Skip to content
Opens in a new window

[1] Везачу Эло Мусага элира:

[2] «ДӀаала исраилхошка: „ХӀорш ду Суна лерина долу динан деза денош. Цу деношкахь аша безачу гуламашка халкъ кхайкха деза.

[3] Ялх дийнахь болх бан мегар ду, ткъа ворхӀалгӀа де, садоӀу шоьтан де, безачу гуламна лерина хилийта. Цу дийнахь цхьа а тайпа болх ма бе. Миччанхьа а шу Ӏаш делахь а, иза Везачу Элана лерина долу шоьтан де ду.

[4] ХӀорш ду Везачу Элана лерина кхидолу деза денош, шайн-шайн хенашкахь билгалдаьхначу гуламашца“».

[5] «Хьалхарчу беттан дейтталгӀачу дийнахь, сарахь, Везачу Элана лерина Пасахь хила деза.

[6] Ткъа цу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь Везачу Элана лерина долу Совсазчу баьпкан деза денош дуьйладала деза. ВорхӀ дийнахь совсаза бепиг даа дезаш ду шу.

[7] Цу езачу хенан хьалхарчу дийнахь безачу гуламе нах кхайкха. Вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу дийнахь.

[8] ВорхӀ дийнахь Везачу Элана лерина цӀера тӀехь сагӀанаш даха. ВорхӀалгӀачу дийнахь а кхайкха нах безачу гуламе. Вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу дийнахь».

[9] Везачу Эло Мусага элира:

[10] «ДӀаала исраилхошка: „Ас шайна луш долчу лаьтта тӀе шаьш даьхкича, ялта чудерзочу хенахь дуьххьарлера цӀов динан дега дӀало.

[11] Цо и цӀов, шатайпа сагӀа санна, Везачу Элана хьалха хьалаойур бу, Иза шуна резахилийта. Шоьтан де чекхдаьллачу шолгӀачу дийнахь и ялтин цӀов Везачу Элана хьалха хьалаойур бу цо.

[12] ЦӀов хьалаойучу дийнахь цхьа шо кхаьчна, сакхт доцу Ӏахар а бей, цунах Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран сагӀа даккха.

[13] Ӏахарца цхьаьна кӀен сагӀа а, чагӀаран сагӀа а да. КӀен сагӀина цхьа сахь кӀен тоьлла дама схьа а эца, ткъа цу тӀе даьтта тоха. ЦӀера тӀехь даьккхина кӀен сагӀин хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. ЧагӀаран сагӀина хӀин цӀе йолчу бараман доьалгӀа дакъа чагӀар схьаэца.

[14] Шайн Далла лерина и сагӀанаш дохуш долу де тӀекхаччалц, бепиг а, кхерзина я керла буьртигаш а ма даалаш. Шун тӀаьхьенашна, миччанхьа шаьш Ӏаш делахь а, гуттаренна а тӀедуьллуш ду иза“».

[15] «Везачу Элана хьалха хьалаайа шаьш цӀов баьхьначу шоьтан де чекхдаьллачу шолгӀачу денна тӀера дуьззина ворхӀ кӀира дагарде.

[16] Шовзткъе итт де дӀадаьлча, ворхӀалгӀа шоьтан де чекхдаьллачу шолгӀачу дийнахь, Везачу Элана лерина керла кӀен сагӀа даккха.

[17] Шайн хӀусамаш тӀера Везачу Элана хьалха хьалаайина шатайпа сагӀа санна ши бепиг да. Цхьа сахь тоьллачу кӀен демах хьакхийначу совсийначу бедах дина хила деза и баьпкаш. Везачу Элана лерина дуьххьарлерчу ялтех долу совгӀат хир ду иза.

[18] Баьпкашца цхьаьна шо кхаьчна долу, цхьа а сакхт доцу ворхӀ Ӏахар а, даккхийчу хьайбанех цхьа старгӀа а, ши ка а балабе. Цу бежанех Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран сагӀа доккхур ду. Цаьрца цхьаьна кӀен а, чагӀаран а сагӀанаш даха дезаш ду. ЦӀера тӀехь дохуш долчу оцу сагӀанийн хьожа Везачу Элана тамехь хир ю.

[19] Къинан сагӀина цхьа бож а, бертан сагӀина шо кхаьчна ши Ӏахар а кечбе.

[20] Везачу Элана хьалха шатайпа сагӀа санна даккха деза динан дас дуьххьарлерчу ялтех дина баьпкаш а, ши Ӏахар а. Везачу Элана лерина деза сагӀа ду иза. И сагӀа динан дена дӀадала дезаш ду.

[21] Безачу гуламе цу дийнахь нах схьакхайкха, вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу дийнахь. Шун тӀаьхьенашна, миччанхьа уьш Ӏаш белахь а, гуттаренна а тӀедуьллуш ду иза.

[22] Шайн лаьтта тӀехь ялта хьокхучу хенахь кхан йистошка кхаччалц ма хьакха иза, ткъа охьаэгна кенаш схьа ма лехьаде. Къечарна а, тӀебаьхкинчарна а дита уьш. Со шун Веза Дела ву».

[23] Везачу Эло Мусага элира:

[24] «ДӀаала исраилхошка: „ВорхӀалгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь садаӀа. МаӀаш а локхуш, безачу гуламе нах а кхайкха, дагалацаран де а хӀоттаде цу дийнахь.

[25] Вукху деношкахь санна болу болх ма бе, Везачу Элана лерина сагӀа даккха цу дийнахь“».

[26] Везачу Эло Мусага элира:

[27] «ВорхӀалгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь безачу гуламе нах кхайкха, цу дийнахь къинош дӀадахаран де хир ду шун. Массо а хӀума шайна доьхкуш, марха а кхабий, Везачу Элана лерина цӀера тӀехь сагӀа даккха.

[28] Цу дийнахь цхьа а тайпа болх ма бе, хӀунда аьлча иза къинош дӀадахаран де ду, шун Везачу Далла хьалха шуна тӀера къинош дӀадохуш долу де.

[29] Муьлхха а цу дийнахь массо а хӀуманна тӀера марха ца кхаьбнарг шен халкъана юкъара эккхор ву.

[30] Цу дийнахь муьлхха а болх бинарг Ас шен халкъана юкъара хӀаллаквийр ву.

[31] Цхьа а тайпа болх ма бе. Шун тӀаьхьенашна, миччанхьа уьш Ӏаш белахь а, гуттаренна а тӀедуьллуш ду иза.

[32] Иза садоӀу шоьтан де ду шуна. Цу беттан уьссалгӀачу дийнахь сарахь дуьйна, массо а хӀума шайна доьхкуш, марха кхаба. УьтталгӀачу дийнан суьйре тӀекхаччалц ларде шайн садоӀу шоьтан де».

[33] Везачу Эло Мусага элира:

[34] «ДӀаала исраилхошка: „Оццу ворхӀалгӀачу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь дуьйна ворхӀ де Везачу Элана лерина хилийта. Адамаш кхалораш кӀелахь Ӏаш долу деза денош де царах.

[35] Хьалхарчу дийнахь беза гулам дӀахьо, вукху деношкахь санна болу болх ма бе.

[36] ВорхӀ дийнахь Везачу Элана лерина цӀера тӀехь сагӀа даккха. БархӀалгӀачу дийнахь безачу гуламе нах а кхайкха, Везачу Элана цӀера тӀехь сагӀа а даккха. Иза динан гулам бу, вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу хенахь.

[37] (Иштта ду Везачу Элана лерина деза денош. Цу деношкахь безачу гуламашка нах а кхайкха, шен-шен дийнахь цӀера тӀехь сагӀанаш а даха: дийнаташ дагоран а, кӀен а, бертан а, чагӀаран а сагӀанаш.

[38] И деза денош Везачу Элана леринчу шоьтан деношна тӀетоьхна а ду, ткъа и сагӀанаш – Везачу Элана лерина кхидолчу сагӀанашна а, шайн лаамца я шаьш динчу нигаташца дахьачу совгӀаташна а тӀетоьхна а ду.)

[39] ВорхӀалгӀачу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь дуьйна, шаьш ялта схьагулдина девлча, ворхӀ дийнахь Везачу Элана лерина деза денош дазде, хьалхарчу а, бархӀалгӀачу а дийнахь са а доӀуш.

[40] Хьалхарчу дийнахь тоьлла стоьмаш а, хурма-диттан а, шуьйра гӀаш долчу диттан а, хина уллохь кхуьучу дак-диттан а гаьннаш схьа а эций, шайн Везачу Далла хьалха ворхӀ дийнахь самукъадаккха.

[41] ХӀора шарахь ворхӀ дийнахь Везачу Элана лерина дазде и деза денош. Иза шун тӀаьхьенашна гуттаренна а тӀедуьллуш ду. ВорхӀалгӀачу баттахь дазде и деза денош.

[42] Кхалораш кӀелахь Ӏе ворхӀ дийнахь. Исраилан махкахь дина долу муьлхха а стаг а, зуда а кхалор кӀелахь Ӏен деза.

[43] Шун тӀаьхьенашна хуур ду тӀаккха, исраилхой Мисар-махкара арабаьхча, Ас кхалораш кӀелахь баха охьаховшийний. Со шун Веза Дела ву“».

[44] Иштта Мусас исраилхошна дийцира Везачу Элан дезачу денойх лаьцна.

Далла Ӏамалъяр — Chapters