[1] Везачу Эло Мусага элира: «ДӀаала динан дайшка, АхӀаронан кӀенташка: „Шайн халкъана юкъара веллачух куьг а тохий, шаьш Далла хьалха бех ма де.
[2] Амма велларг цуьнан уллора гергарниг хиллехь – да я нана, кӀант я йоӀ, ваша
[3] я маре яхаза, цуьнца цхьаьна Ӏийна йиша – цунах куьг Ӏоттарца динан дена магийтина ду ша бехван.
[4] Халкъана юкъара муьлххачу стагах а хьакхавелла, ша бехван ца веза динан дас, сийсазвина ца хилийта.
[5] Шайн кортош дӀадаша а, мажойн йистош ларга а, дегӀ а хедош, билгалонаш ян а мегар дац динан дайшна.
[6] Шайн Далла хьалха цӀена хила беза уьш, Цуьнан цӀе сийсазъян ца еза цара, хӀунда аьлча Везачу Элана лерина цӀера тӀехь сагӀанаш дохурш бу уьш, ткъа и сагӀанаш Делан кхача бу. Цундела цӀена хилар тӀехь ду царна.
[7] Нахаца леларг а, шен сий дайина ерг а, майрачо дӀатесна ерг а яло мегар дац цара, хӀунда аьлча уьш шайн Далла хьалха цӀена бу.
[8] Динан да цӀена лара, хӀунда аьлча цо хьан Далла кхачанийн сагӀанаш доху. ЦӀена хуьлийла иза хьуна, хӀунда аьлча шу даздеш волу Со, Веза Эла, цӀена ву.
[9] Нагахь динан ден йоӀ нахаца лелахь, цо шен да сийсазвоккху. ЦӀергахь яго еза иза.
[10] Динан коьрта да шен вежаршна юкъара хаьржина ву, коьрта тӀе даьтта доттарца къобал а веш. Деза духарш тӀедуха вазвина волчу цо сингаттам гайта шен коьртара месаш низам доцуш хилийта а ца еза, шен тӀера бедарш этӀо а ца еза.
[11] Велларг волчу чуваха ца веза иза. Ур-атталла деллачу дех я ненах а хьакхавелла, ша бехван ца веза цо.
[12] Велларг дӀаволлархьама, Делан цӀа долчуьра дӀа а вахана, шен Делан цӀа сийсаздан ца деза цо, хӀунда аьлча даьтта тӀедоттарца дина долу Делан къобалвар ду цунна тӀехь. Со Веза Эла ву.
[13] Шен халкъана юкъара йоӀстаг бен шена яло мегар дац цо.
[14] Йисина йолу я йитина йолу, я сийсазйина йолу, я нахаца лелаш йолу зуда яло мегар дац цо, динан дас шена ялориг шен халкъана юкъара йолу йоӀстаг хила еза,
[15] шен тӀаьхье Далла хьалха боьха ца хилийтархьама. Иза вазвеш волу Веза Эла ву Со“».
[16] Везачу Эло Мусага элира:
[17] «ДӀаала АхӀароне: „Нагахь хьан тӀаьхьенах волчу цхьаннан дегӀа тӀехь сакхт хилахь, шен Далла кхачанийн сагӀанаш даха мегар дац цунна. Иза гуттаренна а тӀедуьллуш ду.
[18] Далла сагӀанаш даха мегар дац иштта цхьа сакхт долчунна: бӀаьрзечунна, астагӀчунна, цӀарматчунна,
[19] ког я куьг заьӀап долчунна,
[20] букъ хьала ца нислуш волчунна, лохачунна, бӀаьрган цамгар йолчунна, чераш долчунна, чкъуран цамгар йолчунна, бехке меттехь чов йиначунна.
[21] Динан ден АхӀаронан тӀаьхьенах а волуш, дегӀа тӀехь сакхт долчу цхьана а стеган йиш яц Везачу Элана тӀеван цӀера тӀехь сагӀанаш даха. Сакхт ду цунна тӀехь, цундела шен Далла кхачанийн сагӀанаш даха мегар дац цунна.
[22] Суна лерина даьхна сагӀанаш даа мегар ду цо, беза кхача я уггар беза кхача иза белахь а.
[23] Амма цу стагана тӀехь сакхт хиларна, Делан четаран уггар езачу чоьнна хьалха долчу кирхьанна а, сагӀа доккхучу кхерчана а тӀеван мегар дац иза, Сан четар а, цунна чохь мел ерг а сийсаз ца ярхьама. Уьш язъеш волу Веза Эла Со ма ву“».
[24] АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а, берриг а исраилхошка а дӀахаийтира иза Мусас.