Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 5:25

[1] Шен мурдашна Ӏийсас кхин цхьа хьекъале дийцар далийра: «Цхьана хьалдолчу стеган бахаман дола деш урхалхо хилла. Цхьаммо аьлла цу хьолахочуьнга, цуьнан бахам урхалхочо байина дӀабоккхуш бу аьлла.

[2] Урхалхо тӀе а кхайкхина, хӀусамдас хаьттина: „И хӀун ду суна хьох лаьцна хезаш дерг? ДӀа а гӀой, хьайн балхах жоп дала кечам бе, кхин дӀа хьоьга урхалла ца дойту ас“, – аьлла.

[3] ТӀаккха урхалхочо ойла йина: „Ас хӀун дан деза? ХӀусамдас со балхара дӀавоккхуш ву. Латта ахка ваха сан ницкъ бац, сагӀа деха эхь хета.

[4] ХӀа! Суна хаьа хӀун дан деза, кхузара дӀаваьккхича кхечу меттехь со тӀеэцийта“.

[5] Цхьацца кхойкхуш, шен хӀусамден декхархой тӀекхайкхина цо. Хьалхарчуьнга хаьттина: „Хьо мел декхарийлахь ву сан хӀусамдена?“

[6] Вукхо жоп делла: „БӀе черма зайтдаьтта“. Урхалхочо аьлла цуьнга: „ХӀара хьайн декхар тӀеяздина кехат схьа а эций, сихха охьахаий, дӀаязде: шовзткъе итт“.

[7] Юха кхечуьнга хаьттина: „Хьо мел дала дезаш ву сан хӀусамдена?“ Цо аьлла: „Эзар гали кӀа“. Урхалхочо аьлла: „Хьайн декхаран кехат схьа а эций, дӀаязде: бархӀ бӀе гали“.

[8] ХӀусамдас хастийна тешаме воцу урхалхо, сел кхетаме иза хиларна. Бан а бу хӀокху заманна хьакъ болу нах Делан нуьрехь болчу нахал кхетаме, шаьш санна болчаьрца гӀуллакх догӀуш.

[9] Ас боху шуьга, харц дуьненан хьолах пайда а оьцуш, шайна доттагӀий лаха. Юха, и хьал шух дуьсур долчу хенахь, Дала Шен даим лаьттачу цӀа чохь тӀеоьцур ду шу.

[10] КӀезигчу хӀуманна тӀехь тешаме верг доккхачунна тӀехь а тешаме ву, ткъа кӀезигчунна тӀехь тешаме воцург доккхачунна тӀехь а вац.

[11] Нагахь шу дуьненан хьал гулдеш тешаме ца хиллехь, стигалахь бакъдолу хьал шух хьан тешор ду?

[12] Неханиг шух тешна дита мегаш ца хилча, шуниг хьан лур ду шуна?

[13] Шина хӀусамдена гӀуллакх далур дац цхьана ялхочуьнга. Цунна цхьа хӀусамда везар ву, важа везар вац, я цхьанна хьесталур ву, ткъа вукхунах вешар вац. Цундела цхьаьний – Далла а, хьолана а ялхой хилалур дац шу».

[14] Ахча дукха дезаш болу парушхой и дерриг а хаза а хезаш, Ӏийсах боьлуш бара.

[15] Ткъа Цо элира цаьрга: «Шу нахана хьалха диканаш хила гӀерташ ду, амма Далла хаьа шун дагахь дерг. Адамашна мехала хетарг Далла боьха хета.

[16] Товрат-хьехамаш а, пайхамарша яздинарг а Яхьъя-пайхамар гучуваллалц лелла, ткъа цу хенахь дуьйна Делан Олаллех лаьцна болу хаза кхаъ а кхайкхош бу. Массо а чӀогӀа Делан Олалла тӀелаьцначарна юкъахь хила лууш а ву.

[17] Амма стигалний а, латтаний а атта хир ду дӀакъовладала, товрат-хьехамаш тӀера цхьа сиз дӀадовчул.

[18] ХӀора, шен зуда а йитина, кхин ялош верг ямарта волуш ву, и санна ямарта йитина зуда ялош верг а ву».

[19] Юха Ӏийсас дийцира: «Вехаш хилла цхьа хьалдолу стаг. Деза а, хаза а духар тӀе а духий, хӀора дийнахь той а хӀоттадой, сакъоьруш хилла цо.

[20] Ткъа цуьнан кевнна йисттехь Ӏуьллуш, ЛаӀзар цӀе йолуш сагӀадоьхург хилла, дерриг дегӀ дӀалаьцна даьӀнаш а долуш.

[21] Хьолахочун стоьла тӀера охьаэгна юьхкаш йиъна а, хӀума яа лууш хилла цунна. ЖӀаьлеша, тӀе а догӀий, цуьнан даьӀнашна тӀе мотт хьоькхуш хилла.

[22] Эххар а сагӀадоьхург велла. Маликаша ИбрахӀимна юххе, баьрччехь йолчу метте, дӀаваьхьна иза. Хьолахо а велла, иза дӀавоьллина.

[23] Жоьжахатин цӀергахь Ӏазапехь воллуш, дӀахьаьжначу хьолахочунна геннахь ИбрахӀим а, цунна уллохь ЛаӀзар а гина.

[24] Мохь а тухуш, дехар дина хьолахочо: „Ва сан да ИбрахӀим! Къинхетам бехьа сох. ЛаӀзар ваийтахьа, шен пӀелг хи чу а Ӏоьттина, сан мотт шелбайта, хӀокху цӀергахь чӀогӀа холчохь ву-кх со!“ – аьлла.

[25] Амма ИбрахӀима аьлла: „Сан кӀант! Дагадаийта, хьо муха Ӏаш вара. Хьуна дерриг а диканиг кхаьчнера хьайн дахарехь, ткъа ЛаӀзарна – дерриг вониг. ХӀинца цунна кхузахь синтем хилла, ткъа хьо баланехь ву.

[26] Цул сов, хьуна а, тхуна а юкъахь чӀогӀа кӀорга Ӏин даьккхина. Нагахь кхузара цхьанна хьуна тӀеван лиъча а, иза дӀавалур вац, цигара цхьа а кхуза сехьа а валалур вац“.

[27] ТӀаккха аьлла хьолахочо: „Ас доьху хьоьга, ЛаӀзар вахийтахьа сан ден хӀусаме,

[28] сан пхи ваша ма ву. Цаьрга дӀахоуьйтур дара цо кхузахь дерг, хӀара Ӏазап хьега уьш кхуза ца кхачийта“.

[29] ИбрахӀима аьлла цуьнга: „Церан Мусан а, кхечу пайхамарийн а деза йозанаш ду, цара яздинчуьнга ладогӀа дезаш ма бу уьш!“

[30] Хьолахочо жоп делла: „ХӀан-хӀа, дада ИбрахӀим! Нагахь веллачех цхьаъ шайна тӀевеача, лелийначунна дохко а бевлла, Далла тӀебоьрзур бара уьш“.

[31] ТӀаккха ИбрахӀима аьлла цуьнга: „Нагахь Мусага а, кхечу пайхамаршка а ла ца догӀахь, веллачуьра денвеллачух а уьш тешар бац“».

Ӏийсас беана, Лакас дӀаязбина болу хаза кхаъ — Chapters