[1] Тибар паччахь волу пхийтталгӀа шо долчу хенахь, Понти Пулат ЯхӀуд-махкахь мехкан куьйгалхо волуш, ХӀарод Галилайхь куьйгалхо волуш, цуьнан ваша Пилап и санна Итурейхь а, Трахонехь а куьйгалхо волуш, ткъа Лусан Абали цӀе йолчу меттигехь куьйгалхо волуш,
[2] динан коьрта дай бара Ӏанна а, Кайба а. Оцу шарахь яьссачу арахь Закрин кӀанте Яхьъяга Делера хаам хилира.
[3] Цул тӀаьхьа Яхьъя Йордан-хин бердаш тӀехь болчу махкахула вогӀура. Цо кхайкхам бора нахе: «Далла тӀе а дерзий, шаьш хих чекхдахийта, Деле шайн къиношна гечдайтархьама», – бохуш.
[4] Цуьнан хьехамех лаьцна ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро яздина: «Яьссачу аренгахь кхойкхучун аз хезаш ду: „Везачу Элана некъ кечбе! Нисде Цунна хьалха некъан тачанаш!
[5] ХӀора тогӀи хьалаюзур ю, хӀора лам а, гу а охьахедар бу. Харц некъаш нислур ду, доьхнарш шарлур ду.
[6] Массарна а гур ду Дала адамаш кӀелхьардахар!“»
[7] Хих чекхбахийта баьхкинчу нахе Яхьъяс бохура: «Шу лаьхьанан кӀорнел а чӀогӀа зуламе адамаш ма ду! Хьан бина шуьга, тӀедогӀучу къематан дийнах кӀелхьардовла деза аьлла, хаам?
[8] Шу Далла тӀедирзина делахь, шайн дахарехь иза гайта. „Тхан да ИбрахӀим ву“, – алий, тоам ма бе. Ас боху шуьга, Делан таро ю оцу Ӏохкучу тӀулгех а ИбрахӀимна тӀаьхье ян.
[9] Орамашна тӀехула диг хьалаайина ду: хӀора шена тӀе пайден болу стом ца латтош долу дитт, хада а дой, цӀера юккъе кхуссу».
[10] «Ткъа хӀун де оха?» – бохуш хоьттура наха.
[11] Яхьъяс жоп лора: «Шен ши коч йолчо цхьа а йоцучунна цхьаъ дӀало, шен яа хӀума йолчо изза де».
[12] Ял йоккхуш берш а богӀура шаьш хих чекхбахийта. «Устаз! – хоьттура цара, – оха хӀун дан деза?»
[13] «Нахера совнаха ял ма яккха», – бохура цо цаьрга.
[14] ТӀемалоша хаьттира цуьнга: «Оха хӀун дан деза?» Яхьъяс жоп делира: «Нуьцкъах нахера хӀуманаш схьа ма яха, бехке воцург бехке ма ве, шайн алапах тоам бе».
[15] Адам цхьана хӀумане сатуьйсуш Ӏара, массеран дагахь дара: «Дала леррина Къобалвинарг вуй теша Яхьъя?»
[16] Яхьъяс бохура цаьрга массаьрга а: «Ас шу хих чекхдоху, амма сол нуьцкъалниг вогӀур ву шуна, со Цуьнан мачийн бахтарш дӀадаста а хьакъ вац. Цо Делан Синах дузор а ду, цӀерца а дахчор ду шу.
[17] Цуьнан карахь кӀа ору баьхьа бу, хьаьттахь долу кӀа, цӀан а дина, цӀа чу схьагулдархьама. Ткъа кегаш цкъа а дӀайовш йоцучу цӀера юкъахь ягор ю Цо».
[18] Оцу дешнашца а, кхин дуккха а кхидолчу тӀедожоршца а халкъе хазачу кхоах лаьцна хаамаш бора Яхьъяс.
[19] Цу хенахь Яхьъяс бехке вира махкана тӀехь куьйгалла деш волу ХӀарод, шен вешин зуда ХӀародад ялийна аьлла а, кхин а цуьнгара даьлла зуламаш бахьанехь а.
[20] ХӀарода шегара девллачу зуламашна тӀе кхин цхьаъ а туьйхира: цо Яхьъя чувоьллира.
[21] Схьавеанарг массо а хих чекхвоккхуш, Ӏийса а ваьккхира. Иза доӀа дан хӀоьттира – стигал еллаелира.
[22] Ӏийсана тӀе Делан Са доьссира кхокханан суьртехь. Стигалара аз хезира: «Хьо ву Сан хьоме КӀант! Хьоьца бу Сан лаам!»
[23] Ӏийсан ткъе итт шо гергга дара, Иза Делах лаьцна хьехамаш бан волавелча. Иза, массарна ма-моттара, Юсупан кӀант вара, ткъа Юсуп Ӏелин кӀант вара,
[24] Ӏела Маттатан вара, Маттат Левин вара, Леви Мелхин, Мелхи Яннайн, Яннай Юсупан,
[25] Юсуп Маттит-ЯхӀун, Маттит-ЯхӀу Амосан, Амос Нахьуман, Нахьум Элсин, Элси НагӀайн,
[26] НагӀай Махьатан, Махьат Маттит-ЯхӀун, Маттит-ЯхӀу ШамӀин, ШамӀа Юсахан, Юсах Йовдин,
[27] Йовди Йохьанан, Йохьан Решан, Реша Зурбабелан, Зурбабел Шалтаалан, Шалтаал Неран,
[28] Нера Мелхин, Мелхи Адин, Ади Къосаман, Къосам Ӏелмадин, Ӏелмади Ӏаьран,
[29] Ӏаьр ЮшаӀан, ЮшаӀ ЭлиӀазаран, ЭлиӀазар Йораман, Йорам Маттатан, Маттат Левин,
[30] Леви ШимӀин, ШимӀа ЯхӀудан, ЯхӀуд Юсупан, Юсуп Йонаман, Йонам Элъякъиман,
[31] Элъякъим Мелин, Мели Минадин, Минади Маттетан, Маттет Натин, Ната Даудан,
[32] Дауд Юшаян, Юшай Ӏабадин, Ӏабади БоӀазан, БоӀаз Салманан, Салман Нахьшонан,
[33] Нахьшон Ӏамминадабан, Ӏамминадаб Адманан, Адман Раман, Рам Хьацранин, Хьацрани Парасан, Парас ЯхӀудан,
[34] ЯхӀуд Якъубан, Якъуб Исхьакхан, Исхьакх ИбрахӀиман, ИбрахӀим ТӀахьиран, ТӀахьир Нахьиран,
[35] Нахьир СерагӀан, СерагӀ Рахьун, Рахьу ПалагӀан, ПалагӀ Ӏебаран, Ӏебар Селахьан,
[36] Селахь Къаиман, Къаим Арпахшадан, Арпахшад Шимин, Шима Нохьин, Нохьа ЛемакӀан,
[37] ЛемакӀ Матушалахьан, Матушалахь ХӀанохан, ХӀанох Ярадан, Ярад Махьаллалан, Махьаллал Къаиман,
[38] Къаим Эношан, Энош ШатӀин, ШатӀа Адаман, ткъа Адам – Делан кӀант вара.