Skip to content
Opens in a new window

[1] АхӀаронан кӀенташа, Надаба а, АбихӀус а, хӀораммо а богуш болу кӀора дӀасабахьа шен ной схьа а эцна, цу чу цӀе а, хаза хьожа йогӀу хӀума а йиллира. Амма Цунна хьалха цара еана цӀе хийра яра, хӀунда аьлча Везачу Эло царна тӀе ца диллинера ишттаниг дан.

[2] ЦӀеххьана Везачу Элера цӀе елира, ткъа оцу цӀеро уьш дӀакхаьллира. Иштта и шиъ Везачу Элана хьалха велира.

[3] Мусас элира АхӀароне: «ХӀара дара Везачу Элана ала лууш хилларг, Цо иштта аьлча: „Суна уллохь болчара Со Веза хилар лара деза, ткъа дерриг а халкъана хьалха Сан сийлалла къобалдан деза“». Амма АхӀарон вист а ца хуьлура.

[4] АхӀаронан девешин Ӏузиалан шина кӀанте, Мишаале а, Элцапане а, схьа а кхайкхина, Мусас элира: «Даха а гӀой, шайн шичой Делан цӀенна чуьра меттаматтал арахьа дӀахьо».

[5] ДӀа а вахана, динан дайн духарш тӀехь долу белларш меттаматтал арахьа дӀабаьхьира цу шиммо, Мусас шайна тӀе-ма-диллара.

[6] АхӀароне а, цуьнан шина кӀанте, ЭлиӀазаре а, Итамаре а, Мусас элира: «Сингаттаман билгалонна шайн коьртара месаш низам доцуш ма хилийта, духарш а ма этӀаде, шаьш ца далийта а, халкъана тӀе Делан оьгӀазалла ца яийта а. Амма шун вежарий долу дерриг а Исраилан халкъ Везачу Эло латийначу цӀеро багийначарна тийжа мегар ду.

[7] Гуламан четарна чуволучунна уллора дӀа ма довла, шаьш хӀаллак ца дайта, хӀунда аьлча шуна тӀехь Везачу Элера долу вазваран даьтта ду». Мусас ма-аллара, кхочушдира дерриг а.

[8] Везачу Эло АхӀароне элира:

[9] «Гуламан четарна чудоьлхуш чагӀар а, вахош долу маларш а ма мала ахьа а, хьан кӀенташа а, шаьш хӀаллак ца дайта. Шун тӀаьхьенна гуттаренна а тӀедуьллуш ду иза,

[10] шуьга дезаниг деза доцучух а, Далла хьалха цӀенаниг Цунна хьалха боьхачух а къастадайта а,

[11] исраилхошна Везачу Эло Мусагахула довзийтина мел долу парзаш хьехийта а».

[12] Мусас АхӀароне а, цуьнан бисинчу кӀенташка, ЭлиӀазаре а, Итамаре а, элира: «Везачу Элана цӀера тӀехь даьккхинчу кӀен сагӀанах дисинарг схьа а эций, цунах дина совсаза бепиг сагӀа доккхучу кхерчана уллохь дӀадаа, хӀунда аьлча и сагӀа чӀогӀа деза ду.

[13] Езачу меттехь даа и бепиг, хӀунда аьлча иза Везачу Элана цӀера тӀехь даьхначу сагӀанех хьан а, хьан кӀентийн а дакъа ду. Иштта тӀедиллина суна Везачу Эло.

[14] Шатайпа сагӀа санна даьккхинчу некхан жижиг а, гӀогӀ а даа Далла хьалха цӀена йолчу меттехь ахьа а, хьан кӀенташа а, мехкарша а, хӀунда аьлча иза хьуна а, хьан берашна а делла исраилхойн бертан сагӀанех долу дакъа ду.

[15] Ерриг а мохь цӀера тӀехь йоккхуш йолчу хенахь цара гӀогӀ а, некхан жижиг а, шатайпа сагӀа санна, Везачу Элана даккха деза. И дакъош хьуна а, хьан берашна а гуттаренна а лерина ду, Везачу Эло тӀе-ма-диллара».

[16] Къинан сагӀина лерина бож леррина лоьхуш вара Муса. Юха цунна хиира иза хӀинцале ягийнийла! АхӀаронан висинчу шина кӀантана, ЭлиӀазарна а, Итамарна а, оьгӀазвахара Муса:

[17] «Къинан сагӀа езачу меттехь хӀунда ца диира аш? Иза чӀогӀа деза сагӀа ду! Халкъан бехк а, церан къинош а Везачу Элана хьалха дӀадахархьама, шуна делла ма дара иза.

[18] Цуьнан цӀий гуламан четарна чу ца даьхьна дела, аш иза езачу меттехь даа дезаш дара, суна тӀедиллина ма-хиллара».

[19] АхӀарона элира Мусага: «Цара тахана къинан сагӀа а, дийнаташ дагоран сагӀа а даьккхина Везачу Элана хьалха. Суна хилларг хьуна хаьа. Ас тахана къинан сагӀа диъча, Веза Эла суна резахир вуй те?»

[20] Иштта жоп хезча, Муса цунна резахилира.

Далла Ӏамалъяр — Chapters