[1] Ӏийсас элира Шен мурдашка: «Стаге къа латадойтуш долу хӀума тӀе ца догӀуш дуьсур дац. Амма декъаза ву ша бахьана долуш нахе къа латадайтина стаг.
[2] Делах тешаш болчу лахара болчех цхьаьнга къа латадойтучул, хьеран тӀулг, коча а оьллина, ша хӀорда чу кхоссийтар гӀоле ю цу стагана.
[3] Шаьш ларлолаш! Нагахь хьан вашас къа латадахь, бехк баккха цуьнгара, амма иза дохковалахь, гечде цунна.
[4] Нагахь хьан вашас дийнахь ворхӀазза хьуна дуьхьал къа латадахь, амма ворхӀаззе а хьо волчу а веана: „Со дохковаьлла“, – алахь, гечде цунна».
[5] ТӀаккха векалша элира Ӏийсага: «Алсамбаккхахьа тхан тешам», – аьлла.
[6] Ӏийсас элира: «Нагахь санна шун тешам жимачу буьрттигал а белахьара, аш оцу комарийн дитте ала тарлора: „Орамашца схьа а далий, хӀорда чу догӀало!“ Цо аш бохург дийр дара.
[7] Масала, шун цхьаннан охуш я жа дажош ялхо ву. Иза арара балхара цӀа веача, хьан эр ду аш цуьнга: „Схьавола, хӀокху метте агӀорвалий, хьайна хӀума яа“?
[8] Мелхо а, аш цуьнга эр ду: „Суна яа хӀума кечъе, юкъ а ехкий, сан гӀуллакхе хьажа со йиина а, мелла валлалц, тӀаккха – айхьа а яа а яа, мала а мала“.
[9] Шена тӀедиллинарг ялхочо кхочушдича, цунна баркалла хьан эр ду аш?
[10] Иштта аша а, шаьш дан деза гӀуллакх кхочушдай, ала: „Тхо хьакъ доцу ялхой бен дац – оха тхайна тӀедиллина гӀуллакх кхочушдина“».
[11] Ярушалайме воьдуш, Шамранан а, Галилайн а шина мехкан дозанехула схьавогӀуш вара Ӏийса.
[12] Иза цхьана юьрта чувулуш, Цунна дуьхьалкхийтира дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар йолу итт стаг. Геннахь севцина,
[13] маьхьарий хьаькхира цара: «Ӏийса! Устаз! Къинхетам бехьа тхох!» – аьлла.
[14] Уьш гиначу Ӏийсас элира: «Даха а гӀой, динан дайшна шаьш гайта», – аьлла. Цомгуш нах, дӀабоьлххушехь, новкъахь шайн цамгарх цӀинбелира.
[15] Царах цхьаъ, ша товеллий а хиъна, мохь туххуш Далла хастам а беш, вуха вирзира.
[16] Ӏийсана хьалха гора а воьжна, Цунна баркаллаш баха хӀоьттира иза. Иза шамранхо вара.
[17] ТӀаккха Ӏийсас хаьттира: «Итт стаг ца товелла цамгарх? Важа исс мичахь ву?
[18] Далла хастам бан веанарг кхечу къомах волу хӀара стаг бен ма вац?»
[19] ТӀаккха цу шамранахочуьнга элира Цо: «ХьалагӀатта, дӀавало. Хьан тешаро цамгарх кӀелхьарваьккхи хьо».
[20] Цкъа парушхоша хаьттира Ӏийсага: «Делан Олаллин де тӀе маца кхочур ду?» – аьлла. Цо жоп делира: «Шуна гучу кепехь догӀур дац Делан Олалла.
[21] Цхьаьнгге а алалур дац: „Иза кхузахь ду“ я „ДӀогахь ду“, хӀунда аьлча Делан Олалла шуна юкъахь ду».
[22] ТӀаккха Шен мурдашка элира Цо: «Цхьа хан йогӀур ю Адамийн КӀентан денойх цхьа де гина а, ган шу сатесна долуш, амма шуна и де гур дац.
[23] Шуьга эр ду: „Иза кхузахь ву“, я „ДӀогахь ву“, амма И гур вара алий, шу дӀа ма хьовда.
[24] Ерриг а стигал цхьана йистера вукху йисте кхаччалц серлаяьккхина, стелахаьштиг санна, хир ву Адамийн КӀант Шен дийнахь.
[25] Амма и де тӀекхачале, дуккха а баланаш лан дезар ду Цуьнан. ХӀокху адамийн тӀаьхьено эккхор а ву Иза.
[26] Нохьа-пайхамаран деношкахь ма-хиллара хир ду Адамийн КӀентан деношкахь а.
[27] Нах дууш, молуш, зударий балош, маре оьхуш бара Нохьа-пайхамар хӀордкеманна чу валлалц. Амма цул тӀаьхьа хи а хьаьдда, и берриг нах хӀаллакьхилира.
[28] Изза дара ЛутӀа волчу деношкахь а: дуура, молура, оьцура, духкура, дӀадоьра, гӀишлош йора.
[29] Амма ЛутӀа Седамера араваьллачу дийнахь стигалара, догӀа санна, деанчу цӀеро а, саьмгало а дерриг а адам хӀаллакдира.
[30] Иштта хир ду Адамийн КӀант гучувоккхучу дийнахь а.
[31] Оцу дийнахь тхов тӀехь нисвелларг шен хӀуманаш схьаэца цӀа чу ма гӀо. Эрна арахь верг цӀа юха ма верза.
[32] Дагадаийта шайна ЛутӀин зудчух хилларг.
[33] Шен са лардечо иза хӀаллакдийр ду, ткъа са дӀалочо иза Ӏалашдийр ду.
[34] Билггала боху шуьга: цу буса цхьаьна дӀабийшинчех цхьаъ дӀаоьцур ву, ткъа важа вуьтур ву.
[35] КӀа оручу шина зудчух цхьаъ дӀаоьцур ю, важа юьтур ю».
[37] «Мичахь хир ду иза, Эла?» – аьлла, хаьттира Цуьнан мурдаша. Ӏийсас элира: «Дакъа долчу хьаргӀанаш а гуллур ю».