[1] Цу хенахь эзарнаш адамаш гулделира, вовшашна тӀеттӀатеӀара уьш. Ӏийса цкъа хьалха шен мурдашка къамел дан волавелира: «Парушхойн муьстачу бедах – шалхаллех ларлолаш.
[2] Мел къайлаха дерг а гучудер ду, мел хьулдинарг а хоуьйтуш хир ду.
[3] Аша боданашкахь аьлларг серлонгахь хезар ду. Аша цӀа чохь цхьаьнга лере аьлларг тхевнаш тӀера кхайкхор ду».
[4] «Ас боху шуьга, Сан доттагӀий, стаг вен ницкъ болчух ма кхера, дегӀ хӀаллакдарал сов цуьнга кхин хӀумма а далур дац.
[5] Ас эр ду шуьга хьанах кхера веза: шу кхера деза стеган са схьа а эцна, иза жоьжахатин цӀерга кхосса ницкъ Болчух. Билггала боху шуьга, Цунах кхера!
[6] Пхеа хьозанах ши шай бен доккхур дуй те? Амма Далла царах цхьа а диц ца делла.
[7] Ткъа шун коьртара массо чо а багарбина бу шуна! Цундела ма кхералаш: дуккха а хьозанел деза ду шу!»
[8] Кхин дӀа а Ӏийсас бохура: «Ас боху шуьга: Со нахана хьалха къобалвеш верг Адамийн КӀанта Делан маликашна хьалха къобалвийр ву,
[9] амма Со нахана хьалха дӀатеснарг Аса а дӀатосур ву Делан маликашна хьалха.
[10] Адамийн КӀантана дуьхьал дош а аьлла, дохковаьллачунна гечдийр ду, амма Делан Са сийсаздинчунна гечдийр дац.
[11] Шаьш гуламан цӀа чу, я хьаькамашна, я Ӏедална тӀе далийча, са ма гатде шаьш ала дезачух а, жоп муха дала дезарх а,
[12] Делан Сино оцу хенахь ала дезарг Ӏамор ду шуна».
[13] Нахана юкъара цхьана стага элира Ӏийсага: «Устаз! Сан веше тхан дех диснарг соьца декъа алахьа!» – аьлла.
[14] «ЛадогӀахьа, Со хьан хӀоттийна шун кхелахо, бахам бекъа бакъо а елла?» – хаьттира цуьнга Ӏийсас.
[15] Цул тӀаьхьа Цо элира массаьрга а: «Варелаш! БӀаьрмециг ма хилалаш. Стеган дахар цуьнан хьолах лаьтташ дац шуна, иза мел дукха делахь а».
[16] ТӀаккха Цо цхьа хьекъале хӀума дийцира царна: «Цхьана хьал долчу стеган шортта ялта кхиъна хилла.
[17] „Ас хӀун дан деза? – ойла йина цо. – Сан хӀара ялта чудилла меттиг ма яц“.
[18] Юха цо аьлла: „Ас дера деза, сайн шира ялта чудуьллу сайранаш дӀа а даьхна, даккхий керланаш дан. Царна чу дерриг ялта а, кхийолу хӀума а хоьур ю.
[19] ТӀаккха айса-сайга ала мегар ду: хьан хьал дуккха а шерашна тоьар долуш ду, са а даӀа, даа а даа, мала а мала, самукъа а даккха“.
[20] Амма Дала элира цуьнга: „Сонта стаг! Тховса буса хьан дахар хедар ду. Хьанна дуьсур ду ахь хьайна кечдинарг?“ – аьлла.
[21] Дела волчохь хазна а ца гулъеш, шена хьал вовшахтухучунна хӀоранна а изза хир ду».
[22] ТӀаккха Ӏийсас элира Шен мурдашка: «Цундела боху Ас шуьга, шайн дахаран дуьхьа юучунна са ма гатде, шайн дегӀан дуьхьа духарна са ма гатде.
[23] ХӀунда аьлча юучул деза дахар ду, духарал деза дегӀ ду.
[24] ДӀахьовсал къийгашка: я дуьйш яц, я хьокхуш яц, церан сайранаш а, я ялта чудерзо меттиг а яц, амма Дала кхобу уьш. Ткъа шу оцу олхазарел мел мехала ду!
[25] Сагатдарца шайн дахар цхьана сахьтана хьаьнга дахдалийталур дара шуьга?
[26] Оццул кӀезигниг а далуш ца хилча, кхечунна стенна сагатдо аш?
[27] Ойла ел, муха кхуьуш ду петӀамат-зезагаш: уьш къахьоьгуш дац я бедарш тега кӀадеш еш дац, амма Ас боху шуьга, ур-атталла шен хьолан возаллехь Сулим-паччахь а ца кечлора цу зезагех муьлхха а санна.
[28] Нагахь тахана тӀедолу, ткъа кхана пешахь догу долу арара зезагаш а Дала иштта хаза кечдеш хилча, шаьш мел хаза кечдийр ду аьлла хета шуна, Делах кӀезиг тешаш дерш?!
[29] Цундела ма леха яа а, мала а шайна хӀун хир ю – цунна са ма гатде.
[30] Цу дерригенна а сагатдо оцу дуьненан кхечу къаьмнех болчу наха. Ткъа шун шайн Да ву, шуна мел оьшург хаа а хууш.
[31] Уггар хьалха Делан Олалла лаха, важа дерриг а Дала шуна лур ду».
[32] «Ма кхера, шу кӀезиг а, гӀийла а делахь а, шуна тӀехь Ӏу ву. Шун Ден, хазахетарца, шуна Олалла дала сацам хилла.
[33] Шайн бахамаш дӀа а бухкуш, мискачарна сагӀа ло. Лелийча тишлур доцу бохчанаш кечде шайна, лахлур йоцу хазна гулъе стигалахь: цигахь цунна тӀе къу а кхочур вац, нецано иза юур а яц.
[34] Шун хазна йолччохь, шун дог а хир ду».
[35] «Юкъ а ехкий, гуттар а гӀуллакх дан кийча хила, шайн стогарш а латийна хилийта,
[36] зуда ялийначу сакъера ваханчуьра шайн хӀусамда цӀа варе хьоьжучу ялхойн санна. ХӀусамдас, цӀа а веана, неӀ тоьхча, цунна иза оцу сохьта дӀаелла кийчча хир бу уьш.
[37] Декъала бу, хӀусамда цӀа кхаьчча, сема болу ялхой. Билггала боху шуьга, цо ша а, ялхойн духар а дуьйхина, уьш шуьнна гонах а ховшийна, оьшург тӀе а дахьаш, царна гӀуллакх дийр ду.
[38] Декъала бу, шена гӀуллакх дан кийча а болуш, хӀусамдена карийна ялхой, буьйса юкъал тӀехъяьлча иза цӀа веача а.
[39] Амма хаалаш, нагахь санна хӀусамдена къу маца вогӀур ву хууш хиллехь, цо шен цӀа чохь къола дойтур дацара.
[40] Шу а хила деза кийча, хӀунда аьлча Адамийн КӀант шу Цуьнга ца хьоьжучу хенахь вогӀур ву».
[41] ТӀаккха Кипас хаьттира: «Эла! Иза тхуна я массарна а дуьйцу Ахь?» – аьлла.
[42] Везачу Эло жоп делира: «Ас дуьйцур ду шуна тешаме а, хьекъале а урхалхо мила ву цӀа чохь: иза, хӀусамдас вукху ялхошна тӀехь куьйгалла дан а хӀоттийна, царна шен хеннахь юург луш верг ву.
[43] Декъала ву иза, шена тӀедиллина гӀуллакх деш а волуш, цуьнан хӀусамда цӀа кхаьчча.
[44] Бакъдерг боху шуьга: хӀусамдас иза берриг шен бахамна тӀехь куьйгалхо хӀоттор ву.
[45] Амма, масала, и ялхо: „Сан хӀусамда кеста цӀа вогӀий ца хаьа“, – аьлла, ойла а йина, кхечу ялхошна етта а йиттина, дууш, ваххалц молуш Ӏийр ву.
[46] Цунна дагахь а доцучу, иза цӀа варе ца хьоьжучу хенахь, хӀусамда цӀа кхочур ву. ХӀусамдас иштта ялхо, тур тоьхна, шина декъе воькъур ву, Делах ца тешачу нехан дакъа цунна кхочуьйтур ду.
[47] Шен хӀусамден лаам а хууш, цо бохург дан а ца динчу, дан а ца гӀиртинчу ялхочунна чӀогӀа еттар ю,
[48] ткъа ларамаза гӀалат даьллачунна кӀезиг таӀзар дийр ду. Дуккха а кхаьчначуьнгара дуккха а хоттур ду, дуккха а хӀума шех тешна дитинчунна тӀехь доккха декхар ду».
[49] КхидӀа а Ӏийсас бохура: «Со дуьнен чу цӀе таса веана, хӀинцале и цӀе марсаяьлла йогуш хила лаьара Суна!
[50] Амма баланийн хӀордах чекхвала везаш ву Со, иза хиллалц синтем бац Суна!
[51] Шуна моьтту хир ду, Со дуьнен чу машар бахьаш веана? „ХӀан-хӀа! – боху Ас шуьга, – Декъадалар дахьаш веана!“
[52] ХӀинца дуьйна иштта хир ду: пхеа стагах лаьтта доьзал бекъалур бу, кхоъ шинна дуьхьал, шиъ кхаанна дуьхьал хир ву.
[53] Да – кӀантана дуьхьал, кӀант дена дуьхьал, нана йоӀана дуьхьал, йоӀ – нанна, марнана несана дуьхьал, нус марнанна дуьхьал хир ю».
[54] Юха Ӏийсас бохура нахе: «Малхбалехь марха гича, догӀа догӀур дуй хаьа шуна, иза иштта хила а хуьлу.
[55] Ткъа къилбехьара мох хьаькхча, йовхо хир ю олу аш, иза а нийса хуьлу.
[56] Шалхончаш! Стигалан а, лаьттан а билгалонаш хаьа шуна, ткъа таханлерчу заманан билгалонаш къасто хӀунда ца хаьа шуна?»
[57] «Шайна гӀолехь долчун ойла хӀунда ца йо аш?
[58] Шаьш довхочуьнца кхел ян доьлхуш, новкъахь цуьнца берта даха хьовса, хӀунда аьлча цо шу кхелахочунна тӀе далор ду, кхелахочо гӀароле дӀалур ду, юха шу набахте кхуьссур ду.
[59] Билггала боху хьоьга: цигара хьо аравер вац, тӀаьххьарчу шайнна тӀекхаччалц, дерриг а хьайн декхар дӀаделла а бен».