Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 5:29

[1] Цкъа шоьтан дийнахь парушхойн цхьа куьйгалхо волчу хӀума яа ваханера Ӏийса. Чохь берш леррина хьоьжура Цо дечуьнга.

[2] Цигахь Цунна дуьхьал нисвелира цхьа стаг. Иза, чкъура кӀел хи а хӀоьттина, оцу цамгарх чӀогӀа бала хьоьгуш вара.

[3] ТӀаккха Ӏийсас хаьттира Ӏеламчу нахе а, парушхошка а: «Далла леринчу шоьтан дийнахь дарба дан бакъо ю я яц?»

[4] Уьш бист ца хилира. Ӏийсас, цунах куьг а Ӏоьттина, цомгушчунна дарба а дина, иза дӀавахийтира.

[5] Ткъа вукхаьрга Цо хаьттира: «Нагахь шун кӀант я, масала, сту гӀуна чу боьжча, сихха дахана иза хьалабоккхур бац аш, Далла леринчу шоьтан де делахь а?»

[6] Церан Кхуьнга ала хӀумма а дацара.

[7] Ӏийсас тидам бира хьошалгӀа кхайкхина нах баьрччехь йолу меттигаш дӀалаца гӀертар. Цо тӀаккха царна цхьа хьекъале хӀума дийцира:

[8] «Хьо цхьанхьа зуда ялийначу метте кхайкхина велахь, баьрчче хаа ма гӀерта, хӀунда аьлча хьол лоруш волу стаг а кхайкхина хила там бу цига.

[9] ТӀаккха хьо а, иза а кхайкхинчу хӀусамдас, тӀе а веана, хьоьга эр ду: „ХӀокху стагана меттиг ло“, – аьлла. Нахана хьалха юьхьӀаьржачу а хӀоьттина, уггар йистера меттиг дӀалаца езар ю хьан.

[10] Хьо хьошалгӀа кхайкхинчу хӀусамехь неӀарера меттиг дӀалаца, хӀусамдега, хьайна тӀе а веана, алийта: „ДоттагӀа! Вало, хьуьлла баьрчче хаа“, – аьлла. ТӀаккха вукху хьешашна хьалха хьан ларам хир бу,

[11] хӀунда аьлча хӀора ша лакхара хеташ верг, лах а вина, кӀезиг хетар ву, ткъа ша кӀезиг хеташ верг лакхаваьккхина хир ву».

[12] Цул тӀаьхьа Ша кхайкхинчу хӀусамдега Ӏийсас элира: «Айхьа нах хӀума яа чукхойкхуш, хьайн доттагӀий а, вежарий а, гергара нах а, хьалдолу лулахой а ма кхайкха, хӀунда аьлча церан таро ю хьо чукхайкха а, шайна дина дика юхадан а.

[13] Айхьа шун хӀоттош, къенаш, заьӀапнаш, астагӀнаш, бӀаьрзенаш кхайкха.

[14] Хьо декъала хир ву, хӀунда аьлча церан хьуна иза юхадан таро яц. Делан лаамехь болу нах денлучу дийнахь, юхалур ду хьуна иза».

[15] И хӀума хезча, чохь болчех цхьаммо элира: «Декъала ву Делан Олалла тӀелаьцначарна юкъахь кхачанах кхеттарг!»

[16] ТӀаккха Ӏийсас дийцира: «Цхьана стага доккха той а хӀоттийна, дуккха а хьеший кхайкхина.

[17] Той дӀадоло хан тӀекхаьчча, шен ялхо вахийтина цо шуьне кхайкхинчаьрга дӀаала: „Схьадуьйла, дерриг а кийча ду“, – аьлла.

[18] Амма хьеший, цхьаъ санна, бехказа бийла хӀиттина. Хьалхарчо аьлла: „Ас латта эцна, вахана цуьнга хьажа дезаш ву со, доьху хьоьга, къинтӀера валахь суна“.

[19] ШолгӀачо аьлла: „Ас пхи шуьста эцна, и стерчий дӀа а доьжна, мега ца мега хьажа воллура со. Суна къинтӀера валахь“, – аьлла.

[20] КхозлагӀчо аьлла: „Ас зуда ялийна, цундела вогӀийла дац сан“, – аьлла.

[21] Вухавеанчу ялхочо хӀусамдега и дерриг дӀааьлла. ТӀаккха оьгӀазваханчу хӀусамдас шен ялхочуьнга буьйр дина: „Хьада, чехкка гӀалин урамашкахула а, майданашкахула а чекхвалий, схьабалабе кхуза къенаш, заьӀапнаш, бӀаьрзенаш, астагӀнаш“.

[22] Юха а веана, ялхочо аьлла: „ХӀусамда! Ахь ма-аллара, дерриг а ас кхочушдина, амма кхин а меттиг ю цӀа чохь“.

[23] ТӀаккха хӀусамдас юха а тӀедожийна ялхочунна: „Ваха а гӀой, гӀалара аравалий, новкъахь а, керташкахь а гинарг схьавалаве, сан цӀа хьешех дуьззина хилийта.

[24] Амма, ас боху шуьга, хьалха кхайкхинчех цхьаъ хир вац сан тойнехь“».

[25] Ӏийсаца йогӀуш адамийн йоккха тоба яра. Цо, юха а вирзина, элира цаьрга:

[26] «Стаг Суна тӀаьхьахӀоьттина схьаван а, Сан мурд хила а йиш йолуш вац, Со шен дел а, ненал а, зудчул а, берел а, вежарел а, йижарел а, ур-атталла дахарал а лараме хеташ иза вацахь.

[27] Шен баланийн мохь схьаэца реза а воцуш, Суна тӀаьхьавогӀург Сан мурд хила йиш йолуш вац.

[28] Масала, шух цхьаъ бӀов ян лууш ву. Охьа а хиина, шен хин йолу харж лорур яц цо, гӀишло чекхъяккха ахча тоьар ду дац хьажа?

[29] Цо, бух а боьттина, дӀаерзо ницкъ а ца кхаьчна, гӀишло йолийначохь йитича, массо а и гуш верг воьлур ма ву цунах.

[30] Цара бохур дара: „ХӀокхо гӀишло йолийначохь чекх а ца яккхалуш йитира“, – бохуш.

[31] Я, масала, цхьа паччахь ву тӀом бан кечлуш. Цкъа, охьа а хиъна, ойла йийр ю цо, шен итт эзар стаг волчу эскарца ткъа эзар стагаца тӀевогӀучунна дуьхьало ялур ю, я яц аьлла.

[32] Нагахь шен ницкъ кхочур бац аьлла, цунна хетахь, мостагӀа генахь волччуьра, цо векалш бохуьйтур бу машар боьхуш.

[33] Делахь, шен долахь долчух дерригенах шух хӀора ца къастахь, Сан мурдаш хила йиш яц шун.

[34] Туьха дика хӀума ю, амма цуьнан чам дӀабаьлча, стен хуьлуьйтур ду иза юха а дуьра?

[35] Иза я лаьттах а, я кхеллех а тоха пайденна дац, дӀакхоссан бен. Лергаш долчунна хӀара хезийла!»

Ӏийсас беана, Лакас дӀаязбина болу хаза кхаъ — Chapters