[1] Антиохехь йолчу Ӏийсах тешачийн тобанехь бара пайхамарш а, Ӏелам нах а: Бар-Нааб а, шех кхин а Ӏаьржаниг олу ШамӀа а, къуринахо Луку а, мехкан куьйгалхочуьнца ХӀародца кхиъна волу Манаан а, Шаул а.
[2] Цкъа уьш Везачу Элана гӀуллакх деш а, марха кхобуш а болчу хенахь Делан Сино элира: «Бар-Нааб а, Шаул а Ас цаьрга кхайкхинчу гӀуллакхна схьакъаставе Суна», – аьлла.
[3] Далла гӀуллакх дина а, марха кхаьбна а бевлча, тӀе куьйгаш а дехкина, доӀа а дина, тӀедиллина гӀуллакх кхочушдан дӀавахийтира цара и шиъ.
[4] Делан Сино вахийтина и ши векал Селевке кхечира, ткъа цигара хӀордкеманца Кипре дехьавелира.
[5] Салам-гӀала схьа а баьхкина, цигахь жуьгтийн гуламан цӀеношкахь Делан Дош хьоьхура цара. Царна гӀо деш Яхьъя а вара цаьрца.
[6] Ерриг а гӀайре тӀехула чекх а бевлла, ПатӀосе баьхкира уьш. Цигахь царна карийра жуьгтийн бозбунча а, харц шайх а волу Бар-ЮшаӀ. Цуьнан кхин а, Хьалом олий, цӀе йоккхура.
[7] Римхойн проконсул Серги ПахӀал волчохь гӀуллакх деш вара иза. Проконсул хьекъал долуш стаг вара, шена Делан Дош хаза лаарна цо Бар-Наабе а, Шауле а схьакхайкхийтира.
[8] Амма Хьалом (гочйича и цӀе «бозбунча» бохург ду) царна дуьхьал вара. Проконсул векалша хьоьхучух ца тешийта къахьоьгуш вара иза.
[9] ТӀаккха Делан Синах вуьзна волчу Шаула (цуьнан, ПахӀал олий, кхин цӀе а йоккхура), нийсса Хьаломе дӀа а хьаьжна, элира:
[10] «Иблисан кӀант а, нийса долчун мостагӀа а ву хьо! Аьшпех а, ямартлонах а вуьзна ву хьо. Везачу Элан нийса некъаш сетто кӀордор дац те хьуна цкъа а?
[11] Везачу Элан ницкъ хьуна дуьхьал бу, цундела бӀаьрса а дайна, цхьана билггалчу ханна малхан серло ца гуш хир ву хьо». Цу сохьта бода буьйлира Хьаломна гонах. ДӀа а, схьа а тохавелира иза, куьг а лаьцна, ша дӀавигийта цхьаъ лоьхуш.
[12] И хилларг а гина, Везачу Элах болчу хьехамах цецваьлла, Ӏийсах тийшира проконсул.
[13] ПатӀосера ПахӀал а, цуьнан накъостий а Пампили-махкахь йолчу Перги-гӀала бахара хӀордахула. Уьш цигахь а битина, Ярушалайме юхавеара Яхьъя.
[14] Пергера дӀа уьш писидийн Антиохе бахара. Шоьтан дийнахь жуьгтийн гуламан цӀийне а баьхкина, охьахевшира уьш.
[15] Товрат а, пайхамарша яздинарш а дешначул тӀаьхьа гуламан цӀийнан хьаькамаша кхарна тӀе хабар даийтира: «Вежарий, нагахь нахана пайденна хин долу хӀума ала шун делахь, ала шайна», – аьлла.
[16] ПахӀала, хьала а гӀаьттина, куьйган эшарца нехан гӀовгӀанаш а совцийна, элира: «Исраилхой а, Далла Ӏибадат деш болу хийрачу мехкашкара нах а, ладогӀалаш соьга!
[17] Исраилан халкъан Дала хаьржина вайн дай. Мисар-махкахь долуш вайн халкъ дуккха а алсамдаьккхина Цо, цу махкара уьш Шен олаллин ницкъаца ара а баьхна.
[18] Яьссачу арахь шовзткъа шарахь цаьргара дуьйлуш дерш собарца лайна Дала.
[19] КанаӀанехь, ворхӀ халкъ хӀаллак а дина, церан латта Ша къастийначу халкъан доладаьккхина Цо.
[20] И дерриг а хилла диъ бӀе шовзткъе итт шеран хенан йохалла. Цул тӀаьхьа Шамъал-пайхамар куьйгалле вллалц Дала кхелахой белла царна.
[21] Юха халкъо шена паччахь вехна. Дала Бен-Яманан тӀаьхьенах волу Къушин кӀант Шаул велла царна. Шаула шовзткъа шарахь паччахьалла дина.
[22] Цул тӀаьхьа Шаул дӀа а ваьккхина, Дала Дауд хӀоттийна паччахь. Цунах лаьцна Дала тоьшалла дина: „Суна Юшаян кӀант карийна, и стаг Сан даго тӀелоцуш ву. Цо кхочушдийр ду Сан гӀуллакхаш“.
[23] Ша аьлла ма-хиллара, Даудан тӀаьхьенах волу Ӏийса кхайкхина Дала Исраилан халкъ кӀелхьардаккха.
[24] Ӏийса вале Яхьъяс кхайкхам бира берриг а Исраил-махкахь нахе, Далла тӀе а дерзий, шаьш хих чекхдахийта аьлла.
[25] Шена тӀедиллина декхар кхочушдина волуш, Яхьъяс олура: „Со шуна моьттург вац, хӀан-хӀа, Иза сол тӀаьхьа вогӀур ву, со Цуьнан мачийн бахтарш дӀадаста а хьакъ вац“.
[26] Вежарий, ИбрахӀиман бераш, шу а, Делах кхоьру хийрачу мехкашкара дерш, и кӀелхьардовларх болу кхаъ вайна баийтина бара!
[27] Ярушалаймера бахархошна а, церан хьаькамашна а Ӏийса ца вевзира. Цара кхел йира Цунна. Цу кеппара, хӀора шоьтан дийнахь вай доьшуш долу пайхамарийн дош кхочушхилира.
[28] Иза вен Цуьнгара даьлла цхьа а хӀума ца карийра царна, амма Пулатера бакъо йийхира цара Иза хӀаллаквайта.
[29] Цунах лаьцна хир ду аьлларг дерриг а кхочушдича, Иза жӀарах дӀатоьхначуьра охьа а ваьккхина, къубба чу виллира цара.
[30] Амма Дала веллачуьра денвира Иза.
[31] Кхин а дуккха а деношкахь Цуьнца Галилайра Ярушалайме баьхкинчарна гира Иза. Уьш хӀинца Цуьнан тешаш бу вайн халкъана хьалха.
[32] Дала вайн дайшна дийр ду аьлла дикачух хаза кхаъ кхайкхош бу оха хӀинца.
[33] Ӏийса а ваийтина, вайна, церан берашна, Дала кхочушдина Ша аьлларг. ШолгӀачу назми тӀехь яздина ду: „Хьо Сан кӀант ву, тахана Хьан Да хили Сох“.
[34] Дала Иза веллачуьра денвина, Цуьнан дегӀана цкъа а талхар ца гайта. Цо аьлла оцунах лаьцна ишттачу дешнашца: „Даудана ваӀда деш аьлла долу сийлахь а, гуттар хиндолу а диканаш лур ду шуна“.
[35] Кхечу меттехь яздина ду: „Ахьа Хьайна тешаме Волчунна вахкавалар гойтур дац“.
[36] Амма Делан лаам кхочушбеш гӀуллакх дина волчу Даудан дегӀ кхелхинчул тӀаьхьа телхина дӀаделира. Иза шен дайшна уллохь дӀавоьллина вара.
[37] Ткъа Дала веллачуьра Денвиначунна дегӀан талхар ца гайтира!
[38] Цундела, сан вежарий, суна лаьа шуна хуийла, тахана Цуьнан дуьхьа шун къиношна гечдар ду шуна кхайкхош дерг. ХӀора Ӏийсах тешаш верг массо а хӀуманна тӀехь Далла хьалха бакъво, ткъа Муса-пайхамаран хьехамашкахь шун Далла хьалха бакъхила ницкъ бацара.
[40] Хьовсалаш, шайца, пайхамарша ма-аллара, ца хилийта:
[41] „Хьовсал, кхаьрдаш дерш! Шу, цец а девлла, лийр ду. Аса шун деношкахь шайна дийцича а, цкъа а шу тешар доцу хӀума дийр ду“».
[42] ПахӀале а, Бар-Наабе а гуламан цӀийнера и шиъ дӀавоьдуш, дийхира, тӀедогӀучу шоьтан дийнахь хӀинца дийцинчух лаций дийца юха а вола аьлла.
[43] Гулам дӀабирзира, амма дуккха а жуьгтий а, жуьгтийн дин тӀеэцна Далла Ӏибадат деш болу нах а ПахӀалний, Бар-Наабаний тӀаьхьабахара. Цу шиммо къамел дора цаьрца, Делан ниӀматехь хила бохуш, тешабора.
[44] Вукху шоьтан дийнахь ерриг аьлла гӀала гулъелира Везачу Элан даше ладогӀа.
[45] Цига мел адам деана гича, хьогӀах буьзира жуьгтий. ПахӀала дуьйцург емалдора цара оьзда доцучу хабарца.
[46] ТӀаккха ПахӀала а, Бар-Нааба а майрра элира цаьрга: «Делан дош уггар хьалха шуна хьеха дезаш ду тхо. Амма аша и тӀе а ца лоцу, Дела волчохь долчу хедар доцучу дахарна шаьш хьакъ а ца хета, цундела оха къамел кхечу къаьмнех болчаьрга дийр ду.
[47] И тӀедиллира тхуна Везачу Эло. Цо аьлла: „Ас Хьох кхечу къаьмнех болчарна серло йина, Хьоьгахула дуьненан массо а маьӀӀе кӀелхьардовлар кхачийта“».
[48] И дерриг а хезча, баккхийбеш, Везачу Эло аьллачунна хастамаш бора кхечу къаьмнех болчара. Массо а Делаца долчу дахаре билгалбинарш Ӏийсах тийшира.
[49] Везачу Элан дош цу меттехула дӀасадаьржаш дара.
[50] Амма жуьгташа, Далла гӀуллакх деш болу, лоруш болу зударий а, гӀалара хьалхара нах а хьала а гӀовттийна, ПахӀал а, Бар-Нааб а шаьш долчу махкара эккхавайтира.
[51] Цу гӀалара бахархошна дуьхьал хиларан тоьшаллина шайн когаш тӀера чан дӀа а егийна, векалш Иконе бахара.
[52] Ткъа мурдаш баккхийберах а, Делан Синах а буьзна бара.