[1] Цкъа шоьтан дийнахь кӀа дийначу арахула схьавогӀуш вара Ӏийса. Цуьнан мурдаш, кӀен кенаш схьа а дохуш, хьекха а деш, буьртигаш дууш бара.
[2] И гиначу цхьаболчу парушхоша элира: «И хӀун ду аш деш дерг? Дала кхоьллинчу шоьтан садоӀучу дийнахь дан мегаш доцу гӀуллакх хӀунда до аша?»
[3] Ӏийсас царна жоп делира: «Аша ца дешна Дауд-паччахьо ша а, шен накъостий а мацбелча, динчух лаьцна?
[4] Иза Делан цӀа чу а веана, Далла къобалдина долу бепиг схьа а эцна, ша а диина цо, шеца болчу накъосташна а делла. Ткъа и бепиг динан дайшна бен даа мегаш ца хилла».
[5] КхидӀа а Ӏийсас элира: «Адамийн КӀант Дала кхоьллинчу шоьтан денна тӀехь а Эла ву».
[6] Цкъа кхечу шоьтан дийнахь, гуламан цӀа чу а веана, нахана хьехам беш вара Ӏийса. Цигахь аьтту куьг заьӀап долуш цхьа стаг вара.
[7] Парушхой а, Ӏелам нах а чӀогӀа Ӏийса тергалвеш бара, Далла леринчу шоьтан дийнахь Цо дарба до я ца до хьоьжуш, юха Иза бехке вархьама.
[8] Ӏийсана церан дагахь дерг хаьара. Цо элира куьг заьӀап долчу стаге: «Хьала а гӀаттий, массарна хьалха дӀахӀотта». Важа, хьалха а ваьлла, дӀахӀоьттира.
[9] ТӀаккха Ӏийсас элира цаьрга: «Ас хоьтту шуьга: хӀун боху бакъоно, Далла леринчу шоьтан дийнахь я дика, я вон хӀун дан мегаш ду? Стеган дахар кӀелхьардаккха я иза хӀаллакдан?»
[10] ТӀаккха массаьрга а хьаьжна, цхьа а вист ца хилча, Цо элира куьг заьӀап долчу стаге: «Схьакховдаде хьайн куьг!» Вукхо куьг схьакховдийра – иза тоделира.
[11] Парушхой а, Ӏелам нах а, оьгӀазлонна кхехка а кхехкаш, шайна юкъахь къамелаш деш бара, Ӏийсана хӀун дийр дара бохуш.
[12] Ишттачу цхьана дийнахь лам тӀе хьалавелира Ӏийса Деле доӀа дан. Ерриг буьйса яьккхира Цо Деле доӀанаш деш.
[13] ШолгӀачу дийнахь Цо, Шен мурдаш схьа а кхайкхина, царна юкъара шийтта хаьржира. Царах Цо векалш элира. Уьш бара:
[14] ШамӀа, шех тӀаьхьа Ӏийсас Кипа аьлла цӀе тиллинарг, цуьнан ваша Ӏандар, Якъуб, Яхьъя, Пилап, Барталамай,
[15] Маттай, ТӀама, ХӀалпайн кӀант Якъуб, ШамӀа, ша тӀелаьцнарг тӀевирззина кхочушдан гӀертарг,
[16] Якъубан кӀант ЯхӀуд, иштта шех ЯхӀуд-Искархо олу, тӀаьхьа ямартхо хилларг а.
[17] Ӏийса Шен векалшца, лам тӀера чувуссуш, нийсачу меттехь сецира. Цигахь Кхуьнан мурдаш а, кхин дуккха а нах бара ЯхӀуд-махкара а, Ярушалаймера а, хӀордан йистерачу Цора а, ЦӀадан а цӀе йолчу гӀаланашкара.
[18] Уьш Ӏийсага ладогӀа а, шайна дарбанаш дайта а баьхкинера. Харцжинаша хьийзош болчу нахана дарба дира Цо.
[19] ХӀора а Ӏийсах куьг Ӏотта гӀерташ вара, хӀунда аьлча Кхунах схьаболучу ницкъо царна дарба дора.
[20] Шен мурдашка а хьаьжна, Ӏийсас элира: «Дала декъала до шу, къенаш, хӀунда аьлча Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь ду шу.
[21] Дала декъаладо шу, хӀинца меца дерш, хӀунда аьлча тӀейогӀучу хенахь дуьзна хир ду шу. Дала декъаладо шу, хӀинца доьлхуш дерш, хӀунда аьлча тӀейогӀучу хенахь доьлур ду шу.
[22] Дала декъаладо шу, нахана шу ца дезачу хенахь, цара шу лоьхкучу хенахь, шу сийсаздеш, цӀе бехъечу хенахь, Адамийн КӀантах шу тешна дела.
[23] И де тӀекхаьчча, халхадийла, самукъане хила, хӀунда аьлча йоккха ял хир ю шуна стигалшкахь. Иштта харцо лелош церан дай пайхамаршца а хилла.
[24] Амма къа ду шун, хьолахой, хӀунда аьлча хӀинца синтеме ду шу.
[25] Къа ду шун, хӀинца дуьзнарш, хӀунда аьлча тӀейогӀучу хенахь меца хир ду шу. Къа ду шун, хӀинца доьлуш дерш, хӀунда аьлча тӀейогӀучу хенахь шун бӀаьргех хин тачанаш оьхур ду.
[26] Къа ду шун наха шух лаьцна диканиг олуш хилча, хӀунда аьлча иштта харцпайхамарш церан дайша а хестийна».
[27] «Амма шуьга, Соьга ладугӀучаьрга, боху Ас: Шайн мостагӀий беза, шаьш ца дезачарна диканиг де,
[28] шайна неӀалт кхайкхош берш декъалбе, шайна халахетар дечарах лаций доӀанаш де.
[29] Хьайна цхьана бесни тӀе тӀара тоьхнехь, важа бесни кӀел хӀоттае. Нагахь санна цхьаммо хьан тӀехулара бедар хьоьгара дӀаяьккхинехь, цунна дуьхьало ма е бухалара коч хьоьгара дӀайоккхуш.
[30] ХӀора доьхуш волчунна цо доьхург дӀало. Нагахь санна хьан долахь дерг цхьаммо дӀаэцнехь, иза юха ма деха.
[31] Нахаца, уьш шайца хила ма-лаъара, хила.
[32] Нагахь санна шу дезаш берш шуна безча, шуна баркалла ца догӀу. Къинош летийначарна а ма беза шаьш безарш.
[33] Нагахь аш шайна дика болх биначарна дика болх бинехь, шуна баркалла ца догӀу. Къинош летийначара а ма до изза.
[34] Нагахь санна шайна схьалур дуй хуучу нахе бен аш духалург ца лахь, шуна баркалла ца догӀу. Къинош летийначара а ма ло духалург, юха декхар схьаэцархьама.
[35] Амма аш кхечу тайпана дан деза: шайн мостагӀий беза, диканиг де, духалург ло, схьадаларе а ца хьоьжуш, тӀаккха шуна лун йолу ял еза хир ю: шу Веза Воккхачун бераш хир ду, хӀунда аьлча Дела Ша а къинхетаме ву вочу а, шайна динчу диканна хама ца бечу а нахаца.
[36] Къинхетаме хила, стигалара шайн Да къинхетаме ма-хиллара».
[37] «Цхьанна а кхел ма е, Дала шуна а кхел йийр яц. Цхьа а бехке ма ве, Дала шу а бехке дийр дац. КъинтӀерадовла нахана, Дела шуна а къинтӀера вер ву.
[38] Нахана оьшург дӀало, Дала шуна а лур ду шуна оьшург. Ластийча, дуьзна тӀехула оьхучу сахь чохь лур ду шуна догӀург. Аша нехан ма-хаддора, Дала шун а хадор бу мах».
[39] ТӀаккха Ӏийсас иштта цхьа хьекъале дустар далийра царна: «БӀаьрзечуьнга бӀаьрзениг дӀавигалур вуй? И шиъ ший а ор чу вужур ма ву.
[40] Мурд шен устазал лакхара вац. Дешна ваьлча, дӀанислур ву иза шен устазе.
[41] Хьайна уллохь волчун бӀаьргара чамхалге хӀунда хьоьжу хьо, хьайн бӀаьргара хен а ца гуш?
[42] Муха эр ду ахь цуьнга: „Ваша, хьайн бӀаьргара чамхалг дӀаяккхийтахьа соьга“, хьуна хьайн бӀаьргара хен гуш ца хилча? Шалхонча! Цкъа хьалха хьайн бӀаьргара хен дӀа а баккхий, хьайн бӀаьрса тоделча, тӀаккха вешин бӀаьргара чамхалг дӀаяккха».
[43] «Дикачу дитто вон стоьмаш ца ло, вочу дитто диканаш ца ло
[44] Дитт шен стоьмашка хьаьжжина девза. Массарна а хаьа, коканийн кулла тӀера комарш ца гулйой а, хьаьрмак кулла тӀера кемсаш ца йохий а.
[45] Дикачу стеган даг чуьра диканиг долу, вочу стеган даг чуьра вониг долу. Стеган даг тӀехь дерг цуьнан матта тӀехь а ду».
[46] «Нагахь санна аш Сох „Эла“ олуш делахь, тӀаккха аш Ас бохург дан деза.
[47] ХӀора Со волчу вогӀуш верг, Сан дешнашка ладугӀуш верг, уьш кхочушдеш верг – Ас гойтур ду шуна, и хьанах тера ву.
[48] Иза цӀа дечу стагах тера ву. Оцу стага, кӀоргга ахка а аьхкина, тархана тӀехь бух боьттина. Хи, хьала а даьлла, оцу цӀенна тӀе хьаьдча, цо цӀа меттах а ца даьккхина, хӀунда аьлча иза дика дина долу дела.
[49] Ткъа важа, Соьга ла а доьгӀна, Ас бохург ца динарг – иза лаьтта тӀехь, боьттина бух а боцуш, цӀа динчух тера ву. Хи, хьала а даьлла, пенаш тӀе хьаьдча, и цӀа доьхна дӀадаьлла, цунах боккха барз бисина».