Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 6:19

[1] ТӀаьхьо, Ӏийса Делан цӀийнан кертахь хаза кхаъ кхайкхош волуш, Цунна тӀебаьхкира динан коьрта дай а, Ӏелам нах а, баккхий нах а.

[2] «Муьлхачу бакъонца ду Ахь деш дерг? Хьан елла Хьуна и бакъо?» – аьлла, хаьттира цара.

[3] Ӏийсас жоп делира: «ХӀинца Аса а дийр дара шуьга цхьа хаттар:

[4] Яхьъяна хих нах чекхбаха елла бакъо стигалара яра я адамашкара яра?»

[5] ТӀебаьхкинарш вовшийн барт бан хӀиттира: «Нагахь вай: „Стигалара яра“, алахь, Цо хоттур ду: „Цунах хӀунда ца тийшира шу?“ – аьлла.

[6] Амма нагахь: „Адамашкара яра“, – алахь, наха вайна тӀулгаш кхуьссур ду, хӀунда аьлча уьш тешна бу Яхьъя пайхамар хиларх».

[7] Цара жоп делира: «Ца хаьа тхуна», – аьлла.

[8] Ӏийсас элира: «ТӀаккха Ас а эр дац шуьга, муьлхачу бакъонца деш ду Айса деш дерг».

[9] Юха Ӏийсас нахана цхьа хьекъале хӀума дийцира: «Цхьана стага кемсаш йийна хилла. Уьш лело белхалошка дӀа а елла, дуккха а ханна цӀера ваьлла хилла иза.

[10] Кемсаш хуьлучу хенахь шен ялхо вахийтина цо белхалошна тӀе, гулбинчу стоьмех цхьа дакъа да шена аьлла. Амма белхалоша ялхо, етта а йиттина, ваьсса цӀа хьажийна.

[11] ХӀусамдас кхин цхьа ялхо а вахийтина, амма цара, етта а йиттина, сийсаз а вина, хӀумма а ца луш, дӀахьажийна иза а.

[12] Цо кхозлагӀа ялхо вахийтина. Белхалоша йиттина, цӀийх а вуьзна, эккхийна иза а.

[13] ТӀаккха хӀусамдас аьлла: „ХӀун дан деза ас? Сайн хьоме кӀант вахийта веза ас, цуьнга мукъана а ларам хир бац теша церан?“

[14] Амма шайна тӀевеана и кӀант гича, белхалойн сацам хилла: „Иза хинволу хӀусамда ву. Вай иза вен веза, тӀаккха цуьнан бахам вайна буьсур бу“.

[15] Кемсийн бешара ара а ваьккхина, вийна цара иза. Ткъа хӀинца хӀун дийр ду царна хӀусамдас?

[16] Ван а веана, и белхалой байа а байина, кхечаьрга дӀалур ю-кх кемсийн беш». ЛадугӀучара элира: «Иза иштта ма хуьлийла!»

[17] Ӏийсас, леррина цаьрга а хьаьжна, элира: «ХӀун маьӀна долуш ду Делан Йозанан дешнаш: „ГӀишло еш пхьераша дӀакхоьссина тӀулг цӀийнан сонан йистехь коьрта тӀулг хилла, дӀахӀоьттина“?

[18] Муьлхха а оцу тӀулга тӀе охьавоьжнарг аталур ву, ткъа и тӀулг цхьанна тӀе боьжча, цо хьошур ву».

[19] И дийцар шайна дуьхьал далийна дуй кхетта, цу сохьта Ӏийса лаца аьтто лоьхура динан дайша а, Ӏеламчу наха а. Амма уьш нахах кхоьрура.

[20] Цара Ӏийса леррина тергалвора, Цунна тӀе шайн мотт бетта нах а оьхуьйтуш. Муьлххачу даша тӀехь ваьлла а Иза галвалахь, мехкан куьйгалхочун Ӏедале дӀаваларе сатуьйсуш, и мекара нах гонах хьийзара Цунна, шаьш диканаш бу а моттуьйтуш.

[21] Цкъа хаьттира мотт беттачара: «Устаз! Хьан дешнаш а, хьехамаш а нийса буй хаьа тхуна. Стаге ца хьожуш, Ахь нийса хьоьху Далла лууш дерг.

[22] Алахьа, нийса дуй те римхойн паччахьна ял ялар я дац?»

[23] Церан мекарло гуш, Ӏийсас элира:

[24] «Схьагайтал Суна дато динари-ахча. Хьенан сурт ду кху тӀехь диллинарг, хьенан цӀе ю язйина?» «Римхойн паччахьан ю-кх», – элира цара.

[25] ТӀаккха Цо жоп делира цаьрга: «Делахь, паччахьна паччахьна доггӀург дӀало, Далла – Далла доггӀург».

[26] Нахана хьалха цхьана а хӀуманна тӀехь Иза лаца а ца велла, Цуьнан жоьпах цецбевлла, дӀасевцира мотт беттарш.

[27] Ӏийсана тӀе садукъой баьхкира. Уьш ца тешара велла стаг денваларх. Цара хаьттира Цуьнга:

[28] «Устаз! Муса-пайхамаро яздина вайна, нагахь стаг велча, цуьнан зуда доьзалхо воцуш йисахь, веллачун вашас и зуда яло еза шен вешин тӀаьхье меттахӀотто.

[29] ВорхӀ ваша хилла. Хьалхарчо зуда ялийна, амма и лечу хенахь доьзалхо ца хилла цуьнан.

[30] Иштта хилла шолгӀачу вешина а.

[31] КхозлагӀчо ялийна иза, иштта ворхӀе а велла уьш, цхьа а бер доцуш.

[32] Эххар и зуда а елла.

[33] Масала, уьш денбелча, хьенан зуда хир ю иза, ворхӀангахь а иза марехь хилла хилча?»

[34] Ӏийсас жоп делира: «Кху дуьнен чохь зударий а балабо, маре а боьлху.

[35] ТӀейогӀучу хенахь беллачуьра денбала хьакъ берш зударий балош я маре боьлхуш хир бац.

[36] Деллачуьра ден а делла, уьш Делан бераш ду. Маликех тарделла, уьш кхин лийр дац.

[37] Ткъа белларш билггала денлург хилар Муса-пайхамаро гайтира коканийн колл йогучу хенахь. Мусас Везачу Элах „ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела“ аьлла.

[38] Амма Дела беллачеран Дела вац, дийначеран Дела ву, хӀунда аьлча Цунна гергахь массо а дийна ву!»

[39] И хезча, цхьаболчу Ӏеламчу наха элира: «Дика жоп делира Ахь, Устаз!» – аьлла.

[40] Кхин цхьа а Цуьнга хаттар дала ца хӀуттура.

[41] Юха Ӏийсас хаьттира: «Дала леррина Къобалвинарг Даудан КӀант ву хӀунда олу?

[42] Дауда забура тӀехь ша ма-аллара: „Везачу Эло сан Хьалдолчу Эле аьлла: Суна аьтту агӀор охьахаа,

[43] Аса Хьан мостагӀий Хьан когашка охьабахккалц“.

[44] Нагахь Дауда Цунах „Хьалдолу Эла“ аьлча, цуьнан кӀант муха хуьлу Иза?»

[45] Массо а Ӏийсага ладугӀуш вара, ткъа Цо Шен мурдашка элира:

[46] «Ӏеламчу нахах ларлолаш. Уьш деха духарш духий лела, базаран майданашкахь шайга маршалла хоттуш хазахета царна, гуламан цӀа чохь а, той долчохь а баьрччехь Ӏан лаьа царна.

[47] Цара бисина Ӏан зударий шайн цӀенойх а боху, шаьш гайтархьама деха доӀанаш а до. Амма иштта болчарна луьра таӀзар хир ду».

Ӏийсас беана, Лакас дӀаязбина болу хаза кхаъ — Chapters