[1] Делан Синах вуьззина веара Ӏийса Йордан-хи тӀера. Делан Сино Иза яьссачу метте дӀавигира.
[2] Цо шовзткъа де-буьйса даьккхира цу меттехь. Оцу шовзткъа дийнахь-бусий Иза волчохь иблис дара, ХӀара зуьйш. Ерриг и хан йоккхуш Ӏийсас хӀума ца йиънера. Эххар а мацвеллера Иза.
[3] Иблисо элира Цуьнга: «Хьо Делан КӀант велахь, хӀокху тӀулге бепиг хила ала».
[4] Ӏийсас жоп делира: «„Адам деккъа цхьана баьпках дехаш дац“, – аьлла, яздина ду».
[5] Юха, лаккхарчу метте хьала а ваьккхина, бӀаьрган негӀар тухучу ханна дуьненахь мел йолу пачхьалкхаш гайтира Цунна иблисо.
[6] ТӀаккха иблисо элира: «Хьуна лур ду ас оцу пачхьалкхашна тӀехь олалла дар а, церан сийлалла а, хӀунда аьлча иза дерриг а Дала сайна даларна, сайна луучунна дӀадала йиш ю сан.
[7] И дерриг Хьан хир ду, нагахь санна Ахь суна, Далла санна, Ӏибадат дахь».
[8] Амма Ӏийсас элира: «Яздина ду: „Везачу Далла бен ма де Ӏибадат, Цунна бен гӀуллакх а ма де!“»
[9] Иблисо Ӏийса Ярушалайме а вигина, Делан цӀийнан тхов буьххье хьалаваьккхира. «Хьо Делан КӀант велахь, – элира иблисо, – кхузара чукхоссало.
[10] Яздина ма ду: „Везачу Эло шен маликашка Хьох лаьцна омра дийр ду, Хьо леррина ларве“, – аьлла.
[11] Кхин а яздина ду: „Цара куьйгаш тӀехь дӀахьур ву хьо, хьан ког тӀулгах а ца тасаболуьйтуш“».
[12] Амма Ӏийсас цунна жоп делира: «„Хьайн Веза Дела зе ма гӀерта“, – аьлла, яздина ду».
[13] Ӏийса зийна а даьлла, иблис дӀадахара, юха шен аьтто баллалц.
[14] Ӏийса, Делан Синан ницкъ Шеца болуш, Галилай-махка юхавеара. Цунах лаьцна берриг махкахь дуьйцуш дара.
[15] Церан гуламан цӀеношкахь нахана хьеха волавелира Иза. Массара а хеставора Иза.
[16] Ша кхиинчу Назарт-ГӀала веара Ӏийса. Далла леринчу шоьтан дийнахь, гуттар а Ша ма-варра, жуьгтийн гуламан цӀа чу веара Иза, Дала делла Йозанаш деша.
[17] Цунна схьаделира ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро яздина, хьарчийна тептар. И схьа а даьстина, оьшу меттиг схьа а лехна, дӀадийшира Цо:
[18] «Везачу Элан Са дагца ду сан, хӀунда аьлча Цо со къобалвина мискачарна хаза кхаъ кхайкхо. Цо со хаам бан ваийтина: чубоьхкинарш паргӀат а бохур бу, бӀаьрзечарна серло а лур ю. Со ваийтина ву Ӏазапехь берш мукъабаха,
[19] Везачу Эло Ша нахана дика болх бен йолу хан дӀахаийта».
[20] И дешна а ваьлла, тептар дӀа а хьарчийна, цӀа чохь гӀуллакх дечу стаге дӀаделира Цо. Юха Ӏийса охьахиира. Чохь верг массо а Кхуьнга схьахьоьжуш вара.
[21] Ӏийсас элира: «Тахана кхочушхилла хӀокху тептар тӀехь яздинарг, шуна иза хезачу хенахь».
[22] Массо а, ХӀара къобалвеш, цецваьллера Цуьнан багара схьадолучу дикачу дешнех. Наха вовшашка хоьттура: «Юсупан кӀант ма ву Иза?» – бохуш.
[23] ТӀаккха Ӏийсас элира: «Аша эр ду Соьга, олуш ма-хиллара: „Лор, айхьа-хьайна дарба де“. Цу тӀе а доьгӀна, аш ала мега: „Тхуна хезнера Къапарнамехь хилларг. Кхузахь, Хьо кхиинчу гӀалахь, изза де“, – аьлла».
[24] Юха Ӏийсас тӀетуьйхира: «Ма-дарра бакъ ду: ша схьаваьллачу махкахь пайхамар тӀеоьцуш ца хилар.
[25] Баккъал боху Ас шуьга: Эли-ЯхӀу-пайхамаран заманахь дукха бисина Ӏаш зударий бара Исраилехь. Цу хенахь кхаа шарахь догӀа а ца деана, мацалла хӀоьттинера берриг а махкахь.
[26] Амма оцу зударшна цхьанна а тӀе ца веанера Эли-ЯхӀу, цхьаъ йоцучунна. Иза ЦӀадан-махкара Сарпатера йисина Ӏаш йолу зуда яра.
[27] Дуккха а дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар йолуш нах бара Исраилехь ЭлишаӀ-пайхамар волчу хенахь. Амма оцу нахах даьӀнех цхьа сирийхо НаӀаман воцург цхьа а цӀан ца велира».
[28] И дешнаш хезча, оцу цӀа чохь волу массо а, оьгӀазвахана,
[29] хьалаиккхира. Цара Ӏийса гӀали чуьра араваьккхира. И гӀала тӀехь лаьттачу лома йистте схьа а валийна, Иза Ӏинна чукхосса гӀерташ бара уьш.
[30] Амма Ӏийса, нахана юккъехула а ваьлла, Шен некъахула дӀавахара.
[31] Галилай-махкарчу Къапарнам цӀе йолчу гӀала веара Ӏийса. Далла леринчу шоьтан дийнахь нахана хьехамаш бора Цо.
[32] Массо а, цецволий, Цо дечу къамеле ладоьгӀуш Ӏара, хӀунда аьлча шатайпа ницкъ болуш дара Цуьнан къамел.
[33] Гуламан цӀа чохь жино талхийна цхьа стаг вара. Оцу стага мохь хьаькхира:
[34] «ХӀей, Хьан хӀун гӀуллакх ду тхоьца, Назартара Ӏийса? Тхо хӀаллакдан веана Хьо? Суна хаьа Хьо мила ву – Делан Везаниг!» – бохуш.
[35] Ӏийсас омра дира жине: «ДӀасаца! Цунна чуьра арадала!» – аьлла. Цу нахана юккъехь и стаг охьа а тоьхна, цунна чуьра жин араделира, цу стагана зен а ца деш.
[36] Массо а наха, чӀогӀа цецбевлла, вовшашка хоьттура: «И хӀун хьехам бу? Жинаш, Цуьнан омре ладугӀий, стагана чуьра арадовлу. Царна тӀехь олалла до Цо», – бохуш.
[37] Ӏийсах лаьцна оцу махкахь массо а меттехь дуьйцуш дара.
[38] Ӏийса, гуламан цӀа чуьра ара а ваьлла, ШамӀа волчу цӀа вахара. ШамӀин стуннана дагар долуш Ӏуьллуш яра. Ӏийсага цунна дарба де аьлла, дехнера.
[39] Оцу зудчунна тӀехула а хӀоьттина, дагаре дегӀах дӀакъаста аьлла, омра дира Цо. Дагар дӀаделира, и зуда, хьала а гӀаьттина, кхарна хьошалла дан йолаелира.
[40] Сарахь, малх чубузучу хенахь, цомгуш болу массо а нах балийра Ӏийсана тӀе. Царна хӀоранна тӀе куьйгаш а дохкуш, дарба дира Цо.
[41] Дукхахдолчу адамех жинаш дӀакъаьстира: «Хьо Делан КӀант ву!» – бохуш, маьхьарий а детташ. Ӏийсас царна иза ала ца магадора, хӀунда аьлча царна хаьара Иза, Дала леррина Къобалвинарг вуйла.
[42] ШолгӀачу дийнахь, Ӏуьйранна, цхьа а адам доцучу метте вахара Иза. Амма нах Иза леха хӀиттира, ткъа И волчу а баьхкина, уьш Иза сацо гӀерташ бара, шаьш долчуьра дӀацавахар а доьхуш.
[43] Амма Ӏийсас элира: «Делан Олаллех лаьцна хаза кхаъ баржош, кхечу меттигашка а кхача везаш ву Со, хӀунда аьлча Со оцу балхана ваийтина ву».
[44] ЯхӀуд-махкахь тайп-тайпанчу меттигашка а воьдуш, гуламан цӀеношкахь нахана хьехамаш бора Цо.