Skip to content
Opens in a new window

[1] «ХӀара ду гӀуда такхаран сагӀанах лаьцна тӀедиллинарг. Иза чӀогӀа деза сагӀа ду.

[2] Дийнаташ дагоран сагӀина бежана дуьйччу меттехь урс хьакха деза гӀуда такхаран сагӀина дуьйчу дийнатна а. Цуьнан цӀий тоха деза сагӀа доккхучу кхерчана тӀе массо а агӀор.

[3] Дийнатан ерриг а мохь сагӀина яккха еза: дума а, чухулара мохь а,

[4] ший жим а, царна тӀера юкъа тӀехь йолу мохь а, доӀаха тӀера мохь а (иза жаннашца цхьаьна яккха еза).

[5] Динан дас кхерча тӀехь Везачу Элана лерина ягор ю уьш. Иза гӀуда такхаран сагӀа ду.

[6] Динан дайн тайпанах волчу массо а боьршачу стеган даа йиш ю и сагӀа. Иза езачу меттехь даа деза. ЧӀогӀа деза сагӀа ду иза.

[7] Къинах долчу сагӀанах а, гӀуда такхаран сагӀанах а лаьцна тӀедиллинарг цхьаъ ду: цу сагӀанца стага летийна къинош дӀадохуш волчу динан дена дӀалуш ду иза.

[8] Цхьаммо дийнаташ дагоран сагӀа даьккхича, дийнатан неӀ я цӀока и сагӀа даккхар дӀахьош волчу динан дена дуьсу.

[9] Я пешахь, я ялгӀу тӀехь, я кхийрачу пхьегӀи тӀехь мел деттина кӀен сагӀа иза дӀахьочу динан дена дуьсу.

[10] Даьттанца эдина я декъа долу муьлхха а кӀен сагӀа АхӀаронан кӀенташна дуьсу, цхьанна санна, вукхунна а».

[11] «Везачу Элана лерина доккхучу бертан сагӀанах лаьцна тӀедиллинарг хӀара ду.

[12] Цхьаммо и сагӀа баркаллин сагӀа санна даккхахь, сагӀа доккхучу дийнатца цхьаьна цо зайтдаьтта тоьхначу демах дина совсаза бепиг а, зайтдаьтта тӀехьаькхна дуткъа совсаза хьокхамаш а, зайтдаьттанца эдинчу тоьллачу демах йина совсаза локъамаш а схьаян еза.

[13] Цул сов, морзанна тӀехь дина бепиг а схьадан деза цо, баркаллина бертан сагӀа доккхуш.

[14] Ша деанчу хӀуманех цхьацца Везачу Элана лерина хилийта еза цо. Бертан сагӀин цӀий тухучу динан дена дуьсу иза.

[15] Баркаллина даьккхинчу бертан сагӀин жижиг цу дийннахь даа деза, цунах хӀумма а Ӏуьйренга далийта мегар дац.

[16] Нагахь цхьаммо сагӀа шен нигатца я даггара болчу лаамца доккхуш делахь, сагӀин жижиг цу дийннахь даа деза, бухадиснарг шолгӀачу дийнахь а даа мегар ду.

[17] Ткъа сагӀин жижиг кхоалгӀачу дийне далахь, иза цӀера тӀехь даго деза.

[18] Нагахь цхьаммо цу сагӀин жижиг кхоалгӀачу дийнахь даахь, и сагӀа къобал хир дац. СагӀа даьккхинчунна цхьа а шапаӀат хир дац иза бахьанехь, хӀунда аьлча и сагӀа Везачу Элана хьалха боьха хилла. Жижиг диинарг бехке а ву, шегара даьллачух жоп дала а деза цо.

[19] Нагахь цу сагӀин жижиг Далла хьалха боьха йолчу хӀуманах хьакхалахь, иза даа мегар дац, и жижиг цӀера тӀехь даго деза. Далла хьалха муьлххачу а цӀеначу стага бертан сагӀин жижиг даа мегар ду.

[20] Нагахь Далла хьалха цӀена воцучу стага Везачу Элана леринчу бертан сагӀин жижиг даахь, иза шен халкъана юкъара дӀаваккха веза.

[21] Нагахь цхьа стаг, Далла хьалха цӀена йоцучух – адамах я дийнатах, я текхаргех – а хьакхавелла, бертан сагӀин жижиг даа хӀоттахь, иза шен халкъана юкъара дӀаваккха веза».

[22] Везачу Эло Мусага элира:

[23] «ДӀаала исраилхошка: „Стеран а, уьстагӀан а, газанан а цхьа а тайпа мохь ма яа.

[24] Деллачу а, экхано цистинчу а дийнатан мохь шен гӀуллакхна хьажо мегар ду, амма яа мегар дац.

[25] Везачу Элана леринчу сагӀина дийначу дийнатан мохь йиънарг шен халкъана юкъара дӀавоккхур ву.

[26] Миччанхьа шаьш Ӏаш делахь а бежанийн а, олхазарийн а цхьа а тайпа цӀий ма даалаш.

[27] Цхьаммо и цӀий даахь, иза шен халкъана юкъара дӀавоккхур ву“».

[28] Везачу Эло Мусага элира:

[29] «ДӀаала исраилхошка: „Везачу Элана лерина бертан сагӀа доккхуш волчо цу сагӀин цхьа дакъа Везачу Элана хьалха дахьа деза.

[30] Шен куьйгашца цӀера тӀехь доккху сагӀа схьадан деза цо. Шатайпа сагӀа санна, Везачу Элана хьалха дахьа деза цо махьарца долу некха тӀера жижиг.

[31] Мохь динан дас кхерча тӀехь ягор ю, ткъа некха тӀера жижиг АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а дуьсур ду.

[32] Бертан сагӀанах долу дийнатан аьтту гӀогӀ совгӀатна динан дена дӀадала деза.

[33] АхӀаронан кӀентех бертан сагӀа, цӀий а даьккхина, мохь а ягийна, кхочушдинчунна дӀадала деза аьтту гӀогӀ.

[34] ХӀунда аьлча Ас исраилхошкара бертан сагӀанах шатайпа сагӀина луш долу некхан жижиг а, совгӀатна луш долу аьтту гӀогӀ а, схьа а эцна, АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а дӀаделла. Исраилан халкъо гуттар а иза динан дайшна дӀадала дезаш ду.

[35] Везачу Элана цӀера тӀехь даьхначу сагӀанех долу дакъош ду уьш, АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а луш долу, Везачу Элана динан гӀуллакх дан уьш къобалбичхьана дуьйна.

[36] Везачу Эло тӀедиллинера, исраилхоша царна и дакъош лур ду аьлла, даьтта тӀе а доьттина, уьш къобалбинчу дийнахь дуьйна. Царна и дакъош далар исраилхошна гуттаренна а тӀедиллина ду“».

[37] Иштта бу дийнаташ дагоран а, кӀен а, къинах долу а, гӀуда такхаран а, вазваран а, бертан а сагӀанех лаьцна болу хьехам.

[38] Везачу Эло Мусана бовзийтина иза Синай-лам тӀехь, Ша исраилхошка Синайн яьссачу арахь Шена лерина сагӀанаш даха аьллачу хенахь.

Далла Ӏамалъяр — Chapters