Skip to content
Opens in a new window

[1] Везачу Эло Мусага элира:

[2] «Исраилхошна тӀедилла, даго тоьлла цӀена зайтдаьтта да алий, стогар массо а хенахь богуш хилийта.

[3] Бартбаран тӀорказна дуьхьалъоьллинчу кирхьанан арарчу агӀор гуламан четарна чохь АхӀарона стогар Везачу Элана хьалха латийна латто беза, сарахь дуьйна Ӏуьйре тӀекхаччалц. Шун тӀаьхьенашна гуттаренна а тӀедуьллуш ду иза.

[4] ЦӀеначу деших бинчу стогарна тӀехь болу къуьданаш Ӏалашбийр бу цо, Везачу Элана хьалха иза гуттар а латийна латтор а бу».

[5] «КӀен дама схьа а эций, цунах шийтта бепиг датта, хӀора баьпкана цхьа сахь дама хьакхаде.

[6] Везачу Элана хьалха гонах цӀена деши лаьцначу стоьла тӀе шина могӀарехь, ялх-ялх а дуьллуш, охьадахка и баьпкаш.

[7] ХӀора могӀарехь хаза хьожа йогӀу сегӀаз а охьадилла, баьпкан метта Везачу Элана лерина цӀера тӀехь доккхучу сагӀина хир ду иза. Дерриг а бепиг Везачу Элана сагӀина дӀаделла хиларан билгало хир ю иза.

[8] ХӀора шоьтан дийнахь исраилхойн метта динан дас Везачу Элана хьалха дахка деза и баьпкаш. Иза гуттаренна а болу барт бу.

[9] АхӀаронан а, цуьнан кӀентийн а хир ду и баьпкаш. Езачу меттехь дуур ду цара уьш, хӀунда аьлча Везачу Элана леринчу цӀера тӀехь даьхначу сагӀанех деза сагӀа ду иза царна делла долу. Иза гуттаренна а тӀедиллина хӀума ду».

[10] Исраилхойн зудчо мисархочунна вина цхьа кӀант исраилхошна тӀевеара. Церан меттамотт болчохь цхьана исраилхочуьнца дов даьккхира цо.

[11] Везачу Элана лен а, Цуьнан цӀе емалъян а волавелира и кӀант, тӀаккха исраилхоша Мусана тӀе валийра иза. (Оцу кӀентан ненан цӀе яра Шаламат – иза данхо волчу Дибиран йоӀ яра.)

[12] Царна Везачу Элан лаам хаийтталц, наха дӀалецира иза.

[13] Везачу Эло Мусага элира:

[14] «Далла луьйш хилла волу стаг меттаматтал арахьа ваккха. Цо дийцинарг хезначара цуьнан коьрта тӀе куьйгаш дахка, массо а халкъо цунна тӀулгаш кхисса.

[15] ДӀаала исраилхошка: „Шен Далла луьйш верг бехке а хир ву, ткъа цо жоп дала а деза.

[16] Везачу Элан цӀе емалъеш верг вен веза. Дерриг а халкъо цунна тӀе тӀулгаш кхисса деза. ТӀевеана стаг я махкахо Везачу Элан цӀе емалъеш велахь, иза вен веза.

[17] Нагахь цхьаммо стаг вехь, иза вен веза.

[18] Цхьаммо нехан бежана дехь, цо иза дӀатакха деза: дахарна дуьхьал – дахар.

[19] Нагахь цхьаммо шен уллорачун дегӀан меже лазийнехь, цо диннарг цунна а дан деза:

[20] меже кагйинехь, цуьнан а кагъян еза, бӀаьргана дуьхьал бӀаьрг баккха беза, цергана дуьхьал церг яккха еза. Цо кхечу стеган дегӀа тӀехь дина зен цунна а дан деза.

[21] Цхьаммо бежана дехь, цо иза дӀатакха деза. Цхьаммо стаг вехь, иза вен веза.

[22] Цу гӀуллакхашна тӀедиллинарг цхьаъ хир ду шуна тӀевеанчунна а, махкахочунна а, хӀунда аьлча Со шун Веза Дела ву“».

[23] Мусас дӀадийцира иза исраилхошка. Дела емалвеш хиллачу стагана, меттаматтал ара а ваьккхина, тӀулгаш кхиссира цара. Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара, дерриг а кхочушдира исраилхоша.

Далла Ӏамалъяр — Chapters