Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 4:47

[1] Оцу деношкахь Август цӀе йолчу паччахьера омра делира, Рим-пачхьалкхера массо а адам дӀаязде аьлла.

[2] Сири-махкахь Куьрна-мехкан куьйгалхо волчу хенахь, адамийн дуьххьарлера дӀаяздар дара иза.

[3] Цундела хӀора а ша схьаваьллачу гӀала вахара дӀаязвала.

[4] Юсуп а вахара Галилайн махкарчу Назарт-гӀалара ЯхӀуд-махка Дауд-паччахь винчу Байтлахам-гӀала, хӀунда аьлча иза Даудан цӀийнах схьаваьлла вара.

[5] Иза, доьзалхочух йолу а, шеца захало дийцина йолу а Марем а эцна, дӀаязвала воьдуш вара.

[6] Уьш Байтлахамехь болуш доьзалхо дуьнен чу волу хан тӀекхечира.

[7] Марема кӀант вира, шен дуьххьарлера доьзалхо. Цо иза, дӀа а хьарчийна, шаьш чохь долчу божалан хьаьвди чу виллира, хӀунда аьлча царна хьешан цӀа чохь меттигаш ца кхаьчнера.

[8] Оцу махкахь арахь буьйсанна шайн жаш лардеш Ӏуй бара.

[9] ЦӀеххьана царна хьалха Везачу Элан малик хӀоьттира, Везачу Элера долчу нуьраца уьш серла а бохуш. ЧӀогӀа кхерабелира Ӏуй.

[10] Малико элира цаьрга: «Кхера ма лолаш! Со шуьга массо а адам даккхийден долу хаза кхаъ бахьаш деана!

[11] Тахана Даудан гӀалахь дуьнен чу ваьлла шу кӀелхьардохург, Веза Эла волу Дала леррина Къобалвинарг.

[12] ХӀара билгало ю шуна: ДӀахьарчийна Бер карор ду шуна хьаьвди чохь».

[13] ЦӀеххьана маликана улло стигалара вуно доккха маликийн эскар доьссира. Цара, Далла хастамаш а беш, бохура:

[14] «Лакхарчу стигалшкахь Далла хастам бу! Дуьнен тӀехь Дела реза волчу адамашна машар бу!»

[15] Маликаш стигала хьаладевлча, Ӏуша вовшашка элира: «Байтлахаме а дахана, цигахь хӀун хилла хьовса деза вай, вайга Везачу Эло баийтинарг хӀун хаам бу».

[16] Уьш цига сихонца бахара. Царна карийра Марем а, Юсуп а, хьаьвданахь Ӏуьллу Бер а.

[17] Бер гиначу цара дийцира, Цунах болу шайга бинчу хаамах лаьцна.

[18] Массо а ладугӀуш верг цецваьллера Ӏуша дийцинчунна.

[19] Ткъа Марема дерриг а хезнарг шен даг чохь латтадора.

[20] Ӏуй юхабирзира, Далла хастам а беш, хӀунда аьлча царна хезнарг а, гинарг а малико цаьрга ма-аллара хиллера.

[21] БорхӀалгӀачу дийнахь кӀант хадо везаш вара. Цуьнан цӀе Ӏийса тиллира. И цӀе цунна малико, иза ненан кийра а вале, тиллина яра.

[22] Муса-пайхамаран товрат-хьехамаш тӀехь яздина ма-хиллара, церан цӀена хуьлу Ӏадатан хан тӀекхаьчча, Марем а, Юсуп а, Ӏийса а эцна, Ярушалайме деара Иза Везачу Элана хьалха хӀотто.

[23] ХӀунда аьлча Везачу Эло товрат тӀехь тӀе-ма-диллара: «Муьлхха а дуьххьарлера боьрша бер Везачу Элана лерина хила деза».

[24] Цул сов, ши къоркхокха я ши кхокха, бен а бейтина, сагӀа даккха дезара, Везачу Эло товратехь ма-аллара.

[25] Цу хенахь Ярушалаймехь ШамӀа цӀе йолуш цхьа стаг вара. Иза чӀогӀа Делах кхоьруш а, дика лелаш а, Исраилан халкъана синтем хиларе сатуьйсуш а стаг вара. Делан Са а дара цуьнца.

[26] Цунна Делан Синера хаам бара, Везачу Эло леррина Къобалвинарг галлалц, иза лийр вац аьлла.

[27] Делан Сино валийра иза Делан цӀийнан керта. Мареммий, Юсуппий, жима Ӏийсай цига баьхкича, Ӏийсана тӀехь, Дала товратахь тӀе-ма-диллара, гӀуллакх дан,

[28] ШамӀас, Ӏийса куьйгаш тӀе схьа а эцна, Далла хастам а беш, элира:

[29] «ХӀинца, Айхьа ма-аллара, садалар атта долуш, Хьайн лай волу со дӀахецахьа, Хьалдолу Эла,

[30] хӀунда аьлча сан бӀаьргашна гира адамаш кӀелхьардоху дерг,

[31] Ахь массо а халкъашна хьалха кечдина долу.

[32] Иза кхечу къаьмнашна Дела гучуваккхаран серло а ю, Хьан Исраилан халкъан сий а ду!»

[33] Дай-наний чӀогӀа цецдаьллера шайн кӀантах лаьцна ШамӀас дийцинчух.

[34] ШамӀас Деле дийхира, уьш къобалбе аьлла. Беран нене Мареме цо элира: «ХӀара бер Дала къобалдина ду, Исраилан халкъана юкъара дукхахберш хӀаллакьхилархьама а, кӀелхьарбахархьама а. ХӀара Бер Дала елла билгало хир ю, амма Кхунна резабоцурш а хир бу.

[35] Иштта, дукхачу адамийн дагахь дерг гучудер ду. Амма хьан дог, тур чекхдаьккхича санна, баланехь хир ду».

[36] Кхузахь яра Ашаран цӀийнах а йолуш, шегахь Делера хаам болуш йолу Пануалан йоӀ Ӏайнаъ. Иза вуно къанъелла яра. Майрачуьнца ворхӀ шо бен цхьаьна даьккхина яцара иза.

[37] Важа йолу хан йисина Ӏаш яьккхинера цо. ХӀинца цуьнан дезткъе диъ шо дара. Иза, Делан цӀийнан кертара дӀа ца йолуш, дийнахь а, буса а Далла марханашца а, доӀанашца а гӀуллакх деш яра.

[38] Оцу хенахь царна тӀееана, цо, Далла баркалла а бохуш, Ярушалайм паргӀатъяккхаре сатуьйсучу нахе оцу Берах лаьцна дуьйцура.

[39] Юсуп а, Марем а Везачу Эло тӀедиллина гӀуллакх дина а даьлла, шайн Галилай-махкарчу Назарт-гӀала юхадирзира.

[40] Ткъа Бер, де дийне мел дели, синца чӀагӀлуш а, хьекъал тӀекхеташ а, кхуьуш дара, Делан дика а дара Цуьнца.

[41] ХӀора шарахь цуьнан да-нана Пасахь олучу дезачу дийнахь Ярушалайме доьдура.

[42] Иштта КӀентан шийтта шо кхаьчча а, дезчу дийнахь Ярушалайме, лам тӀе хьалабевлира уьш, шайн Ӏедалехь ма-хиллара.

[43] Дезде чекхдаьлча, уьш цӀа богӀуш, Ӏийса Ярушалаймехь висира. Дений-нанний иза ца хиира.

[44] Царна моьттура Иза кхечаьрца схьавогӀуш ву. Цхьана дийнахь некъ бинчул тӀаьхьа, Иза гергарчаьргахь а, бевзачаьргахь а леха буьйлабелира уьш.

[45] Иза ца карийча, Ярушалайме юхабаьхкира уьш, Иза лоьхуш.

[46] Кхо де даьлча, карийра царна Иза Делан цӀийнан кертахь. Ӏеламчу нахана юкъахь Ӏаш вара Иза, цаьрга ладоьгӀуш а, хеттарш деш а.

[47] Массо а ладугӀуш берш цецбуьйлура Цуьнан кхетамах а, Цо лучу жоьпех а.

[48] Да-нана цецдаьллера, Иза цигахь а гина. Нанас хаьттира Цуьнга: «КӀант, хӀара хӀун ду ахь тхоьца деш дерг? Хьан да а, со а чӀогӀа сагатдеш, Хьо лоьхуш лелаш ма ду».

[49] «Аш хӀунда лоьху Со? – хаьттира Цо. – Шуна ца хаьара, Со Сайн Да волчохь хила везаш вуйла?»

[50] Амма уьш ца кхийтира Цо аьллачу дешнех.

[51] Иза цаьрца Назарте схьавеара. Цара бохург деш, царна муьтӀахь вара Иза. Ткъа нанас дерриг а хилларг шен даг чохь латтадора.

[52] Ӏийса воккха хуьлуш а, хьекъалца совволуш а вара. Цунна Дела а, нах а реза бара.

Ӏийсас беана, Лакас дӀаязбина болу хаза кхаъ — Chapters