[1] Везачу Эло Мусага элира:
[2] «АхӀарон а, цуьнан кӀентий а схьабалабе, царна тӀеюху еза бедарш а, къобалваран даьтта а схьаэца, къинан сагӀа даккха старгӀа а, ши ка а балабе, цхьа тускар совсаза бепиг а да,
[3] гуламан четарна чуволлучохь дерриг а халкъ схьа а гулде».
[4] Везачу Эло тӀе-ма-диллара, гӀуллакх кхочушдира Мусас. Халкъ гуламан четарна чуволлучохь схьагулделира.
[5] Мусас элира нахе: «ХӀара ду Везачу Эло кхочушдан тӀедиллинарг».
[6] АхӀарон а, цуьнан кӀентий а, схьа а балийна, хица лийчийра Мусас.
[7] АхӀаронна тӀе коч а юьйхина, юкъах доьхка а дихкина, тӀехула оба юьйхира Мусас, юха тӀе ийпад а юьйхина, юкъах ийпадан доьхка а дихкира, цуьнца АхӀаронна тӀехь ийпад а чӀагӀйира цо.
[8] Цунна тӀе некха хьалха уллуш болу беза тӀоьрмаг а оьллина, цу чу Урим а, Тумим а цӀераш йолу ши тӀулг биллира Мусас.
[9] АхӀаронан коьрта тӀе чалба а тиллина, чалбанна хьалха агӀор иза Везачу Элана лерина ву аьлла таж долу дашо экъа оьллира, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара.
[10] Къобалдаран даьттанах цхьа дакъа схьа а эцна, иза четарна а, цу чохь долчунна а тӀе а доьттина, и дерриг а къобалдира Мусас.
[11] ВорхӀазза сагӀа доккхучу кхерча тӀе даьтта а тоьхна, кхерчана а, цуьнан гӀирсашна а, юьхь-куьгдуьлургана а, цуьнан буьхана а тӀе даьтта доьттира уьш къобалъян.
[12] АхӀаронан коьрта тӀе даьтта доьттира Мусас, иза къобалвархьама.
[13] АхӀаронан кӀентий схьа а балийна, царна тӀе кучамаш а юьйхина, юкъах доьхкарш а дихкина, кортош тӀе кӀадинан асанаш йихкира Мусас, Везачу Эло шена тӀе-ма-диллара.
[14] Къинан сагӀина лерина старгӀа схьаялийра Мусас. Юха АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а старгӀин коьрта тӀе куьйгаш дехкира.
[15] СтаргӀина урс а хьаькхна, шен пӀелгаца схьаэцна цӀий кхерчан маӀех хьаькхира Мусас. Иштта кхерч къинойх цӀанбира цо. Юха, дисина цӀий кхерчан буха тӀе охьа а доьттина, кхерч къобалбира цо, иза Далла хьалха цӀена хилийта.
[16] Бежанна чуьра ерриг мохь а, доӀаха тӀера мохь а, шайн махьарца ший жим а, схьа а эцна, кхерча тӀехь багийра Мусас.
[17] Ткъа старгӀанах йиснарг – цуьнан неӀ а, жижиг а, боьхаллаш а – меттаматтал арахьа а яьхна, цӀера тӀехь ягийра цо, Везачу Эло шена тӀе-ма-диллара.
[18] Дийнаташ дагоран сагӀина ка схьабалийра Мусас. АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а коьман коьрта тӀе куьйгаш дехкира.
[19] Коьмана урс а хьаькхна, цуьнан цӀий массо а агӀор сагӀа доккхучу кхерчана тӀе туьйхира Мусас.
[20] Ка дакъошка бекъа а бекъна, чоко а, когаш а хица била а билина, берриг а ка – корта а, дакъош а, мохь а – кхерча тӀехь, дийнат дагоран сагӀа санна, багийра Мусас. Везачу Элана тамехь долу, цӀера тӀехь даьккхина сагӀа дара иза, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара.
[22] Мусас кхин ка схьабалийра, иза АхӀарон вазварна лерина бара. АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а коьман коьрта тӀе куьйгаш дехкира.
[23] Коьмана урс а хьаькхна, цуьнан цӀий, жимма схьаэцна, АхӀаронан аьтту лерган дума тӀе а, аьтту куьйган нана-пӀелга тӀе а, аьтту коган нана-пӀелга тӀе а хьаькхира Мусас.
[24] АхӀаронан кӀентий тӀе а балийна, церан массеран а аьтту лерган дума тӀе а, аьтту куьйган нана-пӀелга тӀе а, аьтту коган нана-пӀелга тӀе а цӀий хьаькхира Мусас. Кхерчана массо а агӀор дисна цӀий туьйхира цо.
[25] Мохь а, дума а, чоконна тӀера ерриг мохь а, доӀаха тӀера мохь а, шайн махьарца ший жим а, аьтту гӀогӀ а схьаийцира Мусас.
[26] Везачу Элана хьалха хӀоттийначу, совсаза бепиг чохь долчу тускар чуьра совсаза цхьа бепиг а, зайтдаьтта тоьхначу демах дина совсаза цхьа бепиг а, зайтдаьтта тӀехьаькхна буткъа совсаза цхьа хьокхам а, схьа а эцна, махьарна а, аьтту гӀогӀана а тӀе диллира Мусас.
[27] АхӀаронан а, цуьнан кӀентийн а куьйгашна тӀе а дехкина, цаьрга и дакъош, Везачу Элана лерина шатайпа сагӀа санна, хьалаайийтира цо.
[28] Юха, церан карара уьш схьа а эцна, кхерча тӀехь дийнаташ дагоран сагӀанца дагийра цо. Иза Везачу Элана лерина, цӀера тӀехь даьккхина, вазваран сагӀа ду, цуьнан хьожа Цунна тамехь ю.
[29] Некхан жижиг, схьа а эцна, Везачу Элана лерина шатайпа сагӀа санна хьалаайира Мусас. АхӀарон вазваран сагӀина леринчу коьмах долу Мусан дакъа дара иза, Везачу Эло цунна тӀе-ма-диллара.
[30] Къобалдаран даьтта а, кхерча тӀера цӀий а, жимма схьа а эцна, АхӀаронна а, цуьнан бедаршна а, АхӀаронан кӀенташна а, церан бедаршна а тӀе туьйхира Мусас. Иштта АхӀарон а, цуьнан кӀентий а, церан бедарш а къобалйира цо.
[31] АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а Мусас элира: «Гуламан четарна чуволлучохь жижиг а кхехкадай, цуьнца цхьаьна къобалдарна леринчу тускарна чуьра бепиг даа, суна тӀедиллина ма-хиллара: „АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а даа деза иза“.
[32] Жижигах а, баьпках а бухайисина юьхкаш цӀера тӀехь ягае.
[33] ВорхӀ дийнахь гуламан четарна хьалхара дӀа ма довла, шаьш даздаран денош чекхдовллалц, хӀунда аьлча шун даздар ворхӀ дийнахь дӀадахьа деза.
[34] Тахана кхочушдинарг Везачу Эло тӀедиллина дара, аша латийна къа дӀадаккхархьама.
[35] Дийнахь а, буса а гуламан четарна чуволлучохь Ӏийр ду шу ворхӀ дийнахь, Везачу Эло бохург а деш, шаьш хӀаллак ца хилийта. Иштта иза тӀедиллина суна Везачу Эло».
[36] АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а Везачу Эло Мусагахула тӀедиллинарг кхочушдира.