Skip to content
Opens in a new window

[1] Везачу Эло Мусага элира:

[2] «ДӀаала АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а, берриг исраилхошка а: „Везачу Эло вайна тӀедуьллург хӀара ду:

[3] нагахь исраилхойх цхьаммо меттамотт болчохь я цул арахь я старгӀина, я Ӏахарна, я газанна, урс а хьаькхна,

[4] уьш Везачу Элан четарна хьалха, Везачу Элана лерина сагӀа даккхархьама, схьа ца дахьахь, цу стагана тӀехь цӀий хир ду. Цо цӀий Ӏанийна, цундела иза шен халкъана юкъара эккхор ву.

[5] Исраилхошка шаьш эрна арахь урс хьокхуш долу дийнаташ Везачу Элана хьалха, гуламан четаран неӀаре, динан да волчу схьадаладайта деш ду иза. Везачу Элана лерина бартбаран сагӀина дайа деза цара и дийнаташ.

[6] Динан дас гуламан четарна хьалха болчу Везачу Элан кхерчана тӀе цӀий а тухур ду, мохь а ягор ю, Везачу Элана томана йолу хьожа хилийтархьама.

[7] Газа-цӀушна шайн сагӀанаш а дохуш, исраилхой Везачу Элана кхидӀа цатешаме лела мегар дац. Гуттаренна а царна тӀедуьллуш ду иза“.

[8] Кхин а ала цаьрга: „Нагахь исраилхойх я царна юкъахь тӀебаьхкина Ӏаш болчарах цхьаммо дийнаташ дагоран я кхин сагӀа доккхуш хилахь,

[9] Везачу Элана лерина гуламан четаран неӀаре цо дийнат схьа ца даладахь, и стаг шен халкъана юкъара эккхор ву.

[10] Нагахь исраилхойх я царна юкъахь тӀебаьхкина Ӏаш болчарах цхьаммо муьлхха а цӀийца долу жижиг даахь, Аса Сайн оьгӀазло яссор ю цӀий дуучун синна дуьхьал, шен халкъана юкъара и са дӀа а эккхор ду.

[11] ДегӀан са цӀийна чохь долу дела, Аса цӀий сагӀа доккхучу кхерчана лерина хилийта аьлла шуьга, цӀий Ӏанорца шун синош къинойх цӀандайтархьама. Шена чохь са долчу цӀийно къинош дӀа ма доху.

[12] Цундела аьлла Ас исраилхошка, царах цхьаммо а, царна юкъахь тӀевеана Ӏаш волчо а цӀий даа мегар дац.

[13] Нагахь исраилхойх я царна юкъахь тӀебаьхкина Ӏаш болчех цхьаммо яа мегаш йолу акхаро я олхазар лацахь, цуьнан цӀий дӀа а дахийтина, юха цу цӀийна тӀе латта таса деза,

[14] хӀунда аьлча муьлххачу дегӀан са цуьнан цӀийна чохь ду. Цундела аьлла Ас исраилхошка, шеца цӀий долу цхьа а дилха ма даа. ЦӀий дууш верг муьлхха а шен халкъана юкъара эккхор ву.

[15] Къеелла а, экхано цистина а хӀума йиънарг, исраилхо я тӀевеана стаг и велахь, шен бедарш а йиттина, хица лийча веза. Сарралц цӀена хир вац иза, цул тӀаьхьа цӀена хир ву.

[16] Нагахь цо шен бедарш а ца йиттахь, шен дегӀ а ца цӀандахь, иза бехке а ву, цо жоп дала а деза“».

Далла Ӏамалъяр — Chapters