Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 6:13

[1] Оцу хенахь цхьана наха, тӀе а баьхкина, Ӏийсана дийцира Делан цӀийнан кертахь байинчу галилайхойх лаьцна. Пулата и омра далар бахьана долуш, оцу нехан цӀий цара сагӀа доккхуш яйинчу бежанийн цӀийца эделлера.

[2] Ӏийсас элира баьхкинчаьрга: «Иштта байина болу и нах вукху галилайхойл къинош сов долуш бара-м ца моьтту шуна?

[3] ХӀан-хӀа, – боху Ас шуьга, – амма нагахь санна шу, дохко а девлла, Далла тӀе ца дерзахь, уьш санна, шу а хӀаллакьхир ду.

[4] Шуна моьтту хир ду, Шилонан бӀов тӀе а йоьжна, велла волу берхӀитта стаг Ярушалаймехь болчу вукху нахал бехке вара?

[5] ХӀан-хӀа, – боху Ас шуьга, – амма шу, дохко а девлла, Далла тӀе ца дерзахь, уьш санна хӀаллакьхир ду».

[6] Ӏийсас цхьа хьекъале хӀума дийцира царна: «Цхьана стеган кемсийн бешахь дӀадийна инжиран дитт хилла. Цкъа, ван а веана, оцу дитта тӀехь стоьмаш бу бац хьаьжча, уьш ца карийна цунна.

[7] ТӀаккха кемсаш лелош волчу шен белхалочуьнга аьлла цо: „КхозлагӀа шо ду со кху дитте хьоьжу, амма стоьмаш ца латийна кху тӀе. Охьа а тохий, дӀадаккха хӀара, кхуьнга эрна меттиг дӀа а ца лоцуьйтуш“, – аьлла.

[8] Амма белхалочо жоп делла цуьнга: „ХӀусамда! Кхин цхьана шарахь а дитахьа хӀара. Ас, го а аьхкина, кхелли а йиллина, болх бийр бара.

[9] ХӀун хаьа, юха шарахь стоьмаш лато а ма мега кху тӀе? Ткъа ца латадахь, и дитт дӀадоккхуьйтур ду ахь“, – аьлла».

[10] Цхьана гуламан цӀа чохь шоьтан дийнахь хьехам беш вара Ӏийса.

[11] Букара хьаьвзина, букъ хьала ца нислуш, цхьа зуда яра цу чохь, берхӀитта шарахь шеца жинийн цамгар йолуш.

[12] И ган а гина, тӀекхайкхина, Ӏийсас элира цуьнга: «Йиша! Хьо хьайн цамгарх паргӀатъяьлла», – аьлла.

[13] Цо куьйгаш лецира зудчунна тӀехула. Важа оцу сохьта хьаланисъелира, тӀаккха Далла хастамаш бан хӀоьттира.

[14] И дерриг гина, гуламан цӀийнан хьаькамо, Далла леринчу шоьтан дийнахь Ӏийсас дарба дарна реза воцуш, чубаьхкинчу нахе элира: «Ялх де ду болх бан дезаш. Оцу деношкахь дуьйла шайна дарба дайта, Далла леринчу шоьтан дийнахь а ца догӀуш», – аьлла.

[15] Везачу Эло, жоп луш, элира цуьнга: «Шалхончаш! Шайн сту я вир, хьаьвдех схьа а достий, Далла леринчу шоьтан дийнахь хи мала ца дуьгу аш?

[16] БерхӀитта шарахь иблисо йихкина латтийна ИбрахӀиман тӀаьхьенах йолу хӀара зуда Далла леринчу дийнахь шен буржалех паргӀатъяла мегаш яц?» – аьлла.

[17] Цо и аьлча, Цунна дуьхьалболчу нахана эхь хийтира. Ткъа чохь берш самукъадаьлла, хазахеташ бара Ӏийсас и тамашийна гӀуллакхаш дарх.

[18] Цул тӀаьхьа Ӏийсас хаьттира: «Стенца дуста мегар ду Делан Олалла? Муха ду иза?

[19] Иза стага шен бешахь дӀадийначу уггар жимачу хӀуьнах тера ду. Цу хӀуьнах, хьала а даьлла, дитт хилла. Стигаларчу олхазарша баннаш дина цуьнан гаьннаш тӀехь».

[20] Кхин цкъа а хаьттира Ӏийсас: «Кхин стенца дуста мегар ду Делан Олалла?

[21] Иза морзанах тера ду. Зудчо, бод хьакхош, кхаа сахь чохь схьаэцначу демах тоьхна иза. Морза, массанхьа а кхочуш, демах дӀаийна».

[22] ГӀаланашкахула, ярташкахула чекхвуьйлуш, Ярушалайме воьдуш вара Ӏийса. Шен новкъахь нахана хьехам бора Цо.

[23] Цкъа цхьаммо хаьттира Цуьнга: «Эла! Иштта кӀезиг бу теша кӀелхьарбовлуш берш?» Ӏийсас элира гулбеллачаьрга:

[24] «Готтачу неӀарехула чекхдовла хьовса, хӀунда аьлча, Ас боху шуьга чубаха гӀиртинчех, дукхахберш чекхбовлалур бац.

[25] ХӀусамдас неӀ дӀакъевлича, шу арахь дуьсур ду. И неӀ етташ, дехар дийр ду аш: „Эла! ДӀаеллахьа тхуна“, – бохуш. Амма Цо эр ду шуьга: „Суна шу а ца девза, шу мичара даьхкина а ца хаьа“.

[26] ТӀаккха аш эр ду: „Оха Хьоьца яа а йиинера, мала а меллера, Ахь тхан урамашкахь хьехамаш а бинера тхуна“, – аьлла.

[27] Амма Цо эр ду: „Ас боху шуьга, Суна шу а ца девза, шу мичара даьхкина а ца хаьа. Шу массо а харцончаш ду, дӀадовла Суна юххера!“

[28] Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а хир ду. Шуна гур бу Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь болчарна юкъахь ИбрахӀим а, Исхьакх а, Якъуб а, берриш пайхамарш а, ткъа шу цигара лохкур ду.

[29] Малхбалехьара, малхбузехьара, къилбаседехьара, къилбехьара баьхкинчу наха хиндолчу тойнехь, Делан Олаллехь, шайн меттигаш дӀалоцур ю.

[30] Амма кхузахь цхьаболу тӀаьххьара хилларш цигахь хьалхара хир бу, цхьаболу хьалхара хилларш тӀаьххьара хир бу».

[31] Оцу хенахь Ӏийсана тӀевеанчу масех парушхочо элира: «Кхузара дӀаваьлла, кхечу метте ваха веза Хьо – ХӀарод ву Хьо вен гӀерташ», – аьлла.

[32] Ӏийсас жоп делира: «Даха а гӀой, цхьогало санна, зулам деш волчуьнга дӀаала: „Ас жинаш дӀа а лохкур ду, нахана дарбанаш а дийр ду тахана а, кхана а, ткъа кхозлагӀчу дийнахь Сайн болх чекхбоккхур бу“.

[33] Делахь а, хӀуъа хилахь а, Сан тахана а, кхана а, лама а лела деза, хӀунда аьлча пайхамар Ярушалаймал арахьа вала йиш йолуш вац.

[34] Ва Ярушалайм! Пайхамарш бойу ахь, хьайна тӀебахкийтиначарна тӀулгаш детта ахь. Мел чӀогӀа лиънера-кх Суна хьан бераш гулдан, олхазаро шен кӀорнеш тӀома кӀел гул ма-ярра, амма хьуна ца лии иза.

[35] ХӀинца билггала шун ЦӀа Дала дӀатесна ду. Ас боху шуьга, шуна Со гур вац, цхьа хан а еана, аш аллалц: „Декъала ву Везачу Элан цӀарах вогӀуш верг!“»

Ӏийсас беана, Лакас дӀаязбина болу хаза кхаъ — Chapters