[1] Ӏийсана гира хьалдолчу наха Делан цӀийнан кертахь сагӀа гулдечу хазнина чу сагӀина хӀума луш.
[2] Цхьа йисина Ӏаш йолу къен зуда а гира Цунна. Цу зудчо ши жима цӀестан ахча охьадиллира.
[3] «Бакъдерг боху шуьга, – элира Ӏийсас, – хӀокху йисина Ӏачу къен зудчо сагӀина делларг массара деллачул а деза ду.
[4] Вукхара шайн хьолах совдаьлларг луш дара, ткъа цо шен таро йоццушехь, шена юучунна хӀумма а ца дуьссушехь, дерриг а охьадиллина».
[5] Цхьаболчу Ӏийсан мурдаша тидам бира Делан цӀа дезачу мехалчу тӀулгех а, Далла деанчу совгӀатех а кечдина хилар. Амма Ӏийсас элира:
[6] «Цхьа хан йогӀур ю, хӀара шуна гуш дерг дерриг а дохош, тӀулга тӀехь тӀулг а ца буьтуш».
[7] Мурдаша хаьттира: «Устаз! Маца хир ду иза? ХӀун билгало хир ю и хиндерг тӀекхачаран?»
[8] Цо элира: «Ларлолаш, шаьш ле ма дайталаш, хӀунда аьлча Сан цӀарца дукха нах богӀур бу: „Со ву Иза“ я „Хан тӀекхочуш ю“, – бохуш. Царна тӀаьхьа ма хӀитталаш.
[9] ТӀемах я гӀаттамах шайна хӀума хазахь, кхера ма лолаш. И дерриг цкъа хьалха хир ду, амма чаккхе иштта сиха хир яц».
[10] Ӏийсас кхидӀа а дуьйцура: «Халкъана дуьхьал халкъ гӀоттур ду, мохк махкана дуьхьал бер бу.
[11] МаьӀ-маьӀӀехь чӀогӀа мохк бегор бу, мацалла а хир ю, ун а хир ду, инзаре а, кхераме а хӀуманаш хир ду, стигалара тамашийна билгалонаш а хир ю.
[12] Амма и хӀуманаш хилале, шу дӀа а лоьцур ду, лаьхкина а лелор ду. Со бахьана долуш, гуламан цӀеношкахь кхел а йина, набахте чу а духкуш, паччахьийн а, куьйгалхойн а кара дӀа а луш, лелор ду шу.
[13] ТӀаккха царна тоьшалла дан йиш хир ю шун.
[14] Хаа ду шуна, хьалхе дуьйна шаьш ала дезачун ойла ма елаш.
[15] Ас шуна лун долчу дешнашна а, хьекъална а дуьхьало ян ницкъ кхочур бац шун довхойн.
[16] Дайша-наноша а, вежарша а, гергарчара а, доттагӀаша а ямартло йийр ю шуна, цхьаберш бойур а бу шух.
[17] Сан цӀе бахьана долуш цхьанна а дезар дац шу.
[18] Амма кхера ма кхералаш, шун кортош тӀера цхьа мас а галъер яц.
[19] Собаре хилахь, шайн синош кӀелхьардохур ду аша».
[20] «Ярушалайм эскарша го бина гича, хаалаш, и йохо хан гергакхаьчна хилар.
[21] ТӀаккха ЯхӀуд-махкахь берш лаьмнашка бовда беза, гӀалахь берш цу чуьра арабовла беза, гӀалина арахь берш чу ца богӀуш совца беза,
[22] хӀунда аьлча уьш „таӀзаран денош“ хир ду, Делан Йозанашкахь мел яздинарг кхочушхилийтархьама.
[23] Боккхачу баланехь хир бу цу дийнахь доьзалхочух болу а, бераш дакхош болу а зударий. Инзаре боккха бала буссур бу кху лаьтта тӀе, Дела оьгӀазгӀур ву кху халкъана.
[24] Дукха адам туьро хьокхур ду, массо а мехкашка йийсаре дуьгур ду. Ярушалайм кхечу къаьмнех болчара хьаьшна латтор ю, шайн хан дӀаяллалц».
[25] «Малха тӀехь, батта тӀехь, седарчаш тӀехь тамашийна билгалонаш гур ю шуна. Ловзабаьллачу хӀордан тулгӀенийн гӀовгӀано кхерийна халкъаш дуьнен чохь сингаттамехь хир ду.
[26] Лаьтта тӀе буссур болчу баланех кхоьруш, са лоьцуш хир бу нах, стигалшкахь мел дерг меттахдер йолу дела.
[27] ТӀаккха гур ву царна Шен ницкъаца а, доккхачу сийлаллица а „мархи тӀехула вогӀу Адамийн КӀант“.
[28] И хила доьлча, хьала а гӀовттий, шайн кортош хьалаайа, хӀунда аьлча шун кӀелхьардахар герга кхаьчна».
[29] Ӏийсас иштта масална цхьа дустар далийра царна: «Хьовсал комарийн дитте а, массо кхечу дитташка а.
[30] Царна тӀе гӀаш девлча, хаьа шуна аьхке герга кхаьчнийла.
[31] Иштта ду кхузахь а, и хӀуманаш хила доьлча, хаа ду шуна Делан Олалла гергга дуйла.
[32] Бакъдерг боху шуьга: хӀара адамийн тӀаьхье чекхъялале хир ду и дерриг а.
[33] Стигаллий, латтий къайладаьлча а, Сан дешнаш довр дац».
[34] «Варелаш, тӀехъюучу хӀумане, маларе, дахаран хьашташка шайн дегнаш дӀа ма лецийталаш, хӀунда аьлча оцу дийно дӀалоцур ду шу,
[35] цӀеххьана цхьаъ лаца йинчу кӀелоно санна. Дуьнен чуьра массо а адамна тӀекхочур ду и де.
[36] Гуттар а сема хила, доӀанаш де, мел хила безаш болчу баланех чекхдовла шайн ницкъ хилийтархьама, Адамийн КӀантана хьалха хӀитта кийча хилархьама».
[37] Дийнахь Ӏийсас Делан цӀа долчу кертахь хьехамаш бора, ткъа сарахь Зайт-диттийн лам тӀе а воьдий, цигахь буьйса йоккхура.
[38] Ӏуьйранна хьалххе Цуьнга ладогӀа адамаш догӀура Делан цӀа лаьттачу керта.