[1] «Нагахь стаг, цхьа хӀума гина я цунах лаьцна хезна, теш велахь, шена хуучух чӀагӀо е аьлча, цо иза ца яхь, тӀаккха иза бехке ву, цо жоп дала деза.
[2] Стаг хьарам йолчу хӀуманах дӀахьакхавала тарло. Хуьлийла иза делла хьарам экха, я хьарам хьайба, я хьарам текхарг, стагана ша цунах дӀахьакхавеллий ца хаахь а, иза бехке а, Далла хьалха боьха а ву.
[3] Адамца доьзна долчу муьлххачу а Далла хьалха цӀена доцучу хӀуманах, шена а ца хууш, стаг хьакхавеллехь, амма тӀаьхьа цунна и хиънехь а, иза бехке ву.
[4] Ойла а ца еш, цхьа хӀума дийр ду аьлла, чӀагӀо ян там бу стага. И хӀума вон я дика хила мега – башхо яц. Стага ца хууш чӀагӀо яхь, амма цунна иза юха дагайоггӀушехь цуьнан бехк хир бу.
[5] Нагахь санна стага оцу дийцинчех цхьа къа латийнехь, цо нахана хьалха даре дан деза шегара даьллачунна.
[6] Ша латийначу къинна, гӀуда санна, цо Везачу Элана лерина сагӀа даккха деза, уьстагӀ я газа а ейтина. Иштта динан дас цу стага латийна къа дӀадоккхур ду.
[7] Нагахь санна шен уьстагӀ бен таро яцахь, Везачу Элана лерина ши кхокха (я ши къоркхокха) гӀуда санна бан беза цо, цхьа кхокха къинан сагӀина, ткъа важа дагоран сагӀа санна.
[8] И ши кхокха динан дега дӀабала беза. Цо къинан сагӀина болчу кхокханан лаг хадор ду, амма корта схьабоккхур бац.
[9] Оцу кхокханан цӀий цо сагӀа доккхучу кхерчан агӀонах тухур ду, ткъа диснарг кхерчан когашна улло охьадуттур ду. Иза къинна дуьхьал даьккхина сагӀа хир ду.
[10] ШолгӀа кхокха дагоран сагӀа доккхуш багор бу динан дас, тӀедиллина ма-хиллара. Иштта динан дас цу стага латийна къа дӀадоккхур ду, тӀаккха цунна Дала гечдийр ду.
[11] Нагахь санна ши кхокха бан а стеган таро ца хилахь, ша латийначу къинна дуьхьал бархӀ кад дама дан деза цо. Демах даьтта а, ягийна хаза хьожа йогӀу хӀума а ма тоха, хӀунда аьлча иза къинан сагӀа ду.
[12] Къа латийначу стага и дама динан да волчу схьадан деза. Динан дас, Везачу Элана деана хиларан билгалонна цхьа кана схьа а эцна, дама кхерча тӀехь дагор ду кхачанан сагӀа санна.
[13] Иштта динан дас цу стага латийна къа дӀадоккхур ду, Дала а цунна гечдийр ду. СагӀа даьккхича дисина дама динан дена догӀуш ду, кӀен сагӀа а хилла».
[14] Везачу Эло Мусага элира:
[15] «Нагахь санна стага, Везачу Элана догӀуш дерг дӀа а ца луш, ларамаза къа латадахь, цхьа а сакхт доцу ка бан беза цо шегара даьллачунна тӀера. Коьман мах дато шекхал ахча хӀотто беза ахь (шекхал Езачу Меттигехь лелош долчу барамехь хила деза), даьллачунна гӀуда такхаран сагӀина лерина.
[16] Цо ша хӀинццалц ца делларг дӀадала деза. ДӀадала дезачунна тӀе пхоьалгӀа дакъа а тоьхна, иза динан дега дӀадала деза. Иштта динан дас цу стага латийна къа дӀадоккхур ду. Цо гӀуда такхаран сагӀа а лерина, ка схьаоьцур бу, тӀаккха Дала а цу стагана гечдийр ду.
[17] Нагахь санна стага Везачу Эло тӀедехкина парзаш талхош, дан ца дезарг динехь, иза бехке ву, цо шегара даьллачунна жоп дала деза, ца хууш и даьллехь а.
[18] Цо динан да волчу сакхт доцу ка бахьа беза гӀуда такхаран сагӀина лерина, ахь хадийначу мехах. Иштта динан дас цу стага ларамаза латийна къа дӀадоккхур ду, тӀаккха Дала а гечдийр ду цунна.
[19] Везачу Элана дуьхьал даьллачу хӀуманна а стаг бехке ву, цундела цо гӀуда такхаран сагӀа даккха деза».