[1] Шен шийтта векал схьа а кхайкхина, Ӏийсас царна ницкъ а, бакъо а елира адамашна чуьра дерриг жинаш лахка а, цамгарех нах тобан а.
[2] Цо дӀахьовсийра уьш Делан Олаллех лаьцна кхайкхам бан а, адамашна дарбанаш дан а.
[3] «Шаьш новкъа довлуш, шайца я Ӏаса а ма эца, я тӀоьрмаг а ма эца, я бепиг а ма эца, я ахча а ма эца, я хуьйцуш юха бедар а ма эца», – элира Цо цаьрга.
[4] «Шаьш дӀакхаьчначу цӀа чохь Ӏе, оцу гӀалара арадовллалц.
[5] Нагахь цхьанхьа шаьш тӀе ца эцахь, шайн когаш тӀера чан дӀаегае, гӀалара арадовлуш. Шу тӀе ца эцначу нахана дуьхьал тоьшалла хир ду иза».
[6] Ӏийсан векалш дӀабахара. Ярташкара ярташка а боьлхуш, хаза кхаъ кхайкхош, массанхьа а нахана дарбанаш деш лелара уьш.
[7] Ӏийсас а, Цуьнан мурдаша а дечух лаьцна хабар мехкан куьйгалхочунна ХӀародна а хезира. Иза собарх воьхнера, хӀунда аьлча цхьаболчара бохура веллачуьра Яхьъя денвелла,
[8] вукхара – Эли-ЯхӀу-пайхамар веана, кхозлагӀчара – ширачу заманахьлера пайхамарех цхьаъ денвелла.
[9] ХӀарода ша-шега хоьттура: «Яхьъян ас корта баьккхина. Ткъа и стаг мила ву теша, шех лаьцна и хӀуманаш наха дуьйцуш волу?» Иза Ӏийса ган гӀертара.
[10] Векалша, юха а баьхкина, дийцира Ӏийсана шаьш динчух лаьцна. Уьш а эцна, цаьрца цхьаьна хилархьама, Бет-Саида цӀе йолчу гӀали юххехьа дӀавахара Ӏийса.
[11] Амма Иза мичахь ву а хиъна, дукха адам деара Цунна тӀаьхьа. Ӏийсас уьш тӀеийцира. Цо Делан Олаллех лаьцна а дийцира царна, оьшучарна дарбанаш а дира.
[12] Де суьйренгахьа лестича, Ӏийсан шийтта векало, тӀе а веана, элира Цуьнга: «Адам дӀадахийта деза. Луларчу ярташка а, кӀотаршка а бахана, шайна дӀадийша меттиг а, яа хӀума а лохур цара. Вай долу меттиг яьсса ю», – аьлла.
[13] ТӀаккха Ӏийсас элира цаьрга: «Аша лур ю царна яа хӀума». Векалша жоп делира: «Вайгахь пхи хьокхам, ши чӀарий бен бац. ГӀой, царна массарна а яа хӀума эций оха?» – аьлла.
[14] Цигахь гулвелларг пхи эзар гергга стаг вара. Амма Ӏийсас элира шен мурдашка: «Уьш, бекъа а бекъий, шовзткъе итт-итт стаг волуш тобанашка охьаховшабе», – аьлла.
[15] Цуьнан мурдаша Цо ма-баххара массо а охьахаийра.
[16] Юха, шайгахь болу пхи хьокхам, ши чӀарий схьа а эцна, стигала хьала а хьаьжна, и кхача къобалбеш, доӀа дира Ӏийсас. ТӀаккха и хьокхамаш а, чӀерий а дакъошка декъа а доькъуш, Шен мурдашка дӀакховдадора Цо. Цара и дакъош нахе дӀалора.
[17] Массара а яа а йиира, массо а вуза а вуьзира. Цул тӀаьхьа Ӏийсан мурдаша схьагулдина дисина дакъош шийтта тускар дуьззина дара.
[18] Ӏийсас, Ша висна, доӀа дечу хенахь, Цунна тӀе мурдаш баьхкира. Цо хаьттира цаьрга: «Наха Со мила ву олу?» – аьлла.
[19] Цара жоп делира: «Цхьаболчара Хьо нах хих чекхбоху Яхьъя ву боху, вукхара Хьо Эли-ЯхӀу-пайхамар ву боху, кхозлагӀчара ширачу заманахьлера денвелла веана пайхамар ву боху».
[20] «Ткъа аша хӀун боху, Со мила ву боху аша?» – аьлла, хаьттира Ӏийсас. Кипас жоп делира: «Хьо Дала леррина Къобалвинарг ву-кх», – аьлла.
[21] Ӏийсас и хӀума нахе дӀахаийтар чӀогӀа дихкира царна.
[22] Цо элира: «Адамийн КӀантах иштта хила дезар ду: Цуьнан дукха баланаш лан дезар, баккхийчара а, динан коьртачу дайша а, Ӏеламчу наха Иза тӀе ца лаьцна хила а дезар ду, Иза вийна хила а везар ву, амма кхозлагӀчу дийнахь Дала Иза веллачуьра денван а везар ву».
[23] ТӀаккха Ӏийсас элира массаьрга а: «Соьца ван луург, шен „со“ бохург дӀа а теттина, хӀора дийнахь шен баланийн мохь тӀе а лаьцна, Суна тӀаьхьахӀотта веза.
[24] ХӀунда аьлча шен са кӀелхьардаккха воьлларг синах вер ву, ткъа Сан дуьхьа са дӀаделлачо иза кӀелхьардоккхур ду.
[25] ХӀун пайда бу стагана дерриг а дуьне цуьнан а хилла, цо ша хӀаллаквича я шена зен дича?
[26] Нагахь санна Сох а, Сан дешнех а эхь хетахь, Адамийн КӀант дӀавоьрзур ву цу стагах, Шен а, Шен Ден а, Делан маликийн а Олаллин нуьрехь Ша веача.
[27] Аса баккъалла а боху шуьга: шуна юкъарчу цхьаболчарна шаьш кхалхале Делан Олалла гур ду».
[28] Цул тӀаьхьа, ворхӀ-бархӀ де даьлча, Шеца Кипа а, Яхьъя а, Якъуб а эцна, Ӏийса доӀа дан лам тӀе хьалавелира.
[29] ДоӀа дечу хенахь Цуьнан юьхь цӀеххьана хийцаелира, духар чӀогӀа кӀайделира, тӀехь бӀаьрг ца сацалуш.
[30] Олаллин нур лепаш ши стаг дӀахӀоьттира Цунна юххе. И шиъ Муса-пайхамар а, Эли-ЯхӀу-пайхамар а вара. Ӏийсаца къамел дира цу шиммо. Цара дуьйцура Ӏийсан, Ярушалаймехь, адам паргӀатдаккхархьама, дуьнен чуьра дӀакхалха дезарх лаьцна.
[32] Кипа а, цуьнан накъостий а чӀогӀа наб кхетта бара. Самабевлча, царна гира Ӏийсан а, Цуьнца лаьттачу шина стеган а Олаллин нуьран лепар.
[33] И ши стаг дӀаваха воьлча, Кипас элира: «Устаз! Ма дика Ӏа вай кхузахь! Кхо кхалор ей вай Хьуний, Мусаний, Эли-ЯхӀуний?» Цунна шена а ца хаьара ша хӀун дуьйцу оцу хенахь.
[34] Кипа къамел дина а валале, марха тӀе а еана, уьш дӀахьулбелира цуьнан ӀиндагӀехь. Ӏийсан накъостий кхерабелира, цу мархина юкъахь Ӏийса а, Муса а, Эли-ЯхӀу а нисвелча.
[35] Мархи юкъара аз хезира: «ХӀара ву Ас хаьржина волу Сан КӀант. Цуьнга ладогӀалаш!»
[36] Аз дӀатийча, царна Ӏийса ша лаьтташ гира. Мурдаша шайна гинарг къайладаьхьира, цу хенахь цхьаьнгге а ца дуьйцуш.
[37] ШолгӀачу дийнахь, уьш лам тӀера чубиссича, Ӏийсана дуьхьал еара адамийн йоккха тоба.
[38] Нахана юккъера цхьана стага чӀогӀа мохь туьйхира: «Устаз! Доьху Хьоьга, хьажахьа сан кӀанте! Иза сан цхьаъ бен вац!
[39] Кест-кеста цунна чудолучу жино хьийзаво иза. КӀант, мохь хьоькхуш, лаьттах веттало, багах чопаш оьхуш. Иштта цунна ницкъ бой, иза лазавой бен дӀа ца долу и жин.
[40] Ас Хьан мурдашка дехнера жин эккхаде аьлла, амма цаьрга хӀумма а дан ца делира».
[41] Ӏийсас элира: «Галбевлла болу нах! Ва тешар доцу тукхам! Мел хир ву техьа Со шуна юкъахь? Мел лан деза техьа Сан шу? Схьавалаве хьайн кӀант!»
[42] КӀант, тӀевогӀучу хенахь, жино охьатуьйхира, лазар а даийтина. Амма Ӏийсас жине арадала аьлла омра а дина, кӀант туо а вина, дега дӀавелира.
[43] Массо а Делан боккхачу ницкъах чӀогӀа инзарваьлла вара. Нах Ӏийсас дечух дерригенах цецбевлла лаьттара. Оцу хенахь Цо Шен мурдашка элира:
[44] «Дика ладогӀалаш, диц а ма делаш Ас шайга аьлларг: Адамийн КӀант нехан кара лур ву».
[45] Амма мурдаш ца кхийтира Цо аьллачух. Ткъа оцу дешнийн маьӀна Дала царах лачкъийна дара. Ӏийсага, и хӀун ду аьлла, хатта уьш ца баьхьира.
[46] Мурдаша къовсам баьккхира, шайна юкъахь лакхарниг мила ву аьлла.
[47] Ӏийсас, церан дагара хууш, жима бер схьа а эцна, Шена юххе дӀа а хӀоттийна,
[48] элира: «Сан дуьхьа хӀара бер тӀеэцначо Со а тӀеоьцу. Ткъа Со тӀеоьцучо Со Ваийтинарг а тӀеоьцу. Цундела шуна юкъахь уггар кӀезиг верг а уггар лакхарниг ву».
[49] ТӀаккха Яхьъяс элира Ӏийсага: «Устаз! Вайна юкъара воццушехь а, Хьан цӀарах жинаш арадоху цхьа стаг гира тхуна. И вайх цхьаъ воцу дела, иза сацо гӀиртира тхо».
[50] Ӏийсас жоп делира: «Сеца ма ве иза! ХӀунда аьлча шуна дуьхьал воцург шуьгахьа ву!»
[51] Ша стигала хьалаоьцу волу хан тӀекхача йоьлча, Ӏийсас сацам бира Ярушалайме ваха.
[52] Цо Шен геланчаш хьалха бахийтира цхьана шамранхойн юьрта, Шена оьшучунна кечам байтархьама.
[53] Амма оцу юьртарчу наха Ӏийса тӀе ца ийцира, хӀунда аьлча гуш дара Иза Ярушалайме воьдуш вуйла.
[54] И болх а гина, Цуьнан мурдаша Якъуба а, Яхьъяс а элира: «Эла! Хьуна лаахь, оха стигалара стелахаьштиг а тохийтина, хӀаллакбойтур бу и нах».
[55] Амма Ӏийсас, юхавирзина, дихкира царна и дар.
[56] ТӀаккха Ӏийса а, Цуьнан мурдаш а кхечу юьрта бахара.
[57] Уьш новкъахула богӀучу хенахь, цхьана стага элира Ӏийсага: «Со Хьуна тӀаьхьа хӀуттур ву, Хьо миччахьа а водахь а».
[58] «Цхьогалийн а, олхазарийн а чохь Ӏан баннаш ду, ткъа Адамийн КӀентан корта дӀатовжо меттиг а яц», – аьлла, жоп делира цунна Ӏийсас.
[59] Кхечу стаге Цо элира: «Суна тӀаьхьа схьавола!» – аьлла. Амма оцу стага дийхира: «Сан Эла! Пурба лохьа суна, цкъа, цӀа а вахана, сайн да дӀаволла».
[60] «Белларш беллачарна бита, ткъа ахь, Суна тӀаьхьахӀотта лууш хьо велахь, ваха а гӀой, Делан Олалла кхайкхаде», – элира цуьнга Ӏийсас.
[61] Кхин цхьана стага элира Цуьнга: «Эла! Со Хьоьца вогӀур вара, пурба лохьа суна цкъа цӀахь болчаьрца Ӏодика ян», – аьлла.
[62] Ӏийсас жоп делира цунна: «Нахаран тӀам схьа а лаьцна, юхахьоьжуш верг Делан Олаллина пайденна вац», – аьлла.