[1] Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира:
[2] «Нагахь цхьаннан дегӀа тӀехь кхераме чкъуран цамгар хила йиш йолу дестар я хьаьтт, я томмагӀа хилахь, иза динан дена АхӀаронна я динан да волчу цуьнан кӀентех цхьанна тӀе вало веза.
[3] Динан да дегӀа тӀехь долчу доӀе хьожур ву. ДоӀа тӀехь долу чоьш кӀай а делла, даӀ чкъурал кӀоргга чудаханехь, иза кхераме чкъуран цамгар ю. Цу стаге хьаьжначул тӀаьхьа динан дас иза Далла хьалха боьха хилар дӀахоуьйтур ду.
[4] Нагахь дегӀа тӀера томмагӀа кӀайн делахь, амма чкъурал чудахана а дацахь, ткъа цунна тӀера чоьш кӀайделла а дацахь, иштта стаг динан дас ворхӀ денна нахах дӀакъасто веза.
[5] ВорхӀалгӀачу дийнахь динан да цуьнга хьожур ву. ДаӀ, дегӀа тӀехула дӀаса а ца даьржаш, ша ма-дарра лаьтташ делахь, динан дас кхин а ворхӀ денна нахах дӀакъастор ву даӀ долу стаг.
[6] ВорхӀалгӀачу дийнахь динан да цуьнга юха а хьожур ву. Нагахь даӀ, жимма бен хаалуш а доцуш, дегӀа тӀехула дӀаса ца даьржинехь, динан дас и стаг Далла хьалха цӀена хилар дӀахоуьйтур ду. ДегӀа тӀехь ерг хьаьтт ю, цу стага шен бедарш йитта еза, тӀаккха иза цӀена хир ву.
[7] Нагахь стаг динан дена тӀе ша Далла хьалха цӀена хилар дӀахаийта веанчул тӀаьхьа, хьаьтт дегӀа тӀехула дӀасаяьржинехь, цомгушниг юха а динан дена тӀеван веза.
[8] Хьаьтт дегӀа тӀехула дӀасаяьржаш юйла а гина, динан дас и стаг Далла хьалха цӀена цахилар дӀахоуьйтур ду. Иза кхераме чкъуран цамгар ю.
[9] Нагахь цхьаннан дегӀа тӀехь кхераме чкъуран цамгар елахь, иза динан дена тӀевало веза.
[10] Динан дас иза толлур ву. Нагахь дегӀа тӀера йистина меттиг кӀайн елахь, ткъа дестаро чоьш кӀайдинехь, ткъа дестар долчохь гуш жижиг а делахь,
[11] иза дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар ю. Динан дас, и стаг Далла хьалха цӀена цахилар дӀа а кхайкхийна, цомгушниг нахах дӀакъасто ца веза, хӀунда аьлча иза, массарна а гуш, цӀена вац.
[12] Нагахь чкъуран цамгар коьрта тӀера когашка кхаччалц цомгушчун дегӀа тӀехула дӀасаяржахь, динан ден бӀаьргаша схьалоццучул,
[13] динан дас иза леррина толлур ву. Стеган дегӀ дерриг а цамгаро дӀалаьцна хилар динан дена хиъча, цо цомгушниг Далла хьалха цӀена ву эр ду. ХӀунда аьлча цомгушчун дегӀ кӀайн ду – иза цӀена ву.
[14] Ткъа цуьнан дегӀа тӀехь жижиг гучудалахь, иза цӀена хир вац.
[15] Талла а теллина, жижиг гича, динан дас и стаг Далла хьалха цӀена цахилар дӀакхайкхор ду. Гуш долу жижиг цӀена дац. Иза кхераме чкъуран цамгар ю.
[16] Нагахь гуш долу жижиг, хийца а делла, кӀайлахь, цомгушниг динан да волчу ван веза.
[17] Динан дас, дегӀе а хьаьжна, даӀ кӀайделла хилахь, и стаг Далла хьалха цӀена хилар дӀакхайкхор ду.
[18] Нагахь цхьаннан дегӀа тӀехь сурх а яьлла, иза дӀайирзинехь,
[19] ткъа иза хиллачохь кӀайчу басахь дестар я цӀегӀо-кӀайн томмагӀа делахь, иза динан дена тӀеван веза.
[20] ДаӀ долчу метте а хьаьжна, иза чкъурана чудахна а делахь, цунна тӀера чоьш кӀай а деллехь, динан дас и стаг Далла хьалха цӀена цахилар дӀакхайкхор ду. Иза кхераме чкъуран цамгаран даӀ ду, сурх яьллачу меттехь даьлла долу.
[21] Нагахь доӀа тӀера чоьш кӀайделла а дацахь, иза, чкъурана чудахна а доцуш, жимма бен гуш дацахь, динан дас цомгушниг ворхӀ денна нахах дӀакъастор ву.
[22] Нагахь даьӀнаш дегӀа тӀехула чӀогӀа дӀасадаржахь, динан дас цомгушниг Далла хьалха цӀена цахилар дӀакхайкхор ду. Иза кхераме цамгар ю.
[23] Нагахь томмагӀа, дӀаса а ца даьржаш, цхьана меттехь дисахь, иза дегӀа тӀе яьлла хӀума юзуш хилар ду. Динан дас и стаг Далла хьалха цӀена хилар дӀакхайкхор ду.
[24] Нагахь цхьаннан чкъура тӀехь вагийна меттиг хилахь, юха, иза дӀайирзича, цигахь долчу жижиг тӀехь цӀегӀо-кӀайн томмагӀа а хилахь,
[25] цу томмагӀана тӀера чоьш кӀай а деллехь, ткъа иза ша чкъурана чудахна а делахь, иза кхераме чкъуран цамгар ю, ягийначу меттигна тӀехь хилла. Динан дас Далла хьалха и стаг цӀена цахилар дӀакхайкхор ду. Цунна ерг кхераме чкъуран цамгар ю.
[26] Нагахь томмагӀана тӀера чоьш кӀайделла а дацахь, иза, чкъурана чудахна а доцуш, жимма бен гуш а дацахь, динан дас цомгушниг ворхӀ денна нахах дӀакъастор ву.
[27] ВорхӀалгӀачу дийнахь динан да хьожур ву цу стаге. Нагахь даьӀнаш дегӀа тӀехула дӀасадаьржаш делахь, динан дас цомгушниг Далла хьалха цӀена цахилар дӀакхайкхор ду. Цунна ерг кхераме чкъуран цамгар ю.
[28] Нагахь томмагӀа, дегӀа тӀехула дӀаса а ца даьржаш, цхьана меттехь делахь, жимма бен гуш а доцуш, иза ягийначу меттехь долу дестар ду. Динан дас и стаг Далла хьалха цӀена хилар дӀакхайкхор ду, хӀунда аьлча цунна дерг вагийча дисина дестар ду.
[29] Нагахь стеган я зудчун коьрта тӀехь я чӀенгана тӀехь даӀ хилахь,
[30] динан да цамгаре хьожур ву. ДаӀ чкъурана чудахна а долуш, цу тӀера чоьш мажделла а, дуткъий а делахь, динан дас и адамаш Далла хьалха цӀена цахилар дӀакхайкхор ду. Иза чераш долу кхераме чкъуран цамгар ю, коьрта тӀехь я чӀенгана тӀехь йолу.
[31] Цу цамгаран доӀе а хьаьжна, иза чкъурана чудахна а дацахь, цунна тӀера чоьш Ӏаьржа а дацахь, динан дас чераш долу цамгар ерг ворхӀ денна нахах дӀакъастор ву.
[32] ВорхӀалгӀачу дийнахь доӀе а хьаьжна, нагахь чераш дӀаса а ца даьржинехь, доӀа тӀехь мажделла чоьш а дацахь, ткъа даӀ чкъурана чудахна а дацахь,
[33] цомгушчун месаш дӀаларга еза. Амма даӀ долу меттиг Ӏадйита еза. Динан дас шолгӀа а дӀакъасто веза цомгушниг ворхӀ денна.
[34] ВорхӀалгӀачу дийнахь динан да стаге хьожур ву. Нагахь даӀ дегӀа тӀехула дӀаса а ца даьржинехь, чкъурана чу а ца даханехь, динан дас цомгушниг Далла хьалха цӀена хилар дӀакхайкхор ду. Шен бедарш йиттича, и стаг цӀена хир ву.
[35] Нагахь стагана, ша Далла хьалха цӀена хилар дӀакхайкхийначул тӀаьхьа, чераш дегӀа тӀехула дӀасадаржахь,
[36] динан дас иза толлур ву. Нагахь санна даӀ чкъурана чу даханехь, доӀа тӀехь мажделла чоьш леха ца оьшу. Цомгушниг цӀена вац.
[37] Нагахь даӀ ша ма-дарра а долуш, цу тӀехь Ӏаьржа чоьш гучудевллехь, цамгар дӀаяьлла, стаг цӀена ву. Динан дас иза Далла хьалха цӀена хилар дӀакхайкхор ду.
[38] Нагахь стеган я зудчун дегӀа тӀехь кӀайн томмагӀаш хилахь,
[39] динан дена церан догӀмаш тӀехь кӀайн-мокха томмагӀаш гахь, иза дегӀа тӀе яьлла хьаьтт ю. Иштта долу адам Далла хьалха цӀена ду.
[40] Нагахь цхьаннан коьрта тӀера месаш дӀаевллехь, иза чераш долуш ву. И стаг Далла хьалха цӀена ву.
[41] Нагахь стеган коьрта тӀера хьалхара агӀор месаш дӀаевллехь, и стаг кӀунзал болуш ву. И стаг Далла хьалха цӀена ву
[42] Нагахь чераш я кӀунзал болчу коьрта тӀехь цӀегӀо-кӀайн томмагӀа хилахь, коьрта тӀехь ерг кхераме чкъуран цамгар ю
[43] Динан да цомгушчуьнга хьожур ву. Нагахь цунна чераш я кӀунзал болчу коьрта тӀера цӀегӀо-кӀайчу даӀан дестар дегӀа тӀехь хуьлучу чкъуран кхерамечу цамгаран доӀах тера хилар гахь,
[44] цомгушниг чкъуран цамгар йолуш ву, иза цӀена вац. Динан дас и стаг Далла хьалха цӀена цахилар дӀакхайкхо деза, стеган коьрта тӀехь даӀ ду аьлла.
[45] Кхераме чкъуран цамгар йолу стаг, тӀера бедарш этӀийна а йолуш, коьртара месаш низамехь а йоцуш, хила веза. Бета тӀе кхаччалц, коьртан лахе хьулйина хила еза цуьнан „ЦӀена вац! ЦӀена вац!“ – бохуш, мохь бетта беза цо.
[46] Ерриг а хенахь, цунна тӀехь цамгар мел ю, иза цӀена вац. Иза дӀакъаьстина Ӏан веза».
[47] «Нагахь бедарна тӀехь доӀан томмагӀа хилахь, – тӀергӀан я ветанан бедарна,
[48] я кӀадина тӀехь, я тӀаьрсигана тӀехь, я тӀаьрсигах йинчу хӀуманна тӀехь иза делахь, –
[49] ткъа цу тӀехь долу и томмагӀа баьццарчу я цӀечу басахь хилахь, иза кхерамечу доӀан томмагӀа ду ала мегар ду. Иза динан дена гайта деза.
[50] Динан дас, даӀан томмагӀе а хьаьжна, бехйина хӀума ворхӀ денна дӀакъастор ю
[51] ВорхӀалгӀачу дийнахь динан да юха а хьожур ву цу хӀумане. Нагахь даӀан томмагӀа бедарна тӀехь, я тӀергӀан я ветанан кӀади тӀехь, я тӀаьрсига тӀехь – цуьнан Ӏалашо мухха елахь а – дӀасадаьржинехь, иза кхерамечу доӀан томмагӀа ду. И хӀума цӀена яц.
[52] Динан дас шена тӀехь томмагӀа йолу и бедар, я тӀергӀан я ветанан долу кӀади, я тӀаьрсигах йина хӀума яго еза, хӀунда аьлча цунна тӀехь долу доӀан томмагӀа кхераме ду. И хӀума цӀера тӀехь яго еза.
[53] Нагахь динан дена доӀан томмагӀа бедарна тӀехула а, я кӀадина тӀехула а, я тӀаьрсиган хӀуманна тӀехула а дӀаса ца даьржинийла гахь,
[54] цо доӀан томмагӀа тӀехь долу бедар юьттуьйтур ю, юха и хӀума шолгӀа а дӀакъастор ю ворхӀ денна.
[55] Бехйина бедар йиттинчул тӀаьхьа, цо юха а толлур ю иза. Нагахь динан дена бедар тӀехь долу доӀан томмагӀа я хийцаделла а, я дӀасадаьржина а цахилар гахь, иза цӀена яц. Иза яго еза – доӀан томмагӀа бедаран тӀехуларчу я бухаларчу агӀонна тӀехь делахь а.
[56] Нагахь динан дас теллича, йиттинчу бедар тӀера доӀан томмагӀа жимма а бен цунна къаьсташ ца хилахь, томмагӀа долу дакъа цо бедарна, я тӀаьрсигана, я кӀадина тӀера схьадаккха деза.
[57] Нагахь доӀан томмагӀа юха а бедарна я кӀадина, я муьлххачу а тӀаьрсиган хӀуманна тӀехь гучудалахь, иза дӀасадаьржаш долу доӀан томмагӀа ду. Шена тӀехь доӀан томмагӀа мел долу бедар яго еза.
[58] Нагахь бедар я кӀади, я муьлхха а тӀаьрсиган хӀума йиттича, цунна тӀера доӀан томмагӀа лаьттина меттиг цӀанлахь, и хӀума кхин цкъа а йитта еза, тӀаккха иза цӀена хир ю».
[59] Иштта ду, тӀергӀан я ветанан бедарна я кӀадина тӀе, я муьлххачу тӀаьрсиган хӀуманна тӀе доӀан томмагӀа даьлча, иза цӀена я боьха хиларх долу тӀедиллинарг.