[1] «Нагахь цхьаммо, бертан сагӀа доккхуш, доккха бежана даладахь, бен а дац иза боьрша я стен хилар, – Везачу Элана леринарг цхьа а айп доцу бежана хила деза.
[2] Шен куьг бежанан коьрта тӀе а диллина, гуламан четарна чуволлучохь цунна урс хьакха деза сагӀа доккхучо. Динан дай болчу АхӀаронан кӀенташа сагӀа доккхучу кхерчан массо а агӀонна тӀе цӀий тоха деза.
[3] Цу бертан сагӀанах цхьадолу дакъош Везачу Элана, дагоран сагӀа санна, даха деза: чухулара а, чоконна тӀера а ерриг а мохь,
[4] ший жим а, царна тӀера юкъа тӀехь йолу мохь а, доӀаха тӀера мохь а (иза жаннашца цхьаьна яккха еза).
[5] АхӀаронан кӀенташа цӀерана тӀе техкинчу дечигашна тӀехь долчу дийнаташ дагоран сагӀанца цхьаьна ягор ю уьш кхерча тӀехь. Цу сагӀин хьожа Везачу Элана тамехь ю.
[6] Нагахь стаг Везачу Элана лерина кегийрачу дийнатех бертан сагӀа доккхуш велахь, цхьа а айп доцу боьрша я стен дийнат дала деза цо.
[7] Нагахь сагӀина балийнарг уьстагӀ белахь, иза Везачу Элана хьалха хӀотто беза.
[8] Дийнатан коьрта тӀе куьг а диллина, гуламан четарна хьалха цунна урс хьакха деза. АхӀаронан кӀенташа сагӀа доккхучу кхерчан массо а агӀонна тӀе цуьнан цӀий тоха деза.
[9] Цу бертан сагӀанах цхьадолу дакъош Везачу Элана, дагоран сагӀа санна, даха деза: мохь а, букъан даьӀахка тӀекхаччалц схьахадийна болу дума а, чухулара а, чоконна тӀера а мохь,
[10] ший жим а, царна тӀера юкъа тӀехь йолу мохь а, доӀаха тӀера мохь а (иза жаннашца цхьаьна яккха еза).
[11] Динан дас сагӀа доккхучу кхерча тӀехь яго еза уьш. Иза Везачу Элана лерина цӀера тӀехь даьккхина кхачанан сагӀа ду.
[12] Нагахь стага сагӀина ялийнарг газа елахь, иза Везачу Элана хьалха хӀотто еза.
[13] Цунна тӀе шен куьг а диллина, гуламан четарна хьалха дийнатна урс хьакха деза цу стага. АхӀаронан кӀенташа газанан цӀий сагӀа доккхучу кхерчан массо а агӀонна тӀе тоха деза.
[14] Цу бертан сагӀанах цхьадолу дакъош Везачу Элана, дагоран сагӀа санна, даха деза: чухулара а, чоконна тӀера а ерриг а мохь,
[15] ший жим а, юкъа тӀехь йолу мохь а, доӀаха тӀера мохь а (иза жаннашца цхьаьна яккха еза).
[16] Динан дас сагӀа доккхучу кхерча тӀехь яго еза уьш. Иза цӀера тӀехь даьккхина кхачанан сагӀа ду, Везачу Элана тамехь йолу хьожа ю и. Ерриг а мохь Везачу Элана лерина хила еза.
[17] Иза гуттаренна а шун тӀаьхьенашна тӀедуьллуш ду, шу миччанхьа дехаш делахь а. Цхьа а тайпа мохь а, цхьа а тайпа цӀий а ма даалаш».