[1] Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира:
[2] «ДӀаала исраилхошка: „Нагахь стеган бехкечу меттера схьакъаьсташ тӀуналла хилахь, и тӀуналла цӀена яц.
[3] Ткъа стаг цӀена вац, цунах схьакъаьсташ йолу тӀуналла бахьана долуш – тӀуналла схьайолуш елахь а, стеган дегӀаца иза юьсуш елахь а.
[4] И стаг тӀевуьжуш болу муьлхха а мотт а, иза тӀехиъна йолу муьлхха хӀума а боьха хир ю.
[5] Иза дӀавуьжучу маттах дӀахьакхавелларг, шен бедарш а йиттина, хица лийча веза. Сарралц цӀена хир вац иза.
[6] Нагахь дегӀах тӀуналла схьайолуш волу стаг тӀехиъначу хӀуманна тӀе цхьаъ хаахь, шен бедарш а йиттина, лийча веза иза. Сарралц цӀена хир вац иштта стаг.
[7] ТӀуналла схьайолучун дегӀах хьакхавелларг, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цӀена хир вац иза.
[8] ДегӀах тӀуналла схьайолучо цхьанна тӀе шат тохахь, бехвинарг, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цӀена хир вац иза.
[9] ДегӀах тӀуналла схьайолуш верг тӀехь лелаш йолу муьлхха а нуьйр цӀена яц.
[10] Цу стагана бухахь хиллачу хӀуманах дӀахьакхавелларг сарралц цӀена хир вац. И хӀума карахь дӀаяьхьнарг а, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цӀена хир вац иза.
[11] ДегӀах тӀуналла схьайолург, куьйгаш дилина а доцуш, цхьаннах дӀахьакхалахь, иза шех хьакхавелларг, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цӀена хир вац иза.
[12] Шех тӀуналла схьайолург дӀахьакхавелла кхийра пхьегӀа йохо еза, ткъа дечигах йина пхьегӀа хица йила еза.
[13] ДегӀах схьакъаьсташ йолу тӀуналла сецча, ворхӀ дийнахь Ӏан веза и стаг, Далла хьалха цӀена хилархьама. Цул тӀаьхьа, шен бедарш а йиттина, шовданан хица шен дегӀ дила деза цо, тӀаккха иза цӀена хир ву.
[14] БорхӀалгӀачу дийнахь ши къоркхокха я ши къона кхокха схьа а эцна, Везачу Элана хьалха гуламан четаран неӀаре а веана, ши олхазар динан дега дӀадала деза цо.
[15] Цхьана олхазарх къинан сагӀа а, вукхунах дийнаташ дагоран сагӀа а даьккхина, динан дас Везачу Элана хьалха стаг цӀанваран Ӏадат кхочушдийр ду.
[16] Нагахь стагах боьршачу нехан хуьлу тӀуналла схьакъастахь, цо хица дерриг а шен дегӀ дила деза. Сарралц цӀена хир вац иза.
[17] И тӀуналла тӀекхетта муьлхха бедар а, чкъор а хица дила деза, сарралц цӀена хир дац уьш.
[18] Нагахь стаг зудчуьнца дӀавижча, цунах тӀуналла схьакъастахь, стаг а, зуда а хица лийча деза. Сарралц цӀена хир дац и шиъ.
[19] Нагахь, шайна хуьлучу цамгарца доьзна, зуда дегӀах цӀий дӀакъаьсташ елахь, ворхӀ дийнахь иза цӀена хир яц. Муьлхха а цунах дӀахьакхавелларг сарралц цӀена хир вац.
[20] Ша цӀена цахиларан деношкахь и зуда тӀейижна а, тӀехиъна а йолу хӀума цӀена яц.
[21] Иза дӀаюьжучу маттах хьакхавелларг, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цӀена хир вац иза.
[22] И зуда тӀехиъна Ӏийначу хӀуманах хьакхавелларг, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цӀена хир вац иза.
[23] Иза дӀайижначу маттера я хиъна Ӏийначуьра цхьана хӀуманах хьакхавелларг сарралц цӀена хир вац.
[24] Нагахь цӀий догӀучу хенахь цу зудчуьнца майра дӀавижахь, иза ворхӀ дийнахь цӀена хир вац. И тӀевижна муьлхха а мотт цӀена хир бац.
[25] Нагахь зудчун цӀий дӀаэхар, баттахь хуьлу цӀена цахиларан хенахь а доцуш, кхечу деношкахь хилахь, я гуттар а хуьлучу хенал сов дахлахь, дерриг а цу деношкахь иза цӀена хир яц, баттахь хуьлучу цӀена цахиларан хенахь санна.
[26] Зудчунна цӀий догӀучу хенахь иза тӀейижна муьлхха а мотт, иза тӀехиъна муьлхха а хӀума цӀена хир яц, баттахь цӀена ца хиларан хенахь тӀейижна мотт санна.
[27] Цу хӀуманех дӀахьакхавелларг цӀена хир вац, шен бедарш а йиттина, лийча веза иза. Сарралц цӀена хир вац иза.
[28] ЦӀий дӀаэхар сецча, зудчо ворхӀ дийнахь собар дан деза. Цул тӀаьхьа иза цӀена хир ю.
[29] БорхӀалгӀачу дийнахь ши къоркхокха я ши къона кхокха, гуламан четаран неӀаре схьа а беана, динан дега дӀабала беза цо.
[30] Олхазарех цхьаннах къинан сагӀа, вукхунах дийнаташ дагоран сагӀа доккхур ду динан дас. Иштта Везачу Элана хьалха и зуда цӀанъяран Ӏадат кхочушдийр ду цо.
[31] Иштта шаьш боьха хуьлуьйтучу хӀуманех исраилхой къостуьйтур бу ахь, царна юкъахь долу Сан цӀа сийсаз а деш, шайн боьхачу хӀуманашца уьш ца балийта.
[32] Иштта ду дегӀах тӀуналла схьакъаьстачех долу тӀедиллинарг: стаг цӀена ца хуьлуьйтуш йолчу боьршачу нехан тӀуналлех а,
[33] цӀий дӀаоьхучу зударех а, тӀуналла дегӀах схьакъаьстачу стагах а, зудчух а, цӀена йоцучу зудчуьнца дӀавижначу майрачух а долу тӀедиллинарг“».