цхьа сатийсам бу сан.
[16] Цундела дерриг а сайн ницкъ кхочург дан гӀерта со Далла а, нахана а хьалха догцӀена хилархьама.
[17] Дуккха а шераш девллачул тӀаьхьа Ярушалайме веана со, сайн халкъана юкъара къечарна хӀума кховдорхьама а, сагӀа даккхархьама а.
[18] Со цӀинваларан Ӏадатах чекхваьлча, Делан цӀийнан кертахь карийра Асиа-махкара масех жуьгтичунна. Соьца адамийн тоба яцара, я гӀовгӀа а ца йора цхьаммо а. Уьш бара хьуна хьалха хӀитто безарш, нагахь церан суна дуьхьал ала хӀума делахь.
[20] Я кхаьрга алийта, соьгахь хӀун харцо карийна шайна, со коьртачу кхеташонна хьалха лаьттачу хенахь.
[21] Кхарна юкъахь лаьттачу хенахь ас чӀогӀа аьлла цхьа дош бахьана долуш дуй те хӀара: „Белларш денлуш хиларх теша аьлла, аша суна тахана кхел йо“, – аьлла».
[22] Дерригене ла а доьгӀна, цу хьехамах дерг шена дика хаьа дела, Пелакъа и гӀуллакх тӀаьхьатеттира. Цо элира: «ТӀеман коьрта хьаькам Лоса схьавеача, ас къастор ду шун гӀуллакх».
[23] Юха цо тӀеман хьаькаме омра дира, ПахӀал ларве, амма паргӀат а вита, накъосташна цуьнан гӀайгӀа бан новкъарло а ма е аьлла.
[24] Масех де даьлча, жуьгти йолчу, шен зудчуьнца Дурсалица веанчу Пелакъа, ПахӀале схьа а кхайкхийтина, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах долчу тешарх лаьцна цуьнга дийцийтира.
[25] ПахӀала бакъдолчух а, юхаозаваларх а, хин йолчу Делан кхелах а лаьцна дийцича, Пелакъа, кхера а велла, элира: «ХӀинца дӀагӀо, юхахула ас схьакхойкхур ву хьо».
[26] Цул сов иза сатесна вара ПахӀала ша дӀахоьцург ахча лург хиларе, цундела, кест-кеста схьа а кхойкхуш, цуьнца къамел дора цо.
[27] Ши шо даьлча, Пелакъан метта Порка Висита цӀе йолу куьйгалхо веара. Жуьгташна там бархьама ПахӀал чувоьллина витира Пелакъа.