[1] Везачу Эло Мусага элира:
[2] «ДӀаала АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а исраилхоша Суна къобалдеш долу деза сагӀанаш леррина леладе, Сан еза цӀе сийсаз ца яйтархьама. Со Веза Эла ву.
[3] ДӀаала цаьрга: „Шун тӀаьхьенах волу цхьаъ, Далла хьалха цӀена а воцуш, исраилхоша Суна къобалдинчу дезачу сагӀанашна гергакхачахь, Суна хьалхара дӀаэккхор ву иза. Со Веза Эла ву“.
[4] АхӀаронан тӀаьхьенах волу цхьаъ чкъуран цамгар йолуш я дегӀах тӀуналла схьайолуш велахь, цо деза сагӀа даа мегар дац, ша цӀанваллалц. Еллачу хӀуманах хьакхаеллачух куьг Ӏоьттинарг а, боьршачу нехан тӀуналла шех схьаяьлларг а,
[5] муьлххачу а текхаргех хьакхавелларг а, боьхачу стагах хьакха а велла, цӀена воцург а
[6] сарралц боьха хир ву. Цо деза сагӀа даа мегар дац, хица шен дегӀ диллалц.
[7] Малх чубуьзча, иза цӀена хир ву, тӀаккха цо сагӀанех йолу хӀума яа мегар ду, хӀунда аьлча иза цуьнан кхача бу.
[8] Къеделла я акхароша дийна долу дийнат даа мегар дац динан дена. Ишттачу кхачано иза бехвийр ву. Со Веза Эла ву.
[9] Сан хьехамаш ларбойла цара, шаьш бехке ца хилийтархьама а, тӀедиллинарг талхор бахьана долуш ца далархьама а. Уьш базбеш волу Веза Эла ву Со.
[10] Хийрачо цхьаммо а деза сагӀа даа мегар дац. Динан да волчохь Ӏачу хьешо а, динан дена йолах болх бечу стага а даа мегар дац деза сагӀа.
[11] Ахча а делла, эцначу а, цуьнан хӀусамехь дуьнен чу ваьллачу а лено даа мегар ду и сагӀа.
[12] Динан дайн тӀаьхьенах схьа ца ваьллачу стаге маре яханчу динан ден йоӀа дезачу сагӀина деанарг даа мегар дац.
[13] Бераш а доцуш, йисна я йитина Ӏаш йолчу динан ден йоӀа, шен хӀусаме юхаеача, даа мегар ду шен ден бепиг, ша жима йолчу хенахь санна. Ткъа хийрачо цхьаммо а иза даа мегар дац.
[14] Цхьаммо ларамаза дезачу сагӀанах цхьаъ яахь, цо динан дена и деза сагӀа юхаметтахӀотто деза, цу тӀе цуьнан пхоьалгӀа дакъа тӀе а тоьхна.
[15] Динан дайша шаьш а сийсаздан мегар дац исраилхоша Везачу Элана деана долу деза сагӀанаш,
[16] бакъо йоцучу нахе уьш даа а даийтина. Цу хӀумано уьш бехке а хуьлуьйтур бу, царна таӀзар а дийр ду. Уьш базбеш волу Веза Эла ву Со».
[17] Везачу Эло Мусага элира:
[18] «ДӀаала АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а, берриг исраилхошка а: „Нагахь исраилхойх я царна юкъахь тӀевеана Ӏаш волчух цхьаммо цхьана нигатца я даггара леларца дийнаташ дагоран сагӀа Везачу Элана лерина доккхуш делахь,
[19] сагӀина далийна дийнат старгӀанех я койх, я бежалойх эцна сакхт доцу боьршаниг хила еза, Дела резахилийтархьама.
[20] ТӀехь сакхт долу цхьа а дийнат Везачу Элана лерина ма даладелаш, цуьнца аш Дела резавийр вац.
[21] Нагахь цхьаммо шен нигатца я даггара леларца Везачу Элана лерина бертан сагӀина доккха я жима дийнат далийнехь, иза сакхт доцуш хила деза, Дела цунна резахилийта. Дийнаташна тӀехь цхьа а сакхт хила йиш яц.
[22] БӀаьрзе я лазийна, я цӀармата, я цомгуш долу, я даьӀнаш долу, я чераш долу дийнат Везачу Элана лерина ма даладе. Царах цхьа а, Везачу Элана лерина цӀера тӀехь даьккхина сагӀа санна, сагӀа доккхучу кхерча тӀе ма дилла.
[23] ТӀех беха я боца когаш болу старгӀа я Ӏахар даггара леларца долчу сагӀина дало мегар ду, амма нигатца доккхучу сагӀина уьш мегар дац, Дела резахир вац ишттачу хӀуманна.
[24] Боьршалла гойту коьчалш лазийна я хьаьшна, я дӀаяьхна, я дӀахедийна долу дийнаташ Везачу Элана лерина ма даладе, шайн махкахь и саннарг ма де.
[25] Кхечу къаьмнех болчу нехан карара иштта дийнаташ шайн Далла леринчу сагӀина схьа ма эца, хӀунда аьлча царна тӀехь сакхт ду. Цара Дела шуна резахуьлуьйтур вац“».
[26] Везачу Эло Мусага элира:
[27] «Эса я Ӏахар, я буьхьиг йича, ворхӀ дийнахь шен ненаца йита еза, ткъа борхӀалгӀачу дийнахь дуьйна цӀера тӀехь Везачу Элана цунах сагӀа даккха мегар ду.
[28] Аттана цо динчу эсаца, жийна цо бинчу Ӏахарца цхьана дийнахь урс ма хьакхалаш.
[29] Нагахь шаьш Везачу Элана лерина баркаллин сагӀа доккхуш делахь, Дела шайна резахуьлуьйтучу кепара даккха иза.
[30] Цу дийнахь даа деза и сагӀа, цунах хӀума Ӏуьйренга ма ялийта. Со Веза Эла ву.
[31] Сан весеташ лар а де, кхочуш а де. Со Веза Эла ву.
[32] Сан еза цӀе сийсаз ма е, исраилхойн дерриг а халкъо Со веза хилар къобалдан деза. Шу даздеш волу Веза Эла ву Со.
[33] Шун Дела хилархьама, шу Мисар-махкара арадаьхна Ас. Со Веза Эла ву».