[1] Гуттар а доӀанаш деш, догйовха хилийтархьама, Ӏийсас Шен мурдашна цхьа хьекъале хӀума дийцира:
[2] «Цхьана гӀалахь вехаш цхьа кхелахо хилла. Иза Делах ца кхоьруш а, нахах эхь ца хеташ а стаг хилла.
[3] Оццу гӀалахь ехаш йисина Ӏаш йолу зуда а хилла. Денна а кхелахочунна тӀе а оьхуш, цуьнга дехарш деш хилла цо: „Сан довхочуьнца болчу къовсамехь нийсонна тӀе кхачаехьа со“, – бохуш.
[4] Цхьа хан яллалц цунна накъосталла ца деш Ӏийначу кхелахочо эххар а ойла йина: „Делах ца кхерахь а, нахах эхь ца хетахь а,
[5] оцу зудчунна гӀо дан деза ас, хӀора дийнахь схьа а оьхуш, цуьнга со хьийза ца вайта“, – аьлла».
[6] Везачу Эло аьлла: «Ойла елаш оцу харц кхелахочо дуьйцучух лаций.
[7] Дийнахь а, буса а Шега кхойкхуш болу, Ша хаьржина болу нах нийсонна тӀе кхачор бац Дала? Церан дуьхьа сихлур вац Иза?
[8] Ас боху шуьга: Цо, хьем ца беш, нийсоне кхочуьйтур бу уьш. Амма Адамийн КӀант дуьнен чу веача, карор буй теша Цунна Шех тешаш болу нах?»
[9] Шайх тоам а бина, кхечарах ца бешачу нахана цхьа хьекъале хӀума дийцира Ӏийсас:
[10] «Ши стаг вахана Делан цӀа чу доӀа дан: цхьаъ – парушхо, важа – ял гулъеш верг.
[11] Парушхочо, дӀа а хӀоьттина, доӀа деш хилла: „Дела! Хастам бу Хьуна, талорхой, харцончаш, нахаца леларш я хӀара ял гулъеш верг санна со ца хиларна.
[12] КӀирнах шозза марха а кхобу ас, сайн тӀедогӀучу хьолах уьтталгӀа дакъа нахана сагӀина а ло ас“, – бохуш.
[13] Гено лаьтташ вара ял гулъеш верг. Стигала ши бӀаьрг хьала хьажо а ца ваьхьаш, шен некха тӀе буй а бетташ, бохура цо: „Дела! Къинхетам бехьа сох, къинош летийначу стагах“, – бохуш.
[14] Билггала боху шуьга, цу шиннах геч а дина цӀа ваханарг ял гулъеш верг ву. ХӀунда аьлча хӀора ша лакхара хеташ верг, лах а вина, кӀезиг хетар ву, ткъа ша кӀезиг хеташ верг лакхаваьккхина хир ву».
[15] Ӏийса волчу кегий бераш а даладора, Цуьнга, уьш декъалдеш, царна тӀехула куьйгаш лацийта. И гиначу мурдаша берашца болу нах човхабора.
[16] Амма Ӏийсас, бераш Шена тӀе а кхайкхина, элира мурдашка: «ХӀара бераш тӀедахкийта Суна, царна дуьхьало ма е, хӀунда аьлча Делан Олалла тӀелаьцнарш уьш санна бу.
[17] Билггала боху шуьга: беро санна, Делан Олалла тӀе ца лоцуш верг цкъа а Делаца хир вац».
[18] Цхьана хьаькамо хаьттира Ӏийсага: «Дика Устаз! Ас хӀун дан деза Дела волчохь цкъа а чекхдер доцу дахар кхачийтархьама?»
[19] «Сох „дика“ хӀунда олу ахь? – хаьттира Ӏийсас. – Цхьа а вац дика, цхьа Дела воцург.
[20] Дала тӀедехкина гӀуллакхаш хьуна хууш ма ду: „Нахаца ма лела, адам ма де, къола ма де, харц тоьшалла ма де, дай-наний лара“?»
[21] «Беран хенахь дуьйна и дерриг кхочушдеш схьавогӀуш ву со», – аьлла хьаькамо.
[22] И хезча, Ӏийсас элира: «Кхин цхьа хӀума дан деза ахь: хьайн долахь дерг дерриг дӀа а дохкий, къечарна дӀасадекъа, тӀаккха стигалахь жовхӀар хир ду хьан. Цул тӀаьхьа, схьа а волий, Суна тӀаьхьахӀотта».
[23] Хьаькам гӀайгӀане вуьйжира и хезча, хӀунда аьлча иза чӀогӀа хьал долуш стаг вара.
[24] Ӏийсас, цуьнга хьаьжча, иза гӀайгӀане вожар а гина, элира: «Мел хала ду хьал долчу стагана Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь хила.
[25] Эмкална механ Ӏуьргахула чекхъяла атта ду, хьал долчу стагана Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь хуьлучул».
[26] И дерриг хезначара хаьттира: «КӀелхьара мила ваккхалур ву ткъа?»
[27] Ӏийсас жоп делира: «Адамашка ца далун дерг Деле далур ду».
[28] ТӀаккха Кипас элира: «Тхо ду-кх, дерриг а дитина, Хьуна тӀаьхьахӀиттинарш».
[29] Ӏийсас элира: «Билггала боху шуьга: Делан Олалла кхайкхоран дуьхьа шен цӀа а, да-нана а, зуда а, бераш а, йиша-ваша а дитинчунна
[30] хӀинца а алссам дерг хир ду, ткъа тӀейогӀу йолчу заман чохь Делаца долу цкъа а чекхдер доцу дахар а хир ду».
[31] Шен шийтта векал юьстах а кхайкхина, Ӏийсас элира цаьрга: «Вай хӀинца Ярушалайм лаьттачу хьаладовлуш ду, цигахь дерриг кхочуш хир ду Адамийн КӀантах пайхамарша дӀаяздинарг.
[32] Иза кхечу къаьмнех болчу нахе дӀалур ву. Уьш Цунах боьлуш, Иза хьийзош, Цунна тӀе шеташ етташ хир бу.
[33] Цара Цунна шед еттар ю, тӀаьххьара вуьйр а ву, амма кхозлагӀчу дийнахь Иза денлур ву».
[34] Цо дийцинчух векалш ца кхийтира, Цуьнан дешнийн маьӀна царна къевлина дара.
[35] Ӏийса Ерихон-гӀали улло кхочучу хенахь, некъа йистехь сагӀа доьхуш Ӏара цхьа бӀаьрзе стаг.
[36] Уллохула тӀехдовлучу адамийн гӀовгӀа а хезна, цо хаьттира: «И хӀун ду?» – аьлла.
[37] Цунна жоп делира: «Назартера Ӏийса ву и тӀехволуш верг», – аьлла.
[38] ТӀаккха бӀаьрзечо мохь хьаькхира: «Даудан кӀант Ӏийса! Къинхетам бехьа сох!» – аьлла.
[39] Хьалха богӀучу наха чехавора иза, гӀовгӀа ма е бохуш. Амма цо кхин а чӀогӀа мохь беттара: «Даудан кӀант! Къинхетам бехьа сох!» – бохуш.
[40] Ӏийсас, саца а сецна, и стаг Шена тӀевалавайтира. Иза тӀекхаьчча, хаьттира цуьнга:
[41] «Соьгара хӀун оьшу хьуна?» – аьлла. БӀаьрзечо дийхира: «Эла! Са гуш хила лаьара суна», – аьлла.
[42] Ӏийсас элира цуьнга: «Са гуш хила хьайна! Хьан тешаро кӀелхьарваьккхи хьо».
[43] Цу сохьта бӀаьрзечун са схьадеара. Иза Ӏийсана тӀаьхьа вахара, Далла хастамаш а беш. И дерриг гина нах даггара Далла хастамаш бан хӀиттира.