Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 6:41

[1] Цхьана стага шен бахам дӀабоьхкира. Цу стеган цӀе Хьанас яра, цуьнан зудчун цӀе Шаппира яра,

[2] Амма шена кхаьчначу ахчанах цхьа дакъа цо дӀалачкъийра. Цуьнан зудчунна а хаьара иза. Диснарг, схьа а деана, векалийн когашка охьадиллира цо.

[3] Кипас элира цуьнга: «Хьанас, мича бахьанина йиллина иблисо хьан даг чу ойла, Делан Синна аьшпаш а боьттина, айхьа, латта а доьхкина, схьаэцначу ахчанах цхьа дакъа хьайна дита аьлла?

[4] Ахьа дӀадохкале а и латта хьан ма дара, ткъа цунах схьаэцна ахча а ма дара хьан. ХӀунда дира ахьа иза? Ахьа и аьшпаш нахана ца боьттина, Далла боьттина».

[5] И дешнаш хезча, Хьанас, охьа а воьжна, велира. ЧӀогӀа кхерам тесира и хезначийн массеран а кийра.

[6] Схьабаьхкинчу кегийчу наха дакъа, дӀа а хьарчийна, дӀа а даьхьна, дӀадоьллира.

[7] Цул тӀаьхьа, кхин кхо сахьт даьлча, цига Хьанасан зуда еара. Цунна ца хаьара хилларг.

[8] Кипас хаьттира цуьнга: «Алал соьга, хӀокху мехах доьхкирий аша латта?» Зудчо элира: «ХӀаъ, оцу мехах».

[9] Кипас элира цуьнга: «Муха даьхьира шуьшиъ бартбан Делан Са зерхьама? НеӀарехь когийн тата хезий хьуна? Хьан майра дӀа а воьллина, чубогӀу нах бу хьуна уьш. Хьо а дӀахьур ю хьуна цара».

[10] Цу сохьта, цуьнан когашка охьа а йоьжна, елира и зуда. Чубаьхкинчу кегийчу нахана и елла Ӏуьллуш гира. ДӀаяьхьна, шен майрачунна улло дӀайоьллира иза.

[11] Ӏийсах тешначийн ерриг тоба а, и хилларг хезнарш а кхерамо бахьийнера.

[12] Дала векалшкахула нахана дуккха а тамашийна билгалонаш а, инзаре хӀуманаш а гойтура. Массо а, цхьа барт а болуш, Сулим-паччахьан цӀарах йолчу меттехь гуллора.

[13] Наха уьш лоруш белахь а, хийрачех цхьа а царна юкъа ваха ца хӀуттура.

[14] Амма Везачу Элах тешна болу божарий а, зударий а алсамбуьйлура царна юкъахь.

[15] Наха шайн цомгуш берш маьнгешна а, гоьнашна а тӀехь урамашка арабохура, тӀехволучу Кипин ӀиндагӀ мукъана а царна тӀедожийта.

[16] Ярушалаймана гонахарчу гӀаланашкара адамийн тобанаш оьхура. Цара шайн цомгуш болу а, жинаша хьийзош болу а нах балабора. Массарна а дарбанаш хуьлура.

[17] Динан коьрта да а, динан садукъойн тобанах болу цунна уллоранаш а хьогӀах буьзна бара.

[18] Цара векалш, дӀа а лецийтина, халкъана йина йолчу набахти чу бохкийтира.

[19] Буьйсанна Везачу Элан малико, набахтин ков схьа а диллина, арабехира уьш.

[20] Цо элира цаьрга: «Делан цӀийнан керта а гӀой, нахана хӀокху керлачу дахарх лаций дийца», – аьлла.

[21] Ӏуьйранна, шайга ма-аллара, Делан цӀийнан керта а баьхкина, нахана хьехам бан хӀиттира векалш. Ткъа динан коьртачу дас а, цуьнан уллорачара а Исраилан халкъан тхьамданаш коьртачу кхеташоне а кхайкхина, набахтера векалш схьабало шайн ялхой бахийтира.

[22] Набахте баьхкинчу эпсаршна цу чохь векалш ца карийра. Цара, юха а баьхкина, элира:

[23] «Набахтин ков дика дӀакъевлина ду, иза лардеш гӀаролаш а ду, амма иза схьадиллича, чохь цхьа а кара-м ца ви тхуна», – аьлла.

[24] Цаьрга ла а доьгӀна, Делан цӀийнан гӀаролан хьаькам а, динан коьрта дай а инзарабевлла бара, «ХӀара хӀун ду?» – бохуш.

[25] Юха цхьаммо, ван а веана, хаам бира: «Аша набахти чу боьхкинарш Делан цӀийнан кертахь нахана хьехамаш беш бу», – аьлла.

[26] ТӀаккха гӀаролан хьаькамо, эпсаршца ваха а вахана, векалш схьабалийра. Цара векалшна ницкъ ца бира схьабалочу хенахь, хӀунда аьлча наха шайна тӀулгаш деттарна кхоьрура уьш.

[27] Векалш коьртачу кхеташоне чубалийра. Динан коьртачу дас элира цаьрга:

[28] «Оха шуна чӀогӀа дихкинера, цу стеган цӀарца ма хьеха аьлла, амма аша шайн хьехам ерриге а Ярушалаймехь дӀасабаржийна. Цул сов, цу стеган цӀий тхох хьарчадо аша».

[29] Кипас а, кхечу векалша а жоп делира: «Наханачул а сов Далла муьтӀахь хила деза тхо!

[30] Амма дечигах хьала а оьллина, аша вийна волу Ӏийса вайн дайн а Дала веллачуьра денвина.

[31] Амма Дала Иза, Эла а, кӀелхьардохург а вина, Шен аьтту куьйга айира, Исраилан халкъ, дохко а даьлла, Далла тӀедерзийтархьама а, цу халкъана гечдархьама а.

[32] Тхо тешаш ду оцу дерригенна а. Ша бохург деш волчунна Дала делла Деза Са а ду оцунна теш».

[33] И дуьйцург а хезна, динан коьрта да а, чохь берш а чӀогӀа оьгӀазбахара. Векалш байа лууш бара уьш.

[34] Наха лоруш а волуш, парушхо а волуш, цхьа Ӏелам стаг вара царна юкъахь. Цуьнан цӀе Гамлиал яра. Кхеташона хьалха а хӀоьттина, цхьана ханна векалш арабахийтира цо.

[35] Цул тӀаьхьа цо кхеташонан декъахошка элира: «Исраилхой, дика ойла елаш оцу нахана шаьш дан гӀертачун.

[36] Дукха хан йоццуш кхузахь, ша тхьамда ву аьлла, Тхьада цӀе йолуш цхьа стаг гучувелира. Цунна тӀаьхьа виъ бӀе гергга стаг хӀоьттира. Амма иза вийначул тӀаьхьа, цуьнан накъостий дӀасабевдира. ХӀумма а доцург а хилла, дӀаделира и гӀуллакх.

[37] Цул тӀаьхьа Галилайра Яхьуд гучувелира. Нах дӀаязбечу хенахь веанчу цо гӀаттамана тоба вовшахтуьйхира. Иза а вийра, цунна тӀаьхьахӀиттинарш а дӀасабевдира.

[38] Цундела хӀокху хӀуманна тӀедоьгӀна сан хьехар ду шуна: и нах Ӏадбита, дӀахеца уьш. Цара долийна хӀума нахера делахь, иза, дайна, дӀадер ду.

[39] Нагахь и Делера делахь, шуьга иза сацалур дац. Шу шаьш а Далла дуьхьал девлларш хир ду».

[40] Цо бохучуьнга ладуьйгӀира цара. Векалш, чу а кхайкхина, царна етта а йиттина, Ӏийсан цӀарах лаьцна кхин дийцар дехка а дихкина, дӀахийцира цара.

[41] Векалш кхеташонера арабевлира, Ӏийсан дуьхьа шаьш сийсазбан хьакъ хиларна баккхий а беш.

[42] ХӀора денна Делан цӀийнан кертахь а, цӀеношкахь а ца хеддаш хьехамаш а беш, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах лаьцна нахе хаза кхаъ кхайкхабора цара.

Ӏийсан векалийн гӀуллакхаш — Chapters