[1] Шех «Пасахь» олу совсазчу баьпкан деза де дара тӀекхочуш.
[2] Динан коьрта дай а, Ӏелам нах а аьтто лоьхуш бара Ӏийса хӀаллакван, амма уьш халкъах кхоьрура.
[3] ТӀаккха ЯхӀудана-Искархочунна чу иблис дуьйлира. ЯхӀуд Ӏийсан шийтта векалх цхьаъ вара.
[4] Цо, динан коьртачу дайшна а, Делан цӀийнан гӀаролхойн хьаькамашна а тӀе а вахана, Ӏийса царна дӀаваларх лаьцна къамел дира.
[5] Самукъадаьлла, цунна ахча дала барт хилира церан.
[6] ЯхӀуд иза схьаэца реза хилира. Ӏийса царна дӀавала аьтто лоьхура цо, Цунна уллохь халкъ доцучу хенахь.
[7] Совсазчу баьпкан деза де тӀекхечира. Цу дийнахь Пасахьан Ӏахар бен безаш бара – яа хӀума кечъян.
[8] Ӏийсас Кипий, Яхьъяй вахийтира: «Ваха а гӀой, шиммо а вайна Пасахьана дууш долу суьйренан пхьор кечде», – аьлла.
[9] «Мичахь кечдан лаьа Хьуна иза?» – аьлла, хаьттира цара.
[10] Цо элира: «ГӀала чу вулуш, кхаби чохь хи дахьаш вогӀу стаг дуьхьалкхетар ву шуна. Цунна тӀаьххье иза вахханчу цӀа чу гӀо.
[11] ХӀусамдега эр ду аша: „Устазо хоьтту: Шен мурдашца Пасахьан суьйренан пхьор даа чоь мичахь ю?“
[12] Цо шуна лакха тӀехь кечйина йоккха чоь гойтур ю, цу чохь кечам бийр бу аш».
[13] Цара, дӀа а бахана, Цо ма-бохху дерриг кара а дина, Пасахьана кечам бира.
[14] Хан тӀекхаьчча, Ӏийса а, Цуьнан векалш а шуьнна гонах гулбелира.
[15] Ӏийсас элира цаьрга: «Сайн бала тӀелацале, хӀара Пасахьан Ӏахар чӀогӀа шуьца баа лиънера Суна.
[16] Ас боху шуьга: хӀара Пасахь Ас дуур дац, Иза Делан Олаллехь кхочушхиллалц».
[17] Ӏийсас, чагӀаран кад схьа а эцна, доӀанца цунах баркалла а аьлла, элира: «Схьа а эций, шайна юкъахь декъа хӀара.
[18] Ас боху шуьга: кемсех даьккхина долу кхин цхьа а малар Аса мер дац, Делан Олаллин де тӀекхаччалц».
[19] Цо, бепиг схьа а эцна, доӀанца цунах баркалла а аьлла, декъа а декъна, мурдашка дӀаделира: «Сан дегӀ ду хӀара, шун дуьхьа дӀалун долу. Со дагалацархьама, иштта делаш».
[20] Шаьш пхьор диина девлча, Ӏийсас, чагӀаран кад схьа а эцна, элира: «Шун дуьхьа Ӏанор долчу Сан цӀийца бинчу керлачу бертан кад бу хӀара.
[21] Суна ямарта волчун куьг а ду Сайчунна уллохь стоьла тӀехь.
[22] Адамийн КӀантаца хиндерг билгалдаьккхина ма-хиллара хир ду, амма декъаза ву Цунна ямарта верг».
[23] ТӀаккха уьш вовшашка хетта буьйлабелира, Ӏийсана ямарта верг мила ву бохуш.
[24] Цул тӀаьхьа мурдаш къийса буьйлабелира, шайна юкъахь коьртаниг мила ву аьлла.
[25] Ӏийсас элира цаьрга: «Кхечу къаьмнийн паччахьаша шайн адамаш тӀехь олалла до, Ӏедал карахь долу нах кхечарна комаьрша хета,
[26] амма шу иштта хир дац. Мелхо а, шуна юкъахь лакхара верг жиманиг санна хила, ткъа хьаькам верг – ялхо санна хила.
[27] Коьртаниг мила ву: стоьла улло хиина юуш верг я цунна оьшург тӀеяхьаш, гӀуллакх деш верг? Юуш верг вац? Ткъа Со шуна юкъахь ялхо санна ву.
[28] Шу Сан массо а халонех Соьца чекхдевлла,
[29] Ас олалла ло шуна, Сан Дас иза Суна ма-даллара.
[30] Сан Олалла долчохь дууш а, молуш а хир ду шу Сан стоьла тӀехь. Исраилан халкъана юкъарчу шийтта тайпанна кхел а еш, шу паччахьийн гӀанташна тӀе охьаховшор ду Ас».
[31] Везачу Эло элира: «Ва ШамӀа! Иблис шу, кӀа санна, дӀасакхийсина хила лууш ду,
[32] амма хьох Ас доӀа дина, хьан Делах тешар лагӀ ца далийта. Ахь-айхьа, хьо Далла тӀе юхавирзича, хьайн вежарийн Делах тешар чӀагӀделахь».
[33] Кипас жоп делира: «Эла! Со Хьоьца набахте ваха а, вала а кийча ву!» – аьлла.
[34] Амма Ӏийсас элира: «Ас боху хьоьга, Кипа, тахана Ӏуьйранна нӀаьна кхайкхале, кхузза Сох дӀакъаьстар ву хьо, Со хьайна ца вевза аьлла».
[35] Юха Цо хаьттира мурдашка: «Ас шу бохча а, тӀоьрмаг а, мачаш а йоцуш дахийтича, хӀумма а оьшурий шуна?» «Ца оьшура», – элира цара.
[36] «ХӀинца, шайн делахь, бохча а схьаэца, тӀоьрмаг а схьаэца, шайн тур дацахь, коч йохкий а, тур эца.
[37] Яздина ду: „Иза зуламхойх дӀатуьйхира“. Ас боху шуьга: иза Соьца хир ду. Дерриг а Сох яздинарг хӀинца кхочушхуьлуш ду».
[38] Цара элира: «Эла! Хьажахьа, тхоьгахь ши тур ду», – аьлла. «Тоьар ду цунах лаьцна», – жоп делира Ӏийсас.
[39] Гуттар а Ша ма-ваххара, Зайт-диттийн лам тӀе вахара Ӏийса. Мурдаш а бахара Цуьнца.
[40] Шаьш дӀакхаьчча, Ӏийсас элира: «ДоӀа де, шаьш къилахь долчу лаамашна кӀел ца дисийта».
[41] Ша а царна тӀулг кхоссал йолчу метте дехьа а ваьлла, гора а воьжна, доӀа дан хӀоьттира:
[42] «Дада! Хьайн лаам белахь, и къаьхьа кад Суна юххехула чекхбаккхахьа! Делахь а, Сан лаамца доцуш, Хьан лаамца хуьлийла дерриг а».
[43] Стигалара деанчу малико дог чӀагӀдира Цуьнан.
[44] Халачу хьолехь кхин а чӀогӀа доӀа дан хӀоьттира Ӏийса. Цуьнан хьацар, цӀийн тӀадамаш санна, лаьтта оьгура.
[45] ДоӀа дина а ваьлла, мурдашна тӀевахара Иза. ГӀайгӀано дог дохийна, гӀелбелла, бийшина Ӏохкуш карийра Цунна уьш.
[46] «Шу дийшина хӀунда Ӏохку? – хаьттира Ӏийсас – ХьалагӀовтта, доӀанаш де, шаьш къилахь долчу лаамашна кӀел ца дисийта».
[47] Ӏийсан къамел чекх ца даьллера, адамийн тоба гучуяьлча. Хьалха ваьлла вогӀура шийта векалан тобанан юкъахь хилла ЯхӀуд. Иза Ӏийсана тӀевеара – Цунна барт баккха.
[48] Ӏийсас хаьттира: «ЯхӀуд, барт а боккхуш, ямарта волуш ву хьо Адамийн КӀантана?»
[49] Ӏийсаца болчара, гӀуллакх муха ду а гина, хаьттира: «Эла, тарраш схьаэца оха?» – аьлла.
[50] Царах цхьаммо тур тоьхна динан коьртачу ден ялхочун аьтту лерг даьккхира.
[51] Амма Ӏийсас элира: «Собар де, тоьар ду!» Цо, куьг Ӏоьттина, лерг тодира цу стеган.
[52] Юха Ша лаца баьхкинчу динан коьрта дайшка а, Делан цӀийнан гӀаролхойн хьаькамашка а, баккхийчаьрга а элира Цо: «Талорхо лаца доьлхуш санна, таррашций, хьокханашций ара ма девлла шу!
[53] ХӀора дийнахь шайца Со Делан цӀийнан кертахь волуш, Суна тӀе куьг ма ца ойура аш. Амма хӀинца ерг шун хан ю, иблисан бодане ницкъ баьржина хан».
[54] Цара Ӏийса, схьа а лаьцна, динан коьртачу ден цӀа чу вигира. Кипа, царна гено тӀаьхьа а хӀоьттина, вахара.
[55] Гулбелларш, кертахь цӀе а латийна, бохлуш хевшина Ӏаш бара. Кипа а вара царна юкъахь хиъна Ӏаш.
[56] Цхьана йоӀана-ялхочунна гира иза цӀера юххехь Ӏаш. Леррина Кипе а хьаьжна, цо элира: «И стаг а вара Цуьнца».
[57] Амма Кипас элира: «Зуда, суна ца вевза Иза».
[58] Жимма тӀаьхьо цхьаммо, хӀара гина, элира: «Хьо а ву царах цхьаъ». «ХӀан-хӀа, вац», – жоп делира Кипас.
[59] Кхин цхьа сахьт хан яьлча, кхин цхьаммо а, тӀедожош, элира: «ХӀара билггала хилла Ӏийсаца, хӀунда аьлча хӀара а галилайхо ву».
[60] Кипас дуьхьало йира: «Стаг, ахь хӀун дуьйцу ца хаьа суна», – аьлла. Цуьнан къамел чекх а далале, нӀаьна кхайкхира.
[61] Веза Эла, юха а вирзина, нийсса Кипина тӀе хьаьжира. ТӀаккха дагадеара цунна Везачу Элан дешнаш: «Тахана нӀаьна кхайкхале, Со кхузза дӀатосур ву ахь».
[62] Кипа, кертара ара а ваьлла, доггах вилхира.
[63] Ӏийса ларвеш болу нах Цунах боьлуш, Цунна етташ бара.
[64] Цара, Цуьнан бӀаьргаш дӀа а боьхкий, тоха а тухий, хоттура: «Хьо пайхамар велахь, дийцал, хьан тоьхна Хьуна?»
[65] Кхин дуккха а Иза сийсазвеш долу хӀуманаш дуьйцура цара.
[66] Ӏуьйранна хьалххе шайн кхеташоне гулбелира баккхий нах. Царна юкъахь бара динан коьрта дай а, Ӏелам нах а. Уьш болчу валийра Ӏийса.
[67] «Хьо Дала Леррина Къобалвинарг велахь, нийсса тхоьга схьаала», – бохура цара. Ӏийсас элира: «Ас шуьга Со И ву алахь, шу тешар дац.
[68] Нагахь Ас шуьга хаттахь, аш а Суна жоп лур дац.
[69] Амма хӀинца дуьйна дӀа Адамийн КӀант Нуьцкъалчу Далла аьтту агӀор хиъна Ӏийр ву».
[70] Уьш массо а хетта буьйлабелира: «Хьо Делан КӀант ву ткъа?» Цо жоп делира: «Аш шаьш а боху-кх Со ву».
[71] ТӀаккха цара элира: «Кхин хӀун тоьшаллаш оьшу кхузахь? Цуьнан багара схьадаьлла иза хези-кх вайна!»