[1] Цкъа Ӏийса Ша кхаьчначу цхьана меттехь доӀа деш вара. Иза доӀа дина ваьлча, мурдех цхьаммо дийхира: «Эла! Тхуна а Ӏамадехьа доӀа дан, Яхьъяс шен мурдашна ма-Ӏамадарра».
[2] Ӏийсас элира цаьрга: «Шаьш доӀа дечу хенахь иштта ала: „Дада! Хьан цӀе сийлахь хуьлда! Хьан Олалла тӀекхочийла!
[3] ХӀора дийнахь даъал напха лохьа тхуна.
[4] Тхан къиношна гечдехьа, тхайна декхарийлахь болчарна оха ма-гечдарра. Хьарам лаамна кӀел ма дахийтахьара Ахьа тхо“».
[5] Юха Ӏийсас элира цаьрга: «Масала, шун цхьаннан доттагӀа ву. Буьйсанан юккъехь и волчу а дахана, аш цуьнга боху: „ДоттагӀа! Бухалург кхо хьокхам лохьа суна,
[6] со волчу доттагӀа кхаьчна, сан цунна яла хӀумма а яц“.
[7] ТӀаккха шун доттагӀчо ала мега: „Со Ӏадда вита, сан неӀ дӀакъевлина ю, со а, бераш а дӀадийшина ду. Сан, хьала а гӀаьттина, хьуна хьокхам бала йиш яц“.
[8] Ас боху шуьга, нагахь шун доттагӀалла лерина цо шуна хьокхам ца лахь, аш, юха ца довлуш, кхин а, кхин а иза бехча, цо, хьала а гӀаьттина, шуна иза лур бу.
[9] Цундела Ас боху шуьга: „Деле деха – Цо дехнарг лур ду шуна. Дела лаха – Иза карор ву шуна, неӀ тоха, иза дӀайоьллур ю шуна,
[10] хӀунда аьлча хӀора доьхучунна жоп ло Дала, лохуш волчунна карадойту, неӀ тухучунна – схьайоьллуьйту.
[11] Муьлхачу дас лур бу шен кӀантана лаьхьа, цо чӀара боьхуш хилча?
[12] Муьлхачу дас лур ю шен кӀантана дӀаьвше гезг, цо хӀоа доьхуш хилча?
[13] Шаьш мел къиза делахь а, шайн берашна оьшург аша луш хилча, стигалахь волчу шайн Дас муххале а доьхучунна Шен Деза Са лур дуйла хоуьйла шуна“».
[14] Цкъа Ӏийсас стеган мотт сацош долу жин эккхийра. Жин арадаьлча, стаг къамел дан хӀоьттира. Юххехь лаьттарш чӀогӀа цецбевллера.
[15] Цхьаболчара бохура: «Жинийн эла волчу БаӀал-Зебулин олаллица жинаш лохку Цо адамашна чуьра».
[16] Ткъа вукхара Ӏийса зерхьама дехар дира, стигалара цхьа тамашийна билгало гайта шайна аьлла.
[17] Амма церан ойланаш хуучу Ӏийсас элира: «Муьлхха а екъаелла йолу пачхьалкх хӀаллакьхила хьаьхна ю. Ткъа юкъахь барт боцу доьзал бухур бу.
[18] Нагахь иблис шена гонах болчаьрца бертахь дацахь, муха лаьттар ду цуьнан олалла? Ас и шуьга боху, БаӀал-Зебулан ницкъаца Ас жинаш дӀадоху бохуш, аш кхайкхадо дела.
[19] Нагахь Ас, аша ма-баххара, жинаш БаӀал-Зебулин гӀоьнца дӀалохкуш хилча, шун наха хьенан ницкъаца лохку уьш? Уьш шун кхелахой хир бу!
[20] Ас Делан ницкъаца лохку жинаш, ткъа иза Делан Олалла шуна схьакхаьчна хиларан билгало ю.
[21] Нагахь шен цӀа лардеш волу стаг онда а, герзаца а велахь, цуьнан бахамна кхераме хӀумма а дац.
[22] Амма нагахь, цул онданиг тӀе а летта, и эшавахь, хӀусамден бӀобулуш хилла долу герз схьа а даьккхина, бахам дӀахьур бу.
[23] Соьца воцург Суна дуьхьал ву. Соьца нах схьагулбеш воцург уьш дӀасабекъаболуьйтуш ву».
[24] «Харцжин стагах дӀакъаьстича, иза хи доцучу яьссачу аренгахула долалой лелаш хуьлу, тӀетовжа меттиг а ца карош. ТӀаккха цо олу: „Со арадаьллачу цӀа чу юхадоьрзур ду со“.
[25] Амма и стаг волчу юхадеъча, ша Ӏийна меттиг нуй хьаькхна а, цӀанйина а карайо цунна.
[26] ТӀаккха доьдий, цо шеца ворхӀ харцжин даладо, шел дуккха а вон долу. Уьш, цу стагана чохь шайн хӀусам а юьллий, даха ховшу. Эххар а оцу стеган хьал юьххьенца хиллачул а вон хуьлу».
[27] Ӏийса къамел деш а волуш, нахана юкъара цхьана зудчо мохь туьйхира: «Декъала ю Хьо кийрахь лелийна а, Хьуна накха белла а йолу зуда!»
[28] Амма Ӏийсас элира: «Кхин а декъала бу, Делан даше ла а дугӀуш, иза кхочушдеш берш».
[29] Дукха адам дара Ӏийсана гонах гулделла, тӀетеӀаш. Иза дийца волавелира: «Телхина ю хӀинцалера тӀаьхье. Цо доьху тамашийна билгало гайта бохуш, амма царна цхьа а билгало гур яц, Юнус-пайхамарехула гайтинарг йоцург.
[30] Нунав-гӀалара бахархошна Юнус-пайхамар санна, хӀинцалерчу тӀаьхьенна Адамийн КӀант а билгало хилла дӀахӀуттур ву.
[31] Къилбехьарчу зуда-паччахьо, хӀокху тӀаьхьенца ден а елла, Дала кхел ечу дийнахь и нах бехке бийр бу, хӀунда аьлча иза цхьана дуьненан маьӀӀера йогӀура Сулим-паччахьан хьекъале къамеле ладогӀа. Ткъа кхузахь Верг Сулим-паччахьал веза ву.
[32] Къематан дийнахь Нунав-гӀалара бахархоша, беллачуьра ден а белла, уьш бехке бийр бу, хӀунда аьлча уьш Юнуса бина хаам бахьана долуш дохкобевлла, ткъа шуна хьалха Верг Юнусал лакхара ву».
[33] «Цхьаммо а ца хӀоттабо латийна стогар иза ца гунболчу метте я кхаби кӀел. Мелхо а хӀора чувогӀучунна серло гун йолччу лакха хӀоттабо.
[34] Хьан бӀаьргаш – хьан дегӀан серло ю. Нагахь хьан бӀаьргашна са дика гахь, хьан дегӀ серлонах дуьзна хир ду. Ткъа нагахь хьан бӀаьргаш дика бацахь, дегӀ а боданах дуьзна хир ду.
[35] Хьайн дегӀера серлонах бода ца хилийта хьажалахь.
[36] Нагахь хьан дегӀ серлонах дуьзна делахь, цуьнан цхьа а меже боданехь яцахь, иза дерриг а, латийна стогар санна, серло луш хир ду».
[37] Ӏийса, къамел дина ваьлча, цхьана парушхочо ша волчу хӀума яа чукхайкхира. ЦӀа чу а ваьлла, хӀума юучу меттехь агӀорвелира Ӏийса.
[38] Парушхо цецвелира, Цо хӀума яале куьйгаш ца дилча.
[39] Амма Эло цуьнга элира: «Аша, парушхоша, тӀехулара кад-Ӏайг дикка цӀандахь а, бухалара бӀаьрмециг а, къиза а ду шу.
[40] Сонтанаш! ТӀехуларниг Кхоьллинчо ца кхоьллина бухаларниг а?
[41] Шайн долахь дерг къечаьрца декъа, тӀаккха дерриг а нийса хир ду шун.
[42] Къа ду шун, парушхой! Аша шайн долахь долчух уьтталгӀа дакъа, ур-атталла кертара хас-стоьмех а, сагӀина дӀалуш ду, ткъа нийсо а, Деле болу безам а бицбелла шуна. Ткъа аш иза а, важа а – ший а дан деза.
[43] Къа ду шун, парушхой! Гуламан цӀа чохь баьрччехь Ӏан лаьа шуна, базаран майданашкахь массара а шайга маршалла хатта лаьа шуна.
[44] Баьрзнаш шарделлачу кешнех тера ду шу. Царна тӀехула нах лела, уьш мел телхина ду а ца хууш».
[45] Цхьана Ӏеламчу стага элира: «Устаз! Оцу дешнашца тхуна а халахетар ма до Ахь!» – аьлла.
[46] Ӏийсас жоп делира: «Шун а ду къа, Ӏелам нах! ХӀунда аьлча дӀа ца бахьлун мохь нахана тӀе буьллу аш, ткъа шаьш пӀелга тӀе пӀелг а ца туху гӀодархьама.
[47] Къа ду шун, хӀунда аьлча шайн дайша байинчу пайхамаршна зиярташ деш ду шу.
[48] И болх барца аш тоьшалла до, шайн дайша динарг шаьш къобалдеш хилар: цара пайхамарш бойура, ткъа аш зиярташ хӀиттадо.
[49] Цундела Шегахь бен доцучу хьекъалца Дала аьлла: „Ас уьш болчу пайхамарш а, векалш а бохуьйтур бу, амма цара цхьаберш бойур бу, вуьш балехь бахкор бу“.
[50] ХӀокху тӀаьхьене дуьне кхоьллинчхьана Ӏанийна долу массо а пайхамаран цӀий хоттур ду:
[51] Хьабулна тӀера Делан цӀенний, сагӀа доккхучу кхерчаний юккъехь вийначу Закри-ЯхӀуний тӀе кхаччалц. Билггала боху шуьга, аш жоп лур ду дериггенах а.
[52] Къа ду шун, Ӏелам нах! Делан Йозанах хаарш чохь долчу цӀийнан догӀа нахера схьадаьккхина аш. Амма я шаьш а ца дахана шу оцу цӀа чу, я нах а ца бахийтина аш».
[53] Ӏийса цигара дӀавахча, Ӏелам нах а, парушхой а, оьгӀаз а бахана, тайп-тайпана хаттарш луш тӀаьхьабевлира Цунна,
[54] муьлххачу даша тӀехь лаьцна а, Иза лаца гӀерташ.