[1] Везачу Эло Мусага элира:
[2] «Цхьаммо, Везачу Элана хьалха цатешаме а хуьлуш, къа лато тарло. Масала, цунах тешна цхьа хӀума йитина я цхьана ханна дӀаелла хилла, ткъа цунах лаьцна цуьнан уллораниг Ӏехо тарло цо. Я, масала, цхьа хӀума шен уллорачух лачкъийна цо. Я цхьаъ леван тарло цо.
[3] Я цхьа хӀума а карийна, иза къайладаккха тарло цо. Я муьлххачу а шегара даьллачу къинах цо харцдуй баа тарло, цу бахьанина къа а латош.
[4] Оцу тайпана къа а латийна, бехке волчу стага ша лачкъийнарг, я схьадаьккхинарг, я шега делларг, я шена карийнарг,
[5] я шех лаьцна харцдуй биъна хӀума юхадала деза. ДогӀург дерриг дӀа а делла, цу тӀе пхоьалгӀа дакъа тоха деза цо. ГӀуда такхаран сагӀа доккхучу дийнахь цу хӀуманан дега дӀадала деза цо иза.
[6] Шен бехк хиларна цу стага Везачу Элана лерина гӀуда такхаран сагӀа даккха деза. Динан да волчу цхьа а сакхт доцу а, богӀучу мехах болу а ка бало беза цо.
[7] Иштта Везачу Элана хьалха динан дас цу стага латийна къа дӀадоккхур ду, тӀаккха Дала цуьнгара девллачу дерриге а къиношна гечдийр ду цунна».
[8] Везачу Эло Мусага элира:
[9] «АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а дӀаала: дийнаташ дагоран сагӀанах долу тӀедуьллург ду хӀара. Кхерча тӀехь дагош долу дийнаташ буьйсанна сахиллалц цӀера тӀехь дита деза, кхерчан цӀе а, ца йовш, яга езаш ю.
[10] Динан дас чухула а, тӀехула а дуткъачу кӀадих йина бедарш юха еза. Кхерча тӀера дийнат дагийна бисна чим, схьа а эцна, кхерча улло охьабилла беза цо.
[11] Цул тӀаьхьа, шен бедарш схьа а яьхна, кхин бедарш а юьйхина, меттаматтал арахьа, Далла хьалха цӀена йолчу метте, чим дӀабахьа беза цо.
[12] Кхерча тӀера цӀе, ян ца йовш, яга езаш ю цу хенахь. ХӀора Ӏуьйранна динан дас кхерча тӀе дечиг тилла деза, цу тӀе дийнаташ дагоран сагӀа а дилла деза, иштта бертан сагӀанах йолу мохь цу тӀехь яго а еза.
[13] ЦӀе кхерча тӀехь гуттар а яга езаш ю, дӀа а ца йовш».
[14] «КӀен сагӀанах долу тӀедиллинарг ду хӀара: динан дайша, АхӀаронан кӀенташа, сагӀа доккхучу кхерчана дуьхьал Везачу Элана лерина дан деза иза.
[15] КӀен сагӀанах цхьа кана тоьлла кӀен дама схьаэца деза динан дас. Зайтдаьттанца а, мел долчу ливанаца а и дама э а дина, иза кхерча тӀехь даго деза. Дерриге а Везачу Элана сагӀина дӀаделла хиларан билгало хир ю иза.
[16] КӀен сагӀанах диснарг АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а дӀадаа деза. Езачу меттехь, гуламан четар долчу кертахь, совсаза а долуш, даа деза цара и сагӀа.
[17] Морза а тухуш, датта ца деза кӀен сагӀин бепиг. Ас Сайн сагӀанех динан дайшна луш долу дакъа ду иза. Къинах долчу сагӀанах а, гӀуда такхаран сагӀанах а тера долу чӀогӀа деза сагӀа ду иза.
[18] АхӀаронан тӀаьхьенах болчу массо а божарша даа мегаш ду и сагӀа. Церан тӀаьхьенашна гуттаренна а Везачу Элан сагӀанах долу дакъа ду иза. Цунах дӀахьакхаделларг дерриг а деза хир ду».
[19] Везачу Эло Мусага элира:
[20] «АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а иза даьттанца къобалвечу дийнахь Везачу Элана лерина даккха дезаш долу сагӀа иштта хила деза: бархӀ кад тоьлла кӀен дама дан деза цара гуттар а доккхучу кӀен сагӀина лерина, царах ах – Ӏуьйранна, важа ах – суьйранна.
[21] Зайтдаьттанца эдина дама кхийрачу пхьегӀи тӀехь кечдан деза. ТӀаккха, кеч а дина, дуззалц зайтдаьттанца э а дина, кӀен сагӀа санна, иза Везачу Элана даккха деза. Цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь хир ю.
[22] АхӀаронан кӀентех волчу, даьттанца къобалвинчу динан дас даккха деза и сагӀа. Иза Везачу Эло гуттаренна а тӀедуьллуш долу парз ду. КӀен сагӀа дерриг а даго дезаш ду.
[23] Динан дегара долу муьлхха а кӀен сагӀа даго деза, иза даа мегар дац».
[24] Везачу Эло Мусага элира:
[25] «АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а дӀаала: къинах долчу сагӀанах лаьцна тӀедиллинарг иштта ду. Дийнаташ дагоран сагӀина бежанаш дойучу меттехь Везачу Элана хьалха урс хьакха деза къинах долчу сагӀина далийначу дийнатна. Иза чӀогӀа деза сагӀа ду.
[26] Къинах долу сагӀа доккхуш волчу динан дас даа деза и сагӀа. Гуламан четар лаьттачу кертахь, езачу меттехь, даа деза цо иза.
[27] Цу сагӀин жижигах хьакхаделларг дерриг а деза ду. Цуьнан цӀий тӀе а кхетта, бедарш бехйинехь, езачу меттехь хица цӀанъян еза уьш.
[28] Кхийрачу пхьегӀи чохь цуьнан жижиг кхехкийнехь, и пхьегӀа йохо еза. ЦӀестан пхьегӀи чохь иза кхехкийнехь, и пхьегӀа цӀан а йина, йила еза.
[29] Динан дайх болчу берриг а божарша даа мега и сагӀа. Иза чӀогӀа деза сагӀа ду.
[30] Нагахь Езачу Меттехь адамийн къинош дӀадахархьама, къинах долчу сагӀин цӀий гуламан четарна чу даьхьнехь, и сагӀа даа мегар дац. Иза цӀера тӀехь даго деза».