Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 7:18

[1] Цул тӀаьхьа Ӏийсас Шен мурдашна юкъара кхин а кхузткъе шийтта стаг хаьржира. Шел хьалха шишша цхьаьна Ша ваха везачу гӀаланашка а, ярташка а дӀахьовсийра Цо уьш.

[2] Цо элира цаьрга: «Хьовсал, мел дукха адам кийча ду Делан Олалла тӀелаца. Уьш кхиъна доккха ялта санна бу, амма и ялта чудерзо белхалой кӀезиг бу. Ялта долчу Дега деха иза чуэца кхин а белхалой бахкийта алий.

[3] ДӀадуьло! Берзалойн арданга юкъа Ӏахарий санна, дӀадохуьйту Ас шу.

[4] Шайца я бохча а, я тӀоьрмаг а, я мачаш а схьа ма эца, новкъахь маршалла хоттуш цхьаьнцца а совца а ма совца.

[5] Шаьш чоьхьадевллачу цӀа чохь цкъа хьалха ала: „Машар хуьлда хӀокху хӀусамехь!“

[6] Нагахь санна цу чохь Ӏаш волу хӀусамда машар безаш стаг велахь, аш кховдийна машар цуьнгахь буьсур бу, нагахь вацахь – шун машар шуна тӀе юхабоьрзур бу.

[7] Оцу цӀа чохь Ӏе, шайна схьаделларг даа а дууш, мала а молуш, хӀунда аьлча къахьоьгуш долу шу хьакъ ду нахера ял схьаэца. ХӀусамаш ма хийца.

[8] Шаьш гӀала а дахана, цигахь тӀеэцахь, шайна елларг яа,

[9] цомгуш нах тобе, ткъа хаам бе цаьрга: „Делан Олалла юххе кхаьчна шуна!“

[10] Шаьш тӀе ца эцначу гӀалахь, урамашкахула дуьйла а лой, ала:

[11] „Шун гӀалахь тхан мачаш тӀе йиллина чан а шуна юха дӀаегайо оха. Амма хаалаш, кху гӀалара бахархой: Делан Олалла гергакхаьчна шуна!“

[12] Ас боху шуьга: къематан дийнахь Седам-гӀалара нахана атта хир ду оцу гӀалара нахана чул».

[13] «Декъаза ю хьо, Къераз-гӀала! Декъаза ю хьо, Бет-Саида-гӀала! Нагахь санна Цора-гӀалахь а, ЦӀадан-гӀалахь а шу долчохь хилла тамашийна хӀуманаш хиллехьара, цигара адамаш, тоххарехь дохко а девлла, шайн дохкодовлар гойтуш йолу бедарш тӀе а юьйхина, овкъарна тӀе охьахевшина хир дара.

[14] Цундела Цорарчу а, ЦӀаданарчу а нахана къематан дийнахь шуна чул дуккха а атта хир ду.

[15] Ткъа хьо, Къапарнам-гӀала, хьо язйина стигала хьалайоккхур ю моьтту хьуна? Йоккхур яц, жоьжахатин цӀерга кхуссур ю».

[16] ТӀаккха Шен мурдашка Ӏийсас элира: «Шуьга ладугӀуш волчо Соьга ладугӀу, шу тӀе ца оьцучо Со тӀе ца оьцу. Ткъа Со тӀе ца оьцучо Со Ваийтинарг а тӀе ца оьцу».

[17] Ӏийсас вахийтина кхузткъе шийтта мурд юхавеара, самукъадаьлла, воккхавеш. «Эла, – бохура цара, – жинаша а оха бохург до, Хьан бакъонан цӀарах оха омра дича».

[18] Ӏийсас элира: «Иза бакъ ду, Суна хааделира стигалара, гӀорасиза а хилла, стелахаьштиг санна, чудеана иблис.

[19] Ас шуна ницкъ белла, кхерам боцуш, шайтӀанашна тӀе, лаьхьанашна а, дӀаьвше гезгашна а санна, ког баккха, шайн мостагӀчун ницкъ хьаша. Шуна зене цхьа а хӀума дац.

[20] Амма жинаш шаьш карадерзорах даккхий ма де, шайн цӀераш Дала стигалшкахь дӀаязъярх даккхийде».

[21] Оццу хенахь Делан Сино хазахетарх кийра буьзначу Ӏийсас элира: «Аса сий до Хьан, Сан Да, стигаллий, Латтий карахь долу Веза Эла, хьекъалчараххий, Ӏилма долчараххий и хӀума къайла а даьккхина, бер санна, догцӀеначарна Ахьа иза дӀаделларна. ХӀаъ, Сан Да, иза Хьан лаамца хилла ду!

[22] Дерриг а Сан Дас схьаделла Суна. Цхьанна а ца хаьа КӀант мила ву, Дена бен, цхьанна а ца хаьа Да мила ву, КӀантана бен а, Да гайта КӀанта хаьржинчу нахана бен а».

[23] Юха, мурдашка дӀа а вирзина, цаьрга шайгга элира Цо: «Дала декъалдина нах ду шу, хӀунда аьлча шайн бӀаьргашца хӀара дерриг а го шуна.

[24] Ас боху шуьга: дуккха а пайхамарш а, паччахьаш а лууш бара хӀара шуна гинарг ган, амма иза царна ца гина. Царна лиънера шуна хезаш дерг хаза, амма царна иза ца хезна».

[25] Юха, хьалха а ваьлла, цхьана Ӏеламчу стага Ӏийсага хаттар дира, Иза зерхьама. «Устаз, – хаьттира цо, – ас хӀун дан деза, Дела волчохь хедар доцу дахар сан хилийтархьама?»

[26] «Товрат тӀехь хӀун ду яздина? – дуьхьал хаьттира Ӏийсас а. – Хьо муха кхета цунах?»

[27] Вукхо жоп делира: «„Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца, дерриг а хьекъалца веза“, „Хьайн уллораниг хьо санна веза“».

[28] «Нийса жоп делира ахь, – элира цуьнга Ӏийсас, – иштта дан а де ахь, тӀаккха хьо Дела волчохь вехар ву».

[29] Амма Ӏеламчу стага, бехказавалархьама, хаьттира: «Ткъа мила ву суна уллораниг?»

[30] Цунна жоп луш Ӏийсас дийцира: «Цхьа стаг хилла Ярушалаймера Ерихоне охьавогӀуш. Новкъахь цунна тӀе талорхой летта. Некъахочунна тӀера хӀуманаш схьа а яьхна, цунна вала воллалц етта а йиттина, и охьатесначохь а витина, дӀабахана уьш.

[31] ТӀаьхьо цу новкъа схьавогӀуш хилла цхьа динан да. Новкъахь Ӏуьллу и стаг а гина, некъан дехьа агӀор а ваьлла, тӀехваьлла дӀавахана иза.

[32] Изза дина цхьана левихочо, цу стагана тӀе а вахана, цуьнга дӀа а хьаьжна, юьстах а ваьлла, дӀавахана иза.

[33] Юха лазийнарг Ӏуьллучу метте кхаьчна араваьлла лелаш волу шамранхо. И стаг а гина, оцу пекъарх къахетта цунна.

[34] Цо, тӀе а вахана, даьттанца а, чагӀарца а цуьнан чевнаш йила а йилина, дӀайихкина. Юха лазийнарг, шен вира тӀе а хаийна, некъахоша садоӀучу цӀийне а валийна, цуьнан цигахь терго еш, иза Ӏалаш а вина цо.

[35] ШолгӀачу дийнахь, ша дӀавоьдуш, хьешан цӀийнан хӀусамдена ши динари ахча а делла, цо аьлла: „ХӀокхуьнга хьажалахь, со юхавогӀуш, ас хьан хилла харж меттахӀоттор ю хьуна“.

[36] Мила вара оцу кхааннах талархоша лазийначу стагана уллораниг, хьуна моттарехь?»

[37] Ӏеламчу стага жоп делира: «Цунах къинхетам бинарг вара-кх». Ӏийсас тӀаккха элира цуьнга: «Вало, иштта де ахь а».

[38] Шайн новкъахула богӀуш, цхьана юьрта кхечира Ӏийса а, Цуьнан мурдаш а. Цигахь Марта цӀе йолчу зудчо шен хӀусамехь тӀеийцира уьш.

[39] Оцу зудчун Марем цӀе йолуш йиша яра. Марем, Элан когашка а хиина, Цуьнан къамеле ладугӀуш Ӏара.

[40] Ткъа Марта, дуккха а яа хӀума кечъян гӀерташ, хьаьддий, еддий лелаш яра. ТӀееана, Ӏийсага элира цо: «Эла! И сан йиша, хӀара болх берриг а суна тӀе а тесна, Ӏаш хилар нийса доцийла ца го Хьуна? Суна гӀо де алахьа цуьнга», – аьлла.

[41] «Маржа яӀ, Марта, – элира Ӏийсас, – хьо дуккха а хӀуманашна гӀайгӀа бан гӀерташ ю,

[42] ткъа оьшушдерг цхьаъ бен дац. Марема диканиг хаьржина, иза цуьнгара цхьаммо а дӀадоккхур дац».

Ӏийсас беана, Лакас дӀаязбина болу хаза кхаъ — Chapters