[1] Берриг а ЯхӀуд-махкахь болчу векалшна а, динан вежаршна а хезнера, кхечу къаьмнех болчара Делан дош тӀеэцна бохуш.
[2] Цундела Кипа Ярушалайме веача, Ӏийсах тешаш болу сунтбинарш хӀокхуьнга бехкаш даха хӀиттира.
[3] «Сунтбаза болчеран чу а воьдуш, цаьрца хӀума йиъна ахь», – бохура цара.
[4] ТӀаккха дерриге а муха хилла, царна ма-дарра дийца волавелира Кипа.
[5] «Со Яппи-гӀалахь доӀанаш деш вара, – дуьйцура цо, – шовкъ еанчу суна сурт хӀоьттира. Еа маьӀӀера схьа а лаьцна, стигалара со волчу охьайоуьйтуш йолу цхьа йоккхачу шаршух тера хӀума гира суна.
[6] Цу чу хьаьжча, суна гира биъ ког болу дийнаташ а, акхарой а, кхин а текхаргаш а, олхазарш а.
[7] Юха суна аз хезира: „Кипа, хьала а гӀаттий, яйа а яйий, яа уьш“, – аьлла.
[8] Ас жоп делира: „Ма ала иза соьга, Веза Эла! Цкъа а хьарам йолу хӀума йиъна яц аса“, – аьлла.
[9] Стигаларчу озо юха а элира: „Дала магийтинарг хьарам ма хета“.
[10] Иштта кхузза хилира, юха шаршу стигала хьалаяьхьира.
[11] Оццу хенахь со волчу цӀенна уллохь кхо стаг сецира. Уьш со волчу Кхесрин-гӀалара бахкийтина бара.
[12] Делан Сино, шек а ца волуш, цаьрца дӀагӀо элира соьга. ХӀара ялх динан ваша а веара соьца. Тхо соьга кхайкхинчу стеган цӀа чу дахара.
[13] Цу стага дийцира, цӀа чохь шена малик гина бохуш. Малико аьлла цуьнга: „Яппи-гӀала ШамӀе схьакхайкха бахийта. Цунах кхин Кипа а олу.
[14] Цо цхьа хаза кхаъ бахьар бу шуна. И кхаъ бахьанехь хьо а, хьан цӀеранаш а кӀелхьарбевр бу“.
[15] Со дийца волавелча, хьалха тхуна тӀе санна, царна тӀе а Делан Са доьссира.
[16] ТӀаккха суна Везачу Элан дешнаш дагадеара: „Яхьъяс адамаш хих чекхдохура, ткъа шу Делан Синах дузур ду“.
[17] Цундела Дала леррина къобалвинчу Ӏийса-Элах тешачу вайна Дала делларг царна а делла хилча, со мила ву Далла дуьхьал вала?»
[18] Оцу дерригене а ладоьгӀча, церан дуьхьал ала хӀумма а дацара. Цара Далла хастам бора: «Дала кхечу къаьмнех болчарна а некъ белла Шена тӀеберза, Шеца дахар хилийта».
[19] Тапа вийначул тӀаьхьа шайна беш хиллачу ницкъах бевдда кӀелхьарбевлла Ӏийсах тешнарш Пиники-гӀала а, Кипре а, Антиохе а кхечира. Ӏийсах болу хаза кхаъ жуьгташна бен ца бовзуьйтура.
[20] Амма цхьацца болу кипрхой а, къуринхой а Антиохе а баьхкина, Ӏийса-Элах лаьцна хаза кхаъ грекашна а бийца буьйлабелира.
[21] Цаьрца Везачу Элан лаам бара, цундела дукхахберш церан дешнех а тешна, Везачу Элана тӀебирзира.
[22] Цунах лаьцна хаам Ярушалаймехь болчу Ӏийсах тешачу нахе кхечира. Цигара Антиохе Бар-Нааб вахийтира.
[23] ДӀа а кхаьчна, билггала хилла болу Делан къинхетам шена гича, хазахеттачу Бар-Нааба, Ӏийсах тешна нах иркарахӀиттош, къамел дира, Везачу Элах тешар шайн дегнашкахь латтаде бохуш.
[24] Делах тешарх а, Делан Синах а вуьзна волу Бар-Нааб дика стаг вара. Иза бахьана долуш дукха адам Везачу Элана тӀедирзира.
[25] Цул тӀаьхьа Бар-Нааб Тарсе вахара, цигахь Шаул лахархьама.
[26] Схьа а лехна, иза Антиохе схьавалийра цо. Дийнна шарахь Ӏийра Бар-Нааб а, Шаул а Антиохехь Ӏийсах тешачийн тоба йолчохь. Цара дуккха а нахана хьийхира. Антиохехь дуьххьара элира мурдех «Дала леррина Къобалвинчун берш».
[27] Цу хенахь Ярушалаймера Антиохе масех пайхамар веара.
[28] Агав цӀе йолчу царах цхьаммо, дӀа а хӀоьттина, Делан Синан цӀарах хаам бира, римхойн пачхьалкхехь мацалла хӀуттур ю аьлла. (Калабди Рим-мехкан паччахь волчу хенахь хилира иза.)
[29] Цундела мурдаша сацам бира, шайн тароне хьаьжжина, ЯхӀуд-махкахь болчу динан вежаршна гӀо дан.
[30] Иштта дан а дира цара. Ярушалаймехь болчу Ӏийсах тешачийн тобанан тхьамданашка шаьш гулдинарг Бар-Наабе а, Шауле а дӀадахьийтира цара.