[1] «Нагахь цхьанна кӀен сагӀа даккха лаахь, кӀенах дина тоьлла дама схьа а дай, цу тӀе зайтдаьтта а дотта, ливан цӀе йолу сегӀаз а дилла цо.
[2] И сагӀа динан дай болчу АхӀаронан кӀенташна тӀе дан деза. Деман цхьа кана, цуьнца долчу зайтдаьттанца схьа а эцна, дерриг а ливанаца иза сагӀа доккхучу кхерча тӀехь багор бу динан дас. Дерриг а дама Везачу Элана сагӀина дӀаделла хиларан билгало хир ю иза. ЦӀера тӀехь доккхуш долчу оцу сагӀин хьожа Везачу Элана тамехь хир ю.
[3] КӀен сагӀанах бухадиснарг АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а дала деза. Иза чӀогӀа деза ду, Везачу Элана леринчу цӀера тӀехь даьхначу сагӀанех иза схьаэцна долу дела.
[4] Нагахь санна пешахь деттина кӀен сагӀа ахь доккхуш делахь, иза тоьллачу демах дина хила деза: зайтдаьтта тоьхна совсаза бепиг я тӀе зайтдаьтта хьаькхна дуткъа совсаза хьокхамаш хила деза.
[5] Нагахь хьан кӀен сагӀа кхийрачу пхьегӀи тӀехь деттина делахь, иза зайтдаьтта тоьхначу демах совсаза дина хила деза.
[6] Бепиг дакъошка а декъий, цунна тӀе зайтдаьтта дотта. Иза Везачу Элана лерина кӀен сагӀа ду.
[7] Нагахь хьан кӀен сагӀа ялгӀу тӀехь деттина бепиг делахь, иза зайтдаьттанца долчу тоьллачу кӀен демах дина хила деза.
[8] Иштта кечдина кӀен сагӀа Везачу Элана схьада. Динан дега дӀакховдаде иза, цо кхерча тӀе дуьллур ду и сагӀа.
[9] Динан дас, схьа а эцна, кхерча тӀехь сагӀин цхьа дакъа дагор ду. Дерриге а Везачу Элана сагӀина дӀаделла хиларан билгало хир ю иза. Цу сагӀин хьожа Везачу Элана тамехь ю.
[10] КӀен сагӀанах бухадиснарг АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а дала деза. Иза чӀогӀа деза ду, Везачу Элана леринчу цӀера тӀехь даьхначу сагӀанех иза схьаэцна долу дела.
[11] Везачу Элана лерина дахьачу муьлххачу а кӀен сагӀанах морза ма тоха, хӀунда аьлча я морза а, я моз а Везачу Элана леринчу сагӀанца даго бакъо яц шун.
[12] Дуьххьара схьаэцначу ялтех долу совгӀат санна дан мегар ду уьш Везачу Элана лерина, амма тамехь хьожа яийта кхерча тӀехь даго мегар дац.
[13] Муьлххачу а кӀен сагӀанах туьха тоха, хьайн сагӀа Делаца бинчу бертан туьха ца тухуш ма дита. Муьлххачу а айхьа дахьачу сагӀанца Везачу Далла туьха да.
[14] Дуьххьарчу ялтех кӀен сагӀа доккхуш делахь, цӀера тӀехь дакъийначу кенех даьхна аьтта долу буьртигаш да.
[15] Царна тӀе зайтдаьтта а дотта, ливан цӀе йолу сегӀаз а дилла. Иза кӀен сагӀа ду.
[16] Динан дас буьртигийн цхьа дакъа – зайтдаьттанца а, мел долчу ливанаца а эдина – дагор ду. И дерриге а Везачу Элана лерина сагӀина дӀаделла хиларан билгало хир ю иза. Иза Везачу Элана цӀера тӀехь даьккхина сагӀа ду».