Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 6:53

[1] Цул тӀаьхьа Ӏийса Ерихон-гӀалахула чекхволуш вара.

[2] Цу гӀалахь вехаш вара ял гулъечеран хьаькам а волуш, хьал долуш цхьа стаг. Цуьнан цӀе Закай яра.

[3] Закайна чӀогӀа лаьара Ӏийса ган, амма дегӀана жима волу дела, нахана тӀехула ца хьажалора иза.

[4] Ведда хьалха дӀа а вахана, цхьана комарийн дитта тӀе хьалавелира иза, тӀехволу Ӏийса гархьама, хӀунда аьлча Ӏийса цигахула дӀаваха везаш вара.

[5] Закай волчу метте тӀевеана, хьала а хьаьжна, Ӏийсас элира: «Закай, сихха чувосса! Хьо волчохь саца веза Со тахана».

[6] Вукхо, сиха чу а воьссина, хазахетарца тӀеийцира Ӏийса шен хӀусамехь.

[7] И дерриг гина, резабоцучара вовшашлахь шабарш дора: «Къинош летийначу стеган хӀусаме хьошалгӀа веа-кх Иза».

[8] Закайс, хьала а гӀаьттина, элира Везачу Эле: «Эла! Ас сайн ах бахам къечарна дӀалур бу, нагахь ас цхьана хӀумана тӀехь стаг левинехь, цунна хилла зе доьазза меттахӀоттор ду!»

[9] Ӏийсас элира: «Тахана къинхетам боьссина кху хӀусаме, хӀунда аьлча иза а ИбрахӀиман кӀант ву.

[10] Адамийн КӀант дайнарг каро а, кӀелхьардаккха а веана ма ву».

[11] ЛадугӀучарна Ӏийсас цхьа хьекъале хӀума дийцира. Иза Ярушалаймана уллохь волу дела, халкъана моттаделира Делан Олалла хӀинццехь гучудаьлла хир ду.

[12] Ӏийсас дийца долийра: «Паччахьан цӀийнах волу цхьа стаг хилла генарчу махка ваха араволуш, цу махкахь шен паччахьан бакъонаш чӀагӀ а йина, вухаверзархьама.

[13] Ша дӀавахале, шен ялхой схьа а кхайкхина, цаьрга итт дашо ахча а делла, аьлла цо: „Со вухавале, хӀара ахча пайда хуьлучу гӀуллакхна хьажаде“.

[14] Амма оцу махкарчу нахана ца везара и стаг. Цара цунна тӀаьххье хьадалчаш бахийтира, шайн лаам дӀахаийта: „Тхуна ца лаьа и стаг тхайн паччахь хила“, – аьлла.

[15] Паччахь а хилла, ша вухавеача, цу стага схьакхайкхийтира шен ялхошка. Цаьрга, шен ахчанах хӀун пайда хилла аьлла, хаьттира цо.

[16] Хьалхарчу ялхочо, ван а веана, элира: „Эла! Хьан цхьана дашо ахчано итт дашо ахча пайда бина“, – аьлла.

[17] ХӀусамдас аьлла цуьнга: „Дика ду, хьо дика ялхо ву. Хьо кӀезигчу хӀуманна тӀехь тешаме хиларна, хьан куьйгалла кӀел итт гӀала ло ас“.

[18] ШолгӀачо аьлла: „Эла! Хьан цхьана дашо ахчано пхи дашо ахча пайда бина“.

[19] „Хьо пхеа гӀалина тӀехь куьйгалла дан хӀоттаво ас“, – аьлла цуьнга паччахьо.

[20] Схьавеана, кхозлагӀчо аьлла: „Эла! ХӀара ду хьан дашо ахча, со хьох кхоьру дела, йовлакха юкъахь Ӏалашдинера ас иза, хӀунда аьлча хьо къиза стаг ву: айхьа дӀа ца йиллинчуьра хӀума схьаоьцу ахь, айхьа дӀа ца дийначуьра ялта хьокху ахь“, – аьлла.

[22] Паччахьо элира цуьнга: „Айхьа-хьайна кхел йи ахь, мекара ялхо! Хьуна хаьара со къиза стаг вуйла: айса дӀа ца йиллинчуьра хӀума схьаоьцуш а, айса дӀа ца дийначуьра ялта хьокхуш а.

[23] Со цӀа вале оцу ахчанах суна пайда хӀунда ца бира ахь, тӀе са а йоккхуш иза юхалург делла а?“ – аьлла.

[24] ТӀаккха уллохь лаьттачаьрга элира цо: „Схьаэца цуьнгара дашо ахча, дӀало иза итт дашо ахча пайда бинчунна“, – аьлла.

[25] Ялхоша элира: „Эла! Цуьнгахь итт дашо ахча долуш ма ду“, – аьлла.

[26] Паччахьо жоп делира: „Ас боху шуьга: долчунна кхин а тӀелур ду, ткъа доцучуьнгара цуьнан данне а доцург а дӀадоккхур ду.

[27] Ткъа аса шайна тӀехь паччахьалла дан ца лууш хилла болу сан мостагӀий, схьа а балабай, хӀокху меттехь, суна хьалхахь байа“, – аьлла».

[28] Шен дийцар чекх а даьккхина, Ярушалайме боьдучу новкъахула мурдашна хьалхаваьлла вахара Ӏийса.

[29] Зайт-диттийн ломан басенашкахь Ӏохкуш йолу Бет-Паг а, Бет-ХӀина а гӀаланашна тӀекхочуш, Шен мурдех шиъ вахийтира Цо, царна тӀе декхар а диллина:

[30] «Шайна хьалха лаьттачу юьрта дӀагӀо. Шу юьрта чу довллушехь, цхьа а стаг тӀе а хааза, дӀайихкина къона вир карор ю шуна, схьа а ястий, иза кхуза схьаялае.

[31] Цхьамма шайга хаттахь: „Схьа хӀунда йосту аш иза?“ – аьлла, „Элана оьшу хӀара“, – эр ду аш».

[32] ДӀабаханчу мурдашна, Ӏийсас ма-аллара, карийра дерриг а.

[33] Цара вир схьайостучу хенахь, хӀусамдайша хаьттира: «Вир схьа хӀунда йосту аш?» – аьлла.

[34] Кхара жоп делира: «ХӀара Элана оьшу», – аьлла.

[35] Мурдаша, вир схьа а ялийна, цунна тӀе шайн тӀехулара бедар а кхоьссина, Ӏийса тӀехаийра.

[36] Иза новкъа вогӀуш, цара шайн бедарш Цунна хьалха некъа тӀе охьатуьйсура.

[37] Зайт-диттийн лам тӀера некъ охьабоьрзучу меттехь берриг мурдаш самукъадаларца, мохь туххуш Далла хастамаш бан буьйлабелира, шайна мел гина тамашийна гӀуллакхаш бахьана долуш:

[38] «Декъала ву Везачу Элан цӀарах вогӀуш волу Паччахь! Стигалахь барт бу, лакхахь хастам бу!» – бохуш.

[39] Нахана юкъара цхьаболчу парушхоша элира Ӏийсага: «Устаз! Совцабе Хьайн мурдаш!» – аьлла.

[40] Цо жоп делира царна: «Билггала боху шуьга: нагахь уьш совцахь, тӀулгаша а маьхьарий деттар ду».

[41] Уьш Ярушалаймана улло кхаьчча, гӀала а гина, Ӏийсан бӀаьргех хи делира.

[42] Цо элира: «Маржа-яӀ! ХӀокху дийнахь мукъана а хьайна чохь бартехьа болу некъ хилийта хӀун оьшу хьуна хиъча!.. Амма тахана лачкъийна ду-кх и хьан бӀаьргех.

[43] Цхьа денош догӀур ду, мостагӀаша го а тесна, баьрзнаш а дина, хьо юкъа а йоьллина, массо а агӀор хьо къовлуш.

[44] ТӀулга тӀехь тӀулг а ца буьтуш, йохор ю хьо, хьан бахархой а бойур бу. И дерриг хир ду, хьайна чу Веза Эла воьссина хан хьуна ца хаар бахьана долуш».

[45] Делан цӀийнан керта а веана, цигара мах беш болу нах дӀалахка волавелира Ӏийса.

[46] «Яздина ду, – бохура Цо цаьрга, – „Сан цӀа доӀанаш ден цӀа олуш хир ду“, – аьлла, ткъа аш кхунах зуламхойн бен бина».

[47] Ӏийсас хӀора дийнахь Делан цӀийнан кертахь хьоьхура. Динан коьрта дай а, Ӏелам нах а, баккхий нах а Ӏийса хӀаллакван лууш бара.

[48] Амма церан аьтто ца болура, хӀунда аьлча дерриг адам гуттар а Цуьнца дара, хӀора Цуьнан даше ладугӀуш.

Ӏийсас беана, Лакас дӀаязбина болу хаза кхаъ — Chapters