[1] Везачу Эло Мусага элира:
[2] «ДӀаала массо а исраилхошка: „ЦӀена хила, хӀунда аьлча Со, шун Веза Дела, цӀена ву.
[3] ХӀора а шайн нене а, дега а болчу ларамах вуьзна хила, Суна лерина шоьтан денош а ларде. Со шун Веза Дела ву.
[4] ЦӀушна тӀе ма дерза, лалийна деланаш а ма бе шайна. Со ву шун Веза Дела.
[5] Веза Эла волчу Суна бертан сагӀа шаьш даьккхича, шуна тӀера Со цунна резахуьлуьйтучу тайпана даккха иза.
[6] Шаьш сагӀа даьккхинчу дийнахь а, шолгӀачу дийнахь а даа иза, кхозлагӀчу дийне даьлларг цӀергахь дагаде.
[7] КхозлагӀчу дийнахь и сагӀа даа мегар дац, иза Суна хьалха цӀена а дац, Со цунна реза а хир вац.
[8] Иза диинчо жоп дала деза, хӀунда аьлча цо Везачу Элана дӀакъастийнарг сийсаздина. И стаг шен халкъана юкъара эккхор ву.
[9] Шайн лаьтта тӀехь ялта хьокхучу хенахь кхан йистошка кхаччалц ма хьакха иза, ткъа охьаэгна кенаш схьа ма лехьаде.
[10] Шайн кемсийн бешара тӀаьхьарчунна тӀекхаччалц кемсаш схьа ма лехьае, охьаэгна кемсаш схьа ма эца. Уьш къечарна а, тӀебаьхкинчарна а йита. Со шун Веза Дела ву.
[11] Къола ма де, аьшпаш а ма битта, вовшийн ле а ма де.
[12] Хьайн Делан цӀеран сий а дойуш, харцонна тӀехь Сан цӀарах дуй ма баа. Со Веза Эла ву.
[13] Ницкъаца хьайн уллорачуьнгара хӀума схьа а ма яккха, иштта цунна къола а ма де. ТӀелаьцна болх биначунна йогӀу ял сахиллалц цунна ца луш ма Ӏе.
[14] Къорачунна сардам ма болла, бӀаьрзечунна хьалха иза охьакхетийта хӀума ма йилла. Хьайн Делах кхера. Со Веза Эла ву.
[15] Кхел нийса е, къечуьнга озабезам а ма бе, хьалдолчух а ма кхера. Нийсонца кхел е хьайн уллорачунна.
[16] Халкъана юкъахь мотт бетташ ма лела, хьайн уллорачун дахарна кхерам ма таса. Со Веза Эла ву.
[17] Дага чохь хьайн веше хьагӀ йолуш ма хила, амма шегара даьллачух хьайн уллораниг кхетаве, хьо-хьуо бехке ца хилийтархьама.
[18] Бекхам а ма бе, оьгӀазалла а ма латтае хьайн халкъах болчу нахе. Хьайн уллораниг хьо санна веза. Со Веза Эла ву.
[19] Сан парзаш ларде. Хьайн тайп-тайпана бежанаш цхьаьна ма кхетийта. Шина тайпана хӀу ма де хьайн кха тӀе. Шина тайпана кӀадих йина бедар а ма лелае.
[20] Нагахь цхьаъ кхечу стагана къобалйинчу гӀарбашца дӀавижахь, и зуда паргӀатъяккхархьама оцу стага цунах мах ца беллехь а, цаьршинна таӀзар дан догӀу. Делахь а ден мегар дац и шиъ, хӀунда аьлча зуда паргӀатъяьккхина яц.
[21] Бехке волчу стага Везачу Элана лерина гуламан четаран неӀаре гӀуда такхаран сагӀа даккха ка бало беза.
[22] Динан дас Везачу Элана хьалха стага латийна къа дӀадоккхур ду, цуьнгара гӀуда такхаран сагӀина балийна ка а бийна. ТӀаккха латийначу къинна цу стагана гечдийр ду.
[23] Везачу Эло лур ду аьллачу лаьтта тӀе шаьш даьхкича, стом луш долу муьлхха а дитт догӀа. Цу диттан стоьмаш кхаа шарахь цӀена а ма лара, уьш баа а ма баа,
[24] ткъа доьалгӀачу шарахь берриг а стоьмаш Везачу Элана леринчу сагӀанашна дӀабала беза.
[25] ПхоьалгӀачу шарахь цу диттан стоьмаш аш баа мегар ду. Аша иштта дича, диттах долу ялта совдер ду. Со шун Веза Дела ву.
[26] Шеца цӀий долу жижиг ма даа. Пал а ма тийса, бозбунчалла а ма леладе.
[27] Гиччош долчуьра шайн месаш дӀа а ма хедае, шайн мажойн йистош а ма ларга.
[28] Белларш дагахь латто, шайн дилха а хедош, билгалонаш а ма е, шайн догӀмаш тӀехь йозанаш а ма де. Со ву Веза Эла.
[29] Нахаца а лелийтий, шайн йоӀан сий ма дайа. Аша иштта дича, шун махкахула нахаца лелар дӀасадаьржар а ду, мохк зуламех бузур а бу.
[30] Суна лерина шоьтан денош лар а де, Суна Ӏибадат до меттиг а лара. Со Веза Эла ву.
[31] Беллачийн синош тӀедоьхучарна а, жинашца тайначарна а тӀе ма эха, цаьрга шаьш Далла хьалха боьха ца дайта. Со шун Веза Дела ву.
[32] Воккха стаг чуваьлча, хьалагӀовтта. Баккхийчу нахе ларам хила. Шайн Деле болчу ларамах дуьзна хила. Со Веза Эла ву.
[33] ТӀевеана стаг шайн махкахь ваха охьахаахь, цунна ницкъ ма бе.
[34] Шаьш долчохь ваха хиъна волу тӀевеана стаг, шайн махкахо санна, лара. Хьо санна, веза иза, хӀунда аьлча шу а дара Мисар-махкахь тӀедаьхкина Ӏаш. Со шун Веза Дела ву.
[35] Кхел ечохь а, хӀуманан йохалла билгалйоккхучохь а, хӀума узучохь а, юстучохь а харцо ма лелае.
[36] Нийса терза а, герканаш а, бараман саьхьаш а хуьлда шун. Мисар-махкара шу арадаьхна шун Веза Дела ву Со.
[37] Дерриг а Сан парзаш а ларде, Ас тӀе мел диллинарг кхочуш а де. Со Веза Эла ву“».