Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 2:38

[1] Цу деношкахь, мурдаш сов болучу хенахь, царах грекахойн мотт буьйцу жуьгтий Ӏебархойн мотт буьйцучу жуьгташна аьрзнаш дан буьйлабелира. Цара бохура денна йоькъучу хӀуманан дакъа шайн бисина Ӏачу зударшна ца кхочуьйту.

[2] ТӀаккха шийтта векало, берриг а мурдаш вовшах а тоьхна, элира: «Делан дош дӀакхайкхор а сацийна, тхо хӀума екъа хӀиттича, нийса хир дац.

[3] Цундела, вежарий, аша шайна юкъара ворхӀ стаг харжа веза. Уьш Делан Са а, хьекъал а шайца хиларца гӀарабевлла хила беза. Вай и гӀуллакх царна тӀедуьллур ду.

[4] Ткъа оха тхешан ерриге а хан доӀанаш дарна а, Делан дош кхайкхорна а хьажор ю».

[5] Векалша аьлларг мурдашна тайра. Цара хаьржира Делан Синах а, Делах тешарх а вуьзна волу Тапа а, Пилап а, Прохор а, Никанор а, Тимон а, Парман а, жуьгтийн дин тӀеэцна волу Антиохера Никлас а.

[6] И нах цара векалшна хьалха дӀахӀиттийра. Векалша, доӀа а дина, царна тӀе куьйгаш дехкира.

[7] Делан дош дӀасадаьржаш дара, Ярушалаймехь мурдаш алсамбовлуш бара. Дуккха а динан дай Ӏийсах долчу тешарна муьтӀахь хилира.

[8] Делан къинхетам а, ницкъ а шеца болу Тапа нахана юкъахь тамашийна Ӏаламаташ а, билгалонаш а гойтуш вара.

[9] Къуринара а, Искандарера а, Киликера а, Асиара а жуьгтий шена чубогӀучу, «паргӀатбевлларш» аьлла цӀе йолчу жуьгтийн гуламан цӀийнера цхьаболу нах Тапица къийса бевлира.

[10] Амма цуьнан къамелехь долчу хьекъална а, цуьнца долчу Делан Синан доьналлина а дуьхьало ца ялора цаьрга.

[11] ТӀаккха цара къайлаха нах кечбира дӀахаийта: «Цо Далла а, Муса-пайхамарна а дуьхьал Ӏеса къамел деш хезира тхуна», – аьлла.

[12] Адам а, Ӏелам нах а, баккхийнаш а карзахбехира цара. Тапа, схьа а лаьцна, коьртачу кхеташоне валийра.

[13] Харц тоьшалла дан нах дӀахӀиттийра. Цара бохура: «ХӀара стаг гуттар а езачу меттигна а, товратна а дуьхьал къамел деш ву.

[14] Тхуна хезира кхо бохуш: „Назартарчу Ӏийсас хӀара еза меттиг а йохор ю, Муса-пайхамаро вайна делла гӀиллакхаш а хуьйцур ду“».

[15] Леррина Тапе хьоьжучу кхеташонехь болчу нахана гира, маликан санна, цуьнан серлаяьлла юьхь.

Ӏийсан векалийн гӀуллакхаш — Chapters