[1] Цул тӀаьхьа Ӏийса гӀаланашкахула а, ярташкахула а чекхволура, Делан Олаллех лаьцна хаза кхаъ кхайкхош. Шен шийтта векал вара Цуьнца,
[2] кхин масех зуда а, Цо жинех а, цамгарех а тойина йолу: шена чуьра ворхӀ жин схьадаьлла йолу Магдал-юьртара Марем а,
[3] ХӀародан цӀен чохь куьйгалла деш волчу Хьозан зуда Яхьани а, Шушан а, кхин дуккха а берш. Оцу зударша шайн хьола тӀера дакъа луш гӀо дора Ӏийсана.
[4] Ӏийса волчу дукха нах тӀеоьхура маьӀ-маьӀӀера. Цо царна цхьа хьекъале дустар далийра:
[5] «Цхьа ахархо шен кха тӀе хӀу таса араваьлла. Цо хӀу тосучу хенахь цхьадолу буьртигаш некъан йистехула охьаэгна хилла. Схьадаьхкинчу олхазарша уьш дӀадиъна.
[6] Кхидолу буьртигаш тӀулгаш долчу лаьтта тӀе ийгира. Церан зӀийдигаш гучуевлча, уьш якъаелира, хи а ца тоьъна.
[7] Кхидерш коканийн коьллаш юкъа ийгира, амма коьллаша, юкъ а елла, хӀун зӀийдигаш къайлаехира.
[8] Ткъа важа долу хӀу дика латта долчохь нисделира. Хьала а девлла, дӀадийначул бӀозза сов ялта делира цара». И дийцар чекх а даьккхина, Ӏийсас чӀоггӀа элира: «Лергаш долчунна хӀара хезийла!»
[9] Цуьнан мурдаша хаьттира Цуьнга, хӀун маьӀна долуш ду и дийцар аьлла.
[10] Ӏийсас элира: «Шун таро ю Делан Олаллех йолу къайленаш йовза, ткъа кхечаьрга Ас ишттачу дустаршца дуьйцу, уьш „хьоьжуш боллушехь, царна хӀумма а ца гархьама, ладугӀуш боллушехь, дуьйцучух ца кхетийтархьама“.
[11] ХӀара маьӀна долуш ду и далийна дустар: буьртиг Делан дош ду.
[12] Новкъа йистехь эгна буьртигаш – уьш Делан дош хезаш берш бу. Амма схьадеанчу иблисо церан дегнашкара и дош дӀахьо, уьш, цунах теша а тешна, кӀелхьара ца бовлийтархьама.
[13] Ткъа тӀулгаш тӀе эгнарш – уьш, дош хезча, хазахетарца и тӀеоьцурш бу. Амма шайн цхьа а орам боцуш, уьш цхьана ханна теша, ткъа зуьйш йолчу хенахь, уьш юьстахбовлу.
[14] Коканийн коьллаш юкъа эгна, кхиъалц стом ца белла буьртигаш – уьш дош хезнарш бу, амма юха дӀа а бахана, дахаран гӀайгӀанех, хьолах, дегӀана там лахарх Ӏехабелларш бу.
[15] Ткъа дикачу лаьтта тӀе эгнарш – уьш, дош а хезна, дикачу, цӀеначу даг чохь и лардеш, собаре хиларца пайден стом луш берш бу».
[16] «Цхьаммо стогар латийча, цунна тӀехула кхаба ца хӀоттайо, я маьнги кӀел ца хӀоттабо иза, амма чубогӀучарна серло гун йолччу лакха хьалахӀоттабо.
[17] ХӀунда аьлча мел йоккха къайле а цхьанна ца хууш юьсур яц, мел чӀогӀа лечкъийнарг а гӀара ца долуш а, гучу ца долуш а дуьсур дац.
[18] Цундела шайна хезачух лаций ойла елаш. ХӀунда аьлча долчунна кхин а тӀелур ду, ткъа доцучуьнгара шен ду моьттург а дӀадоккхур ду».
[19] Ӏийса волчу Цуьнан наний, вежарий баьхкира, амма Цунна гонах дукха адам хиларна, тӀе ца кхачалора уьш.
[20] Цхьаммо Цуьнга элира: «Хьан наний, вежарий бу арахь Хьо ган лууш».
[21] Ӏийсас жоп делира: «Сан наний, вежарий Делан даше ла а дугӀуш, и кхочушдеш берш бу».
[22] Цхьана дийнахь Шен мурдашца хинкеманна тӀе а хиина, Цо элира: «Ӏоман дехьа берда тӀе девр ду вай». Уьш хи тӀехула дӀабахара.
[23] Хин кеманахь уьш богӀучу хенахь, Ӏийсана наб кхетта. Ӏома тӀехь чӀогӀа мох а баьлла, кеманна чу хи даьлла. Уьш кхерамечу хьолехь хилла.
[24] Мурдаша самаваьккхина Ӏийса: «Устаз! Устаз! Вай хӀаллакьхуьлуш ду!» Цо, хьала а гӀаьттина, мохе а, тулгӀенашка а омра дира. Уьш совца а севцина, гонах тийналла дӀахӀоьттира.
[25] ТӀаккха Цо хаьттира цаьрга: «Мичахь ду шун тешар?» Кхерабелла, цецбевлла вовшашка хоьттуш бара уьш: «Мила ву Иза? Цо хине а, мохе а омра до, цара ладугӀу Цуьнга».
[26] Уьш Галилайна дуьхьалара берда тӀехь Ӏуьллучу ГӀарас цӀе йолчу метте баьхкира.
[27] Ӏийса берда тӀе ваьлча, Цунна дуьхьал гӀалара жинаша хьийзош волу цхьа стаг веара. Иза, дукха хенахь дуьйна тӀе хӀума ца юхуш, нах дӀабухкучу хьехаш чохь Ӏаш вара.
[28] Ӏийса а гина, Цунна хьалха вуьйжира иза. Ӏийсас омра дира жине, оцу стагана чуьра арадала аьлла. Стага мохь тухуш элира: «ХӀун оьшу Хьуна соьгара, Ӏийса, Веза Воккхачун КӀант? Доьху Хьоьга, ма хьийзавехьа со». Жино дукха хенахь дуьйна хьийзош вара и стаг. ЗӀенашца дӀа а вихкина, ларвича а, уьш хеда а йой, жино бохург деш, цхьа а адам доцучу, яьссачу метте дӀавоьдура иза.
[30] Ӏийсас хаьттира цуьнга: «ХӀун ю хьан цӀе?» Цо элира: «Эскар», хӀунда аьлча дукха жинаш доьллера цунна чу.
[31] Цу жинаша дехар дира Ӏийсага, шаьш бух боцучу Ӏинах ма кхийсахьара аьлла.
[32] Циггахь лам тӀехь бежаш хьакхарчийн боккха бажа бара. Жинаша дийхира Ӏийсага, шаьш царна чу довлийта аьлла. Цо царна пурба делира.
[33] Жинаш, стагана чуьра ара а девлла, хьакхарчашна чудевлира. Лекхачу берда тӀера хи чу а лилхина, буха яхара хьакхарчий.
[34] Ӏуша, хилларг ган а гина, бевдда бахана дийцира и гӀалахь а, юххерчу ярташкахь а.
[35] Хилларг хӀун ду хьажа адамаш даьхкира. Ӏийсана тӀебаьхкича, царна гира шена чуьра жинаш арадевлла стаг. ТӀе хӀума а юьйхина, метта а веана, Ӏийсан когашкахь Ӏаш вара иза. Схьабаьхкинарш чӀогӀа кхерабелира.
[36] Хилларг гиначара дийцира царна, жинаша талхийна стаг муха товира.
[37] Оцу ГӀарасара мел болчу бахархоша, шаьш чӀогӀа кхерабелла хиларна, дехар дира Ӏийсага, шаьш а дитина, дӀагӀахьара Хьо аьлла. Иза хӀордкемана тӀе а хиина юхавирзира.
[38] Шена чуьра жинаш дӀалаьхкинчу стага дехар дира Цуьнга, ша а ваийтахьара аьлла. Амма Ӏийсас дӀавахийтира иза:
[39] «ЦӀа а гӀой, хьайна Дала мел дика дина дийца ахь», – аьлла. Цу стага дӀавахана гӀалахь бехачаьрга шена Ӏийсас динчу доккхачу диканах лаьцна дийцира.
[40] Дуккха а адам Ӏийсага хьоьжуш Ӏийра. Иза юхавеача, наха Цуьнга маршалла хаьттира.
[41] Гуламан цӀа чохь куьйгалхо волу Яир веара Ӏийсана тӀе. Гора а воьжна, дийхира цо, шен цӀен тӀе вагӀахьара Хьо аьлла.
[42] ХӀунда аьлча цуьнан цхьаъ бен йоцу, шийтта шо кхаьчна йоӀ яра яла йоллуш Ӏуьллуш. Ӏийса дӀавоьдуш Цунна гонах чӀогӀа дуькъа адам дара, Иза халла бен чекх ца валалуш.
[43] Оцу нахана юкъахь цхьа зуда яра шийтта шарахь цӀий ца соцуш бала хьоьгуш, лоьрашна шен дерриг ахча а доьхкина, церан ян гӀоле а йоцуш.
[44] ТӀехьашхула тӀе а еана, Ӏийсан бедарх кхозучу чечакхах куьг Ӏоьттира цо, оцу сохьта цуьнан дӀаоьху цӀий сецира.
[45] «Мила вара Сох куьг Ӏоьттинарг?» – аьлла, хаьттира Ӏийсас. Цхьаммо а даре ца дира. Кипас элира: «Устаз! Нах ма бу Хьуна гонах, цара дӀаса ма тоьтту Хьо, ткъа Ахь хоьтту: „Мила ву Сох куьг Ӏоьттинарг?“»
[46] Амма Ӏийсас элира: «Сох цхьаммо куьг Ӏоьттира, хӀунда аьлча Суна хаабелира Сайх дӀакъаьстина ницкъ».
[47] Зуда, ша гучуяьллий а хиина, ехьош тӀееана, Ӏийсана хьалха юьйжира. Массарна а хьалха дийцира цо, ша Цунах куьг хӀунда Ӏоьттира а, шена оцу сохьта гӀоле муха хилира а.
[48] ТӀаккха Ӏийсас элира цуьнга: «Сан йоӀ, хьан тешаро тойина хьо. Маьрша дӀагӀо хьайна».
[49] Ӏийса къамел дина а валале, гуламан цӀийнан куьйгалхочун Яиран цӀера геланча веара. «Хьан йоӀ елла, – элира цо. – Устазана хало ян ца оьшу».
[50] Амма Ӏийсас, и къамел а хезна, элира Яире: «Кхера ма кхера, амма теша, тӀаккха хьан йоӀ толур ю».
[51] Яиран керта а веана, Цо цхьанна а чу ван пурба ца делира, Кипиний, Яхьъяний, Якъубаний, йоӀан дений-нанний бен.
[52] Кертара адамаш оцу йоӀана доьлхуш дара. «Ма делха, – элира Ӏийсас, – иза ца елла, иза йижина ю».
[53] Уьш Цунах бийла хӀиттира, хӀунда аьлча царна хаьара и йоӀ еллийла.
[54] Ӏийсас, йоьӀан куьг схьа а лаьцна, элира: «ХьалагӀатта, йоӀ!»
[55] ЙоӀана чу са деара, иза цу сохьта хьалагӀаьттира. Ӏийсас цунна яа хӀума ло элира.
[56] Дай-наний чӀогӀа цецдаьлла дара. Амма Ӏийсас элира цаьрга, хилларг цхьаьнгге а ма дийца аьлла.