[1] Везачу Эло Мусага элира:
[2] «ДӀаала исраилхошка: „Со шун Веза Дела ву.
[3] Шаьш хьалха Ӏийначу Мисар-махкахь хилларг а, хӀинца Ас шаьш дуьгучу КанаӀан-махкахь лелош дерг а ма леладелаш, церан ламасташ а тӀе ма эцалаш.
[4] Ас тӀедиллинарг кхочушде, Сан парзаш ларде. Со шун Веза Дела ву.
[5] Сан парзаш а, Ас тӀедиллинарг а ларде. Уьш кхочушдийриг цаьрца вехар ву. Со Веза Эла ву.
[6] Цхьа а стаг шен гергарчу зудчуьнца дӀавижа мегар дац. Со Веза Эла ву.
[7] Хьайн да сийсаз ма ваккха, хьайн ненаца дӀа а вуьжуш. И зуда хьан нана ю, цуьнца дӀавижа мегар дац.
[8] Хьайн ден кхийолчу зудчуьнца а дӀа ма вижа. Иза хьайн деца дӀавижар санна ду.
[9] Хьайн ден я ненан йоӀаца, хьайн йишица, дӀа ма вижа – иза хьайн цӀахь я кхечу меттехь йина елахь а.
[10] Хьайн кӀентан я йоӀан йоӀаца дӀа ма вижа. И дарца ахь-хьо сийсаз ма воккху.
[11] Хьан дестечо хьан дена йинчу йоӀаца дӀа ма вижа. Хьан йиша ма ю иза.
[12] Хьайн ден йишица дӀа ма вижа. Хьан деца цхьана цӀийх схьаяьлла ма ю иза.
[13] Хьайн ненан йишица дӀа ма вижа. Хьан ненаца цхьана цӀийх схьаяьлла ма ю иза.
[14] Хьайн ден ваша сийсаз ма ваккха, цуьнан зудчуьнца дӀа а вуьжуш. Иза хьан деца ма ю.
[15] Хьайн несаца дӀа ма вижа. Иза хьан кӀентан зуда ма ю.
[16] Хьайн вешин зудчуьнца дӀа ма вижа. Иза хьайн вешица дӀавижар санна ду.
[17] Ненаца а, йоӀаца а дӀа ма вижа, ткъа иштта зудчуьнца а, цуьнан кӀентан я йоьӀан йоӀаца а ма вижа. Уьш цхьана цӀийх схьабевлла бу. Цаьрца дӀавижар дегаза ду.
[18] Бухахь йолчу зудчунна тӀе цуьнан йиша ма ялае, царах эмгарш хилийта. Хьайн зуда дийна а йолуш, цуьнан йишица дӀа ма вижа.
[19] Хьайн зуда цӀена йоцучу деношкахь цуьнца дӀа ма вижа.
[20] Хьайн уллорачун зудчуьнца дӀа ма вижа, хьо Далла хьалха боьха хир ву.
[21] Мулка-далла сагӀа даккха хьайн бераш дӀа ма ло, хьайн Делан цӀе иштта сийсаз ма е. Со Веза Эла ву.
[22] Зудчуьнца санна, стагаца дӀа ма вижа. Иза дегаза хӀума ду.
[23] Цхьана а дийнатца дӀа ма вижа, цу гӀуллакхо хьо Далла хьалха боьха хуьлуьйтур ву. Зуда а дийнатца дӀа ма йижа. Иза чӀогӀа маьттаза хӀума ду!
[24] Оцу гӀуллакхашца шаьш Далла хьалха боьха ма хилийталаш. Шу долчуьра Ас дӀалохкучу халкъаша цу хӀуманашца шаьш бехдина.
[25] Ур-атталла уьш тӀехь Ӏаш долу лаьтта а боьха хилира. Цуьнан къинош бахьана долуш Ас таӀзар до оцу лаьттана, цо шена тӀера и нах дӀаӀеттор бу.
[26] Ткъа аша Сан парзаш а, Ас тӀедиллинарг а ларде, исраилхочо а, шуна юкъахь тӀевеана Ӏаш волчо а и дегаза хӀуманаш ма леладе.
[27] (Шул хьалха оцу лаьтта тӀехь баьхначу наха лелийна и дегаза гӀуллакхаш, цара бехдина и латта.)
[28] Цара санна, аш и латта бехдахь, цо шена тӀера дӀаӀеттор ду шу, шул хьалха цигахь Ӏийна халкъаш санна.
[29] Нагахь цхьаммо и дегаза гӀуллакхаш леладахь, иза шен халкъана юкъара эккхор ву.
[30] Аса тӀедуьллург ларде: шайл хьалха хиллачара лелийначу дегазчу гӀиллакхех цхьа а кхочуш ма де, цаьрца шаьш бех ма де. Со шун Веза Дела ву“».