Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 6:41

[1] Ӏуьйранна хьалххе, сатосучу хенахь, кӀиранан хьалхарчу дийнахь, шаьш кечдина хьакхарш а эцна, зударий къубба йолчу бахара.

[2] Къуббанна тӀетовжийна тӀулг дӀакарчийна карийра царна.

[3] Чоьхьа бевлча, царна Ӏийса-Элан дегӀ ца карийра.

[4] Юха, уьш цецбевлла лаьттачу хенахь, царна хьалха хӀоьттира къегаш духар дуьйхина ши стаг.

[5] Кхерабелла, бертал ийгира зударий. Шина стага элира цаьрга: «Дийнаниг беллачарна юкъахь хӀунда лоьху аш?

[6] Иза кхузахь вац, Иза денвелла! Дагадаийта Ша Галилайхь волуш Цо шуьга аьлларг:

[7] „Адамийн КӀант къинош летийначу нехан кара дӀалур ву, жӀарах дӀа а тухур ву, амма кхозлагӀчу дийнахь денлур ву“».

[8] ТӀаккха царна дагадеара Ӏийсан и дешнаш.

[9] Къубба йолчуьра юха а баьхкина, и дерриг цхьайтта векална а, кхечу мурдашна а дийцира цара.

[10] Шайна гинарг векалшна дуьйцучаьрца бара Магдалера Марем а, Яхьани а, Якъубан нана Марем а, кхиболу зударий а.

[11] Амма зударша дийцинчух цхьа а ца тийшира. Церан дешнаш даьсса хийтира.

[12] Ткъа Кипа, хьалагӀаьттина, ведда къубба йолчу вахара. Чухьаьжначу цунна ша-ша яьхна Ӏохкуш кӀадинан кескаш карийра. Иза юхавеара, хиллачух чӀогӀа цец а вуьйлуш.

[13] Цу дийнахь цигахь хиллачех ши стаг вара Ярушалаймера цхьайтта чаккхарма генахь йолчу Ӏаммас-эвла воьдуш.

[14] Цу шиммо оцу хиллачу хӀуманех лаьцна дуьйцура.

[15] Юха и шиъ къамел деш схьавогӀуш, тӀевеана Ӏийса цаьрца дӀаволавелира.

[16] Дала цу шина стагана Ӏийса ца вовзийтира.

[17] Ӏийсас хаьттира цаьрга: «ХӀун дуьйцуш ву шуьшиъ новкъахула вогӀуш?» Важа шиъ сецира, гӀайгӀане яххьаш а йина.

[18] Царах цхьамма, цуьнан цӀе Кхалайп яра, элира: «Хьо, схьагарехь, Ярушалаймехь цхьаъ ву-кх хӀокху деношкахь хӀун ду ца хууш виснарг?»

[19] «Ткъа хӀун хилла?» – хаьттира Ӏийсас. «Назартарчу Ӏийсаца доьзна хилларг, – жоп делира цара. – Иза пайхамар вара. Далла а, массо адамна а хьалха нуьцкъала Устаз а, инзаре хӀуманаш Дийриг вара И.

[20] Динан коьртачу дайша а, тхан хьаькамаша а вен кхел а яйтина, жӀарах дӀатохийтира Иза.

[21] Тхо чӀогӀа тешна дара Цо Исраил-мохк ПаргӀатбоккхург хиларх. Цу тӀе, хӀинца кхозлагӀа де а ду и дерриг а хилла.

[22] Амма тхуна юкъара цхьаболчу зударша цецдаьхна тхо. ХӀокху Ӏуьйранна хьалххе, сатосучу хенахь, къубба йолчу бахача,

[23] Ӏийсан дегӀ ца карийра царна. Схьабаьхкинчу цара дийцира тхуна, шайна хьалха цхьана суьртехь хӀиттинчу маликаша Иза дийна ву боху аьлла.

[24] Цул тӀаьхьа тхан накъостий бахара уьш хиллачу къубба тӀе, зударша ма-дийццара карийра дерриг а, амма Ӏийса царна цигахь ца гира».

[25] ТӀаккха Ӏийсас элира шина некъахочуьнга: «Ма сонта ду шу! Ма сиха дац шун дегнаш дерриге а пайхамарша дийцинчух теша!

[26] Дала Леррина Къобалвинарг Ша болу баланаш лан дезаш вац, Шен сийлалле кхачархьама?»

[27] Муса-пайхамарна тӀера дӀаволавелла, массо а пайхамарша Шех лаьцна Делан Йозанаш тӀехь аьлларг царна дийцира Ӏийсас.

[28] Уьш цхьана юьрта йисте кхаьчча, Ӏийсас Ша кхин а дӀаваха воллу сурт хӀоттийра.

[29] Амма цара дехарш дира Цуьнга: «Тхоьца сацахьа, де суьйренгахьа а лестинера», – аьлла. Ӏийса цаьрца сацархьама цӀа чу вахара.

[30] ХӀума яа буьйлалуш Иза бепиг, схьа а эцна, доӀанца цунах баркалла а аьлла, декъа а декъна, цаьрга дӀакховдо вуьйлира.

[31] Дала цу шина стагана Ӏийса вовзийтира. Амма Ӏийса царна ца гуш хилира.

[32] Уьш вовшашка хетта буьйлабелира: «Вай новкъа догӀуш, къамел деш а, Цо Делан Йозанан маьӀна дуьйцуш а дегнаш айаделла догуш дацара вайн?» – бохуш.

[33] Сихха хьалагӀаьттина, и шиъ Ярушалайме вахара. Цигахь царна гулвелла цхьайтта векал а, цаьрца берш а карийра.

[34] Векалша дийцира: «Веза Эла билггала денвелла! Иза ШамӀина хьалха хӀоьттинера!»

[35] Юха кху шиммо дийцира шайца новкъахь хиллачух а, Цо бепиг кагдечу хенахь, шайна Ӏийса вовзарх а лаьцна.

[36] Церан къамел чекх а ца даьллера, Ӏийса, Ша царна юкъа а веана: «Машар хуьлда шуьца», – аьлла, вистхилча.

[37] Уьш, кхерабелла, дӀасевцира, шайна гуш дерг гӀаларт ду моьттуш.

[38] Ткъа Цо бохура: «Шу кхера хӀунда делла? Шеко хӀунда йогӀу шу дегнаш чу?

[39] Хьовсал Сан куьйгашка а, Сан когашка а. ХӀара Со ву! Куьг Ӏоттал Сох, схьахьовсал. ГӀалартан дегӀ а, даьӀахкаш а ца хуьлу, ткъа Сан, шуна ма-гарра, дегӀ ду».

[40] Иза а аьлла, Цо Шен куьйгаш а, когаш а гайтира.

[41] Амма уьш цецбевлла а, хазахетта а ца тешара гучух. ТӀаккха Ӏийсас хаьттира: «Яа хӀумма а юй шун?»

[42] Цара беттина чӀара белира Цунна.

[43] Цо, схьа а эцна, биира иза царна хьалха.

[44] «ХӀара дара Ас шуна дийцинарг Со шуьца волчу хенахь, дерриг а Сох лаьцна Мусан товратана тӀехь а, кхечу пайхамарийн тептарш тӀехь а, Забурана тӀехь а яздинарг кхочуш ца хилча ца долу», – элира Цо.

[45] Цул тӀаьхьа церан хьекъал кӀаргдира Цо, Делан Йозанах уьш дика кхетийтархьама.

[46] Цо элира цаьрга: «Яздина ду, Дала Леррина Къобалвинарг бала лан а, веллачуьра кхозлагӀчу дийнахь денвала дезаш а ву аьлла.

[47] Цуьнан дуьхьа массо а халкъашка, Ярушалайм тӀера дӀадуьйладелла, кхайкха деза, къиношна гечдайтархьама дохко а довлий, Далла тӀедерза аьлла.

[48] Шу оцу хӀуманийн тешаш хилла дӀахӀуьттур ду.

[49] Сан Дас лур ду аьлларг Ас дӀакхочуьйтур ду шуна, амма, лакхара шайна чу ницкъ боссалц, шу гӀалахь совца деза».

[50] Цаьрца Ярушалаймера ара а ваьлла, Бет-ХӀине кхаччалц дӀавахара Иза. Куьйгаш хьала а айина, уьш декъалбира Цо.

[51] Юха, уьш декъал а беш, царна гена а волуш, стигала хьалаваьккхира Иза.

[52] Мурдаш, Цунна сужде а бахана, корта а тоьхна, доккхачу хазахетарца Ярушалайме юхабаьхкира.

[53] Цу дийнахь дуьйна, Далла хастамаш беш, гуттар а Делан цӀийнан кертахь бара уьш.

Ӏийсас беана, Лакас дӀаязбина болу хаза кхаъ — Chapters