Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 5:38

[1] Лоруш волу Теапил, Тхуна юкъахь кхочушхиллачу хӀуманех лаьцна дийцар хӀинцале а дукха нах яздан гӀиртира.

[2] Тхуна а оцу хӀуманех лаьцна ма-дарра дийцина, уьш ган а гина, цул тӀаьхьа Делан Дош адамашна юкъахь дӀасадаржочу наха.

[3] И хезнарг дерриг леррина талла а теллина, хьоьга цунах лаьцна ма-дарра яздийр дара аьлла, сацам хилла сан,

[4] айхьа Ӏамийнарг хьуна билггала бакъ дуй хаийтархьама.

[5] ЯхӀуд-махкахь ХӀарод паччахь волчу хенахь Аби-ЯхӀун цӀе йолчу тобанах а волуш, Закри цӀе йолуш цхьа динан да вара. Элисат цӀе йолуш зуда яра цуьнан, АхӀаронан тӀаьхьенах схьаяьлла.

[6] И шиъ Везачу Эло тӀедиллина гӀуллакх леррина кхочушдеш а, Далла хьалха цӀена а дара.

[7] Церан бераш дацара, Элисат доьзалхо ца хуьлуш хиларна. Ший а ханна доккха а дара и шиъ.

[8] Цкъа шайна юкъахь Закри волчу динан дайн тобанан рагӀ кхечира Везачу Элана гӀуллакх дан.

[9] Динан дайн Ӏедалехь ма-хиллара, кхаж тесира. Иштта Закрина кхаж белира Везачу Элан цӀа чохь хаза хьожа йолу хӀума яго.

[10] Цу хенахь оцу цӀенна хьалха дукха адам гулделлера, шаьш гуттар а ма-дарра, цхьаьна ламаз дан.

[11] Закри волчу Везачу Элан малик деара цу хенахь. Хаза хьожа йогӀу хӀума ягочу кхерчана аьтту агӀор дӀахӀоьттира иза.

[12] Иза гина Закри чӀогӀа кхеравелира.

[13] Малико элира цуьнга: «Кхера ма лолахь, Закри! Хьан доӀанна жоп делла: Элисата кӀант вийр ву хьуна. Цуьнан цӀе ахь Яхьъя туьллур ю.

[14] Цунах чӀогӀа воккха а вийр ву хьо. Дукха нахана хазахетар хир ду иза дуьнен чу валарна.

[15] ХӀунда аьлча иза Везачу Элан бӀаьргашна хьалха чӀогӀа сийлахь стаг хир ву, цо цкъа а чагӀар а, кхин йолу вахош йолу хӀуманаш а мер яц. Ненан кийрахь волуш дуьйна Делан Синах вуьзна хир ву иза.

[16] Дукха исраилхой церан Везачу Далла тӀеберзор бу цо.

[17] Везачу Элана хьалха вогӀуш хир ву Яхьъя, Эли-ЯхӀу-пайхамарца хилла долу нуьцкъала са а долуш волу, дайн дегнаш церан берашна тӀе дерзорхьама, аьрханаш, нийсачу новкъа а хӀиттина, Делан лаамехь берш санна хилийтархьама, Веза Эла вале, и кечам бина халкъ дуьхьал хӀотторхьама».

[18] Закрис хаьттира малике: «Со муха тешар ву ахьа бохучух? Со къена ву, сан зуда а хан яьлла ю».

[19] Малико жоп делира: «Хьоьга и хаза кхаъ бахьаш даийтина, Далла гергахь долу Джабраил ду со.

[20] ХӀинца дуьйна хьан мотт соцур бу, и дийцинарг кхочуш хиллалц. Хьан мотт сацар хьо сан дешнех ца тешарна хир ду, ткъа ас дийцинарг шен хенахь билггала хир долуш ду».

[21] Адамаш арахь Закрига хьоьжуш дара, иза Везачу Элан цӀа чохь хьеваларна цец а дуьйлуш.

[22] Закри, араваьлча, вист ца хилалора, цундела куьйга эшарца дийца дийзира цуьнан. Массо а кхийтира, цунна Делан цӀа чохь сурт хӀоьттинийла.

[23] Далла гӀуллакх деш долу денош чекхдевлча, Закри цӀа вирзира.

[24] Дукха хан ялале цуьнан зуда Элисат доьзалхочух хилира. Пхеа баттахь адамех лечкъаш лийлира иза.

[25] Цо бохура: «ХӀара суна Везачу Элера ду! Со хенара йоллушехь, сох къинхетам а бина, нахана хьалха со юьхькӀайчу хӀоттийна Цо».

[26] Элисат доьзалхочух йолу ялхалгӀа бутт болуш, Дала Джабраил-малик дахийтира Галилай-махкара Назарт цӀе йолчу гӀала

[27] Марем цӀе йолу йоӀстаг йолчу. Дауд-паччахьан тӀаьхьенах волчу Юсупца захало дийцина яра Марем.

[28] Иза йолчу а деана, малико элира: «Маршалла ду хьоьга, Дала хьуна диканиг динарг! Веза Эла хьоьца ву!»

[29] И дешнаш бахьана долуш, Марем синтем байна яра, цо ойла йора, хӀун маьӀна долуш ду и маршалла бохуш.

[30] Малико бохура: «Ма кхера, Марем! Дала хьуна диканиг дина!

[31] Хьо берах хир ю, ахь кӀант вийр ву, цуьнан цӀе Ӏийса а туьллур ю ахь.

[32] Иза сийлахь хир ву, Цунах Веза Воккхачун КӀант эр ду. Везачу Дала Цунна Цуьнан ден Даудан паччахьалла лур ду,

[33] гуттар а ерриг Якъубан тӀаьхьенна тӀехь куьйгалла деш хир ву Иза, Цуьнан паччахьалла цкъа а кхачор дац».

[34] «Иза муха хир ду, – хаьттира Марема, – со хӀинца а йоӀстаг ма ю?»

[35] Малико жоп делла: «Хьуна тӀе Делан Са дуьссур ду, Веза Воккхачун ницкъо дӀахьулйийр ю хьо, цундела хьан хиндолу бер Деза хир ду, Цунах Везачу Делан КӀант а эр ду.

[36] Хьан гергара йолчу Элисата а кӀант вийр ву, ша ханна йоккха елахь а. Цунах, иза доьзалхо хуьлуш яц бохуш, дуьйцура, ткъа иза ялхалгӀа бутт бу доьзалхочух йолу.

[37] Деле дан а ца луш хӀумма а ма дац!»

[38] «Со Делан лай ю, – элира Марема, – ахь ма-бохху, дерриг и хуьлийла соьца». Юха малик дӀадахара иза йолчуьра.

[39] Масех де даьлча, Марем сихонца ЯхӀуд-мехкан ламанца йолчу цхьана юьрта яхара.

[40] Закрин цӀа чу а яьлла, Элисате маршалла хаьттира цо.

[41] Элисатна Мареман маршалла хезча, цуьнан кийрара бер тохаделира. Оццу хенахь Элисат Делан Синах юьзира.

[42] Цо элира чӀоггӀа: «Зударшна юкъахь декъала ю хьо! Хьан кийрара бер а ду декъала!

[43] Соьгара хӀун диканиг даьлла теша, сан Элан нана со йолчу ярна?

[44] Хьан маршалла хезча, сан кийрара бер хазахетта тохаделира.

[45] Декъала ю Дала бохург кхочушхиларх тешнарг!»

[46] ТӀаккха Марема элира: «Сан даго къобалво Веза Эла,

[47] Цунна со кӀелхьарйоккхучу Далла доккхадеш ду иза,

[48] хӀунда аьлча Цуьнан лай йолчу сан кӀезиг хиларан тидам бина Цо! ХӀинца массо а тӀаьхьенаша сох декъалниг эр ду,

[49] хӀунда аьлча Нуьцкъалчо суна сийлахь гӀуллакхаш дина дела. Цуьнан цӀе еза ю!

[50] Цуьнан къинхетам тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка Цунах кхоьручарах бу!

[51] Шен нуьцкъалчу куьйгаца Цо сийлахь гӀуллакхаш кхочушдина, Цо, баржийна, дӀасабаьхна шайн дегнашкахь курабевлларш,

[52] паччахьаш шайн гӀанташкара биссийна, ткъа миска нах Цо айина.

[53] Цо мецанаш дикачу кхачанах бузийна, хьалдерш хӀума ца луш дӀабахийтина.

[54] Цо гӀо дина шен ялхочунна, Исраилан халкъана. Цуьнан дагахь дара ИбрахӀимна а, цуьнан тӀаьхьенна а гуттаренна а къинхетам бан, вайн дайшка Цо ма-аллара».

[56] Марем, кхаа баттахь гергга Элисат йолчохь хьошалгӀахь а Ӏийна, цӀа еара.

[57] Хан тӀекхаьчча, Элисата кӀант вира.

[58] Лулахой а, гергарнаш а, ла а дугӀуш, Везачу Эло цунна и дика болх барна, Элисатца цхьаьна хазахеташ, баккхийбеш бара.

[59] БорхӀалгӀачу дийнахь кӀант хадо баьхкинарш цуьнан цӀе шен ден санна Закри тилла дагахь бара.

[60] Амма нанас элира: «ХӀан-хӀа! Цунах Яхьъя эр ду».

[61] Цуьнга элира: «И цӀе йолуш шун гергара цхьа а ма вац!»

[62] Цара куьйга эшарца дега хаьттира, цунна кӀентан цӀе хӀун тилла лаьа аьлла.

[63] Закрис, цхьа жима у а дехна, массо цец а воккхуш, яздира: «Цуьнан цӀе Яхьъя ю».

[64] Оцу сохьта цуьнан мотт паргӀат а баьлла, цуьнга Дела хестош хабар дийцаделира.

[65] Лулахой ларамах буьзира. Хиллачух лаьцна массанхьа а ламанца болчу ЯхӀуд-махкахь дуьйцуш дара.

[66] Массо а, и хезнарш, шайн дагахь а, вовшийн а хоьттуш бара: «Воккха хилча мила хир ву теша и кӀант?» – бохуш. ХӀунда аьлча Везачу Элан ницкъ бара Яхьъяца.

[67] Цуьнан да Закри, Делан Синах а вуьзна, Делера болу хаам бан волавелира:

[68] «Декъала хуьлда Эла, Исраилан халкъан Дела, ван а веана, Шен халкъ безачу мехах паргӀатдаьккхина.

[69] Шен ялхочун Даудан тӀаьхьенах волу нуьцкъала стаг ваийтина Цо вай кӀелхьардаха,

[70] Ша гуттар хьалха Шен безачу пайхамаршкахула ма-баххара.

[71] Цо кӀелхьардохуш ду вай вешан мостагӀех а, вай цадезачеран куьйгех а.

[72] Цо вайн дайх къинхетам а бина, Шен беза барт дагахь латта а бина –

[73] вайн дега ИбрахӀиме йина чӀагӀо. Дала ИбрахӀиме ваӀда дина,

[74] вай мостагӀех кӀелхьардохур ду аьлла, цхьаннах а ца кхоьруш, вайга Шена гӀуллакх дайтархьама,

[75] дуьненахь йоккху хан Цунна хьалха цӀена а, дика а яккхийтархьама.

[76] Ткъа хьох, сан жиманиг, Веза Воккхачун пайхамар эр ду, хӀунда аьлча хьо Везачу Элана хьалха вогӀуш хир ву, Цунна некъ кечбеш,

[77] Цуьнан халкъана церан кӀелхьардовлар къиношна гечдарца дуйла хоуьйтуш.

[78] Вайн Делера болу кӀорга безам бахьана долуш, лакхара йолу серло санна Верг вай долчу вогӀур ву,

[79] Ӏожаллин боданехь Ӏаш берш серлабахархьама а, машаран новкъа вайн когаш бахархьама а».

[80] Жима бер доккха хуьлуш а, синан доьналлица чӀагӀлуш а дара. Иза акхачу, адам кӀезиг долчу меттехь Ӏаш дара, Исраилан халкъана гӀуллакх даллал ша хиллалц.

Ӏийсас беана, Лакас дӀаязбина болу хаза кхаъ — Chapters