Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 4:30

[1] Ӏийсага ладогӀа дуккха а адамаш: ял гулъешберш а, къинош летийнарш а тӀеоьхура.

[2] Парушхой а, Ӏелам нах а резабоцуш, гӀовгӀа еш бара: «ХӀокху стага къинош летийна адамаш тӀе а оьцу, цаьрца хӀума а йоу», – бохуш.

[3] ТӀаккха Ӏийсас царна цхьа хьекъале дустар далийра.

[4] «Мила ву шух, шайн бӀе уьстагӀ юкъара цхьаъ байча, важа безткъе ткъайоьсна эрна арахь а битина, байнарг лохур боцуш, иза карабаллалц?

[5] Ткъа иза карийча, самукъадаьлла, белшаш тӀе а биллина, цӀа бахьар бу.

[6] ДоттагӀий а, лулахой а схьа а кхайкхина, уьстагӀ болчо эр ду: „Даккхийде вай цхьаьна, суна сайн байна уьстагӀ карийна!“

[7] Масала, дохковала бахьана доцуш, Делан лаамехь а волуш везткъе ткъайоьсна стаг ву. Ас боху шуьга, оцу нахана чул, къинош а летийна, юха дохковаьлла, Далла тӀевирзинчу цхьана стагана алсам баккхийбийр бу стигалшкахь берш».

[8] «Масала, цхьана зудчун драхма цӀе йолу итт дато ахча ду. Царах цхьаъ дайча, стогар а латийна, чохь нуй а хьоькхуш, леррина и лохур ма ду цо, иза карадаллалц.

[9] Ткъа иза карийча, доттагӀий а, лулахой а схьа а кхайкхина, цо эр ду: „Даккхийдейша соьца: суна дайна ахча схьакарийна!“

[10] Ас боху шуьга, лелийначунна дохко а ваьлла, Далла тӀевирзинчу цхьана стагах а Делан маликийн самукъадалар иштта хуьлу».

[11] Кхин а дийцира Цо: «Цхьана стеган ши кӀант хилла.

[12] Жимах волчу кӀанта шен дега аьлла: „Дада! Хьайн бахамах суна догӀу дакъа схьалохьа“. Дас шина кӀантана бекъна бахам.

[13] Дукха хан ялале, жимах волу кӀант, шен дерг вовшах а тоьхна, генарчу махка вахана. Цигахь, сакъоьруш, шен хьал эрна дайина цо.

[14] Ткъа шадерриг и дайина ваьлча, цу махкахь чӀогӀа мацалла хӀоьттина. Иза таро йоцуш висна.

[15] ТӀаккха, вахана, цу махкарчу цхьана стагана чухӀоьттина иза. Вукхо хӀара хьакхарчий яжо вахийтина шен аренашка.

[16] Мацалло бӀарзвина, хьакхарчаша бууш болу акха стоьмаш биина а, шен гай дузо лууш хилла хӀара, амма цхьаммо а кхунна уьш луш ца хилла.

[17] Метта а веана, цо аьлла: „Мел дукха ялхой бу сан ден цӀахь, церан массеран а шортта яа хӀума ю, ткъа со кхузахь мацалла леш ву!

[18] ДӀавахана, сайн да волчу юха а вирзина, ас эр ду цуьнга: Дада! Далла хьалха а, хьуна хьалха а къа латийна ас!

[19] ХӀинца со хьакъ вац хьан кӀант ву со ала, хьайн белхало вай, дӀаэцахьа со“.

[20] Хьала а гӀаьттина, шен да волчу вахара иза. КӀант геннахь схьавогӀуш дена гира. Цунах къахетта, ведда тӀе а вахана, иза маравоьллина, цунна барт баьккхира дас.

[21] Ткъа кӀанта элира цуьнга: „Дада! Далла хьалха а, хьуна хьалха а къа латийна ас. ХӀинца со хьакъ вац хьан кӀант ву со ала“.

[22] Амма дас шен ялхошка элира: „Тоьлла йолу бедар схьа а яй, тӀеюха цунна, пӀелгах мухӀар а долла, кога мачаш а юха.

[23] Юстийна йолу старгӀа схьа а ялаяй, урс хьакха: той хӀоттор ду вай.

[24] ХӀунда аьлча хӀара сан кӀант веллачуьра денвелла, вайначуьра карийна“. Уьш сакъера буьйлабелира.

[25] Воккхах волу кӀант оцу хенахь кха тӀехь вара. ЦӀа вогӀуш, шайн бахамна гергакхаьчча, цунна лоькху эшарш а, хелхаран мукъамаш а хезира.

[26] Цхьа ялхо схьа а кхайкхина, цо хаьттира: „ХӀара хӀун ду?“

[27] Ялхочо элира цуьнга: „Хьан ваша цӀа веана. Хьан дас старгӀа ейтина, хӀунда аьлча иза могуш-маьрша юхавирзина“.

[28] Воккхах волу кӀант, оьгӀазвахана, чу ван ца лууш вара. Дас, ара а ваьлла, чувола аьлла, дийхира цуьнга.

[29] Амма цо элира дега: „Со хьуна вецаш волу мел дукха хан ю, ахь аьллачунна тӀера ког а ца баьккхина ас, амма ахь суна буьхьиг а ца елла, соьга сайн доттагӀашца сакъерийта.

[30] Ткъа шен хьал мехкаршца сакъоьруш хаьхкина волу хьайн кӀант цӀа веача, цунна юстийна старгӀа йийна ахь“.

[31] Амма дас элира воккхах волчу кӀанте: „Сан кӀант! Хьо гуттар а соьца ма ву, сан долуш дерг шадерриг а хьан ма ду.

[32] ХӀинца вай самукъадаьлла хила ма деза, хьан ваша веллачуьра денвелла, вайначуьра карийна“».

Ӏийсас беана, Лакас дӀаязбина болу хаза кхаъ — Chapters